Меню сайта
Время
Съезд нихалоевцев
Статистика

Онлайн всего: 1
Гостей: 1
Пользователей: 0
Главная » 2016 » Июль » 7 » "ШОВДАН КОЬРТЕРА ТАРХАШ" = кху тептаран йоьалгIа кийсак
10:40
"ШОВДАН КОЬРТЕРА ТАРХАШ" = кху тептаран йоьалгIа кийсак
          Дикаберд волучуьра араваьлла цхьатерра ши къонах, адам гуладеллачу майдане вахара. Баьхкиначу хьешех бIаьрг тоха а, керланиш довза а, дехийлахь мел долу адам дара цу метте схьагулалуш.
          - Хьажахь, хьажахь, и хьалла, Гарсаца вогIу къонах, ма товш стаг ву! – Мархатайс аьлча,
          - ЙоI! Цулле а, БаIаш лаха ахь, кхин къонахошка бIаьрг а ца кхобуш – элира, Сени шена ма-гиннехь, цуьнга безам бахначу Поллас.
          - Иза-м, хаьара суна мичхьа ву. Шен ден де ден голош мара а йоьхкина, и хьалла, бIов чохь Iаш вара иза-м, - элира, шелла йоккха йолчу Поллин, хийцаелла дог-ойла гиначу йоIас.
Оцу хенахь, гергавеъначу вашас куьг ластийра шина йоIе.
          - Полла! Мархатай! Кху сан хьешана лерина, жима той ду хIотто дезаш. Шу шиъ, ледара ма хилалаш. Кху сан хьешан, дог-ойла тоян бахьанаш леладойла аша! - вашас аьлча, безамехь елакъежначу Поллас хаттар дира:
          - Кху хьан хьешан цIе муха ю? Мичара, хьанах ву хIара? – аьлла. - Сени, сан цIе Сени ю. Со, хурри ораман стаг ву. Сан Даймохк Дай-Iа-хи бу, кхузара дIа, кхаа дийнахь некъ балла юкъ йолуш говраца.
          - Бакъдуй, шу хурри махкахь беха маьхкарий, шелIанаша лачкъорна кхоьруш, чохь Iаш бу, арабовлар а, уллехь цхьа боьрша воцуш хуьлуш бац бохург?
          - И тайпа масалш, тхан махкахь хааделла дац суна. Бакъду, тхан боллу маьхкарий, муьлхха а шелIа къардийра долуш бу. Божарийн тасадаларшкахь, цаьрца цхьатерра дакъалоцурш а дукха бу тхан. – Сенис аьлча, Мархатайс забарца йоьзна кхоссар йира.
          - Божарий шайн декхаршца ца ларабалар ду и, я церан, цаьрца бала ца хилар ду иза? – аьлла. - КIезга хилар ду. Цундела веъни со-м, кху шун дехийла а. Карора ярий те суна, цхьаъ мукъне а яло йоI, - элира, забарна дуьхьала забар йиначу Сенис.
          - Хьо шиъ, я кхоъ езаш-ам вацара? – олуш, зевне озаца елаелира Мархатай а.
          - Суна-м, цхьаъ, и хьан накъост а мегара яра, - аьлла йиначу кхоссаро, Поллан юьхь цIиййина ца Iаш, Мархатайн юьхь а цIиййира Гарсах эхьхетта.
          - Сени! ХIара, сан жимаха йолу йиша ю, Полла. Ткъа хIара, кхара дийциначу шелIах цхьа шелIа ду. Куьнан дайша, Мархатай аьлла цIе тиллина кхунна, тилла хьакъ ерг кхин цIе хиллехь а, моьлкъа-суосакх аьлла.
          - Ваши! ХIинццалца, «стелахаьштиг-маса суосакх» ма яра со! – олуш, дегабааме балда оллийра йоIас.
          - Баркалла ала ахь суна, аса хьох, эхь доцу буьхьиг ца аларна, - Гарсас аьлча, мотт а гайтина, едда дIаяхара йоI, бухабиснарш бела а луш.
Цу юкъана, тIегулабала кхиъна кхиазхой а боьлура. Царна юккъера, Геланче вистхилира, ден де ваша.
          - Геланча! ГIой, Шишболате дIаала, «Бердис, ша волчу кхойкху хьоьга» алий, - аьлла кIант дIа а хьажийна, - Иза, Мархатайн да ву. Со, шу долчу Гуламе вале, Бердис аьллера соьга: «и йоI, БаIашна яло еза», - элира, Сенин лере таьIначу Гарсас.
          Дукха хан ялале, бIов лаьттачу агIонга воьдуш Шишболат а гина: «Ма сиха карий цунна иза» шен дагахь олуш, эцца тIевеъначу Туркан, Поллан Iуналлехь хьаша а витна, Дикберд волчу вахара Гарс а.
Ша чоьхьаваьлча, жималла лелош, чагIар дуттуш волчу БаIаше кхоссар йира ден де вашас:
          - Вало, вайн хьешан хьашташка хьажа, со ларалура ву кху чохь, - олуш. Аларх а ца тешаш, сиха, ламе тIоьхула чуведира БаIаш а. КIант араваьлча, ша дан лерина къамел долийра къаночо:
          - Шишболат! Аса, со суо дIа ца вогIуш, хьо схьакхайкхарна бехк ма-биллалахь. Веза-сийлахьа «ТIо-йа-Ша-ба» ву хууш верг а, сан хьоьца йолчу деган уьйран теш а. Кхолладеллачу хьолаца, схьахетарехь, вай кестта къаста дезара ду. Цу къастаро, вай кхин вовшенна гойти а ца хаьа. Къена ма вуй со. Йийцарехь бен евзуш йоцчу, «Ану-некъий» олучу цу махка дIакхалха веза хан тIехъялла велахь а, нацкъара махка дIакхалхар, тIедоьжна вайх долчу цхьана декъана. Нагахь санна, неврехьа ниIмате меттиг Iораялахь, кху дехийлан бахархой а, царна тIебуьссура бу. Хиндерг хуург, «кхолламан эни» ву. Элсий коьртехь а волуш, Ачан тIаьхьенаш юьтура ю аса, кху махкана Iуналла дан. Къанвеллачу аса, кху меттехь, нисдан дисна хIумма а дац. Амма, керлачу меттехь сан хьесап, зер эша тарало. Аса сайца, хIара Гарс а, кхуьнан доьзал а, иштта Боршан кIант БаIаш а дIавуьгара ву. Кхин цхьа ахбIе доьзал а, шайн доьзалшца цхьаьна, цу хийра махка бига лерина а ву со. Кхузахь дисар, вайн ваьрна далар ду. Юьхь йоцуш дайна дIадера ду хIара халкъ, нах-ораман ваьррашца цхьаьна цу пана-махкахь, цIенна, вайн паччахьалла ца кхоллахь. Вайн цхьа ваьр дац, кхалхар дан кечделларг. Вайца кхалхар дийра долуш бу, тахана вайна тIебиссина «Дай-Iа-хин» махкара хурри, «Къол-хи-да» махкара кулхиш, «Синуа» Iоманна неврехьа беха «арцхи» а, царна малхбалехьа беха «гаргараш» а. Иштта, неврехьа гIорта кечделла ду боху, «арран» олу, «ари» ораман дукха ваьрраш а.

          Шишболат! Хьо схьакхайкхаран коьрта бахьана ду, хьан йоI Мархатай, сан кIента, кIента кIантана магош, хьох сайн захал ван лаар. Кху боккхачу сан доьзална юкъахь, БаIаш, суна уггаре а хьомениг ву. Мархатай а, сан дагна дезаелла зудабер ду. Хьо а ву, сан ларам лаккхара болуш. Вайн барт хилахь, кху цхьана-шина дийнахь той а, ловзарш а хIотто лерина ву со. Цу сихонан бахьана, йоI Полла ю. Кхара деъначу косто боху, сан ларам болчу къонахчо, суна тIебохкийтуш бу, соьга йоI еха богIу нах-хуррин замой. И адам, кхузара кхин а дIа кхалхар дан дезаш хиларо, цара суна тIедожо тарало, кхуззахь, и гIуллакх аса дIадерзор. Вайн Iадатца иза догIуш дацахь а, аса а, цара а арадаьккхинарг, доккхачех гIуллакх хиларна, со резаву, вайн Iадат, тIех доха а ца деш, цхьадолу жимма дерг магийта. Со, шиъ ловзар хIотто дагахь ву. Цхьаъ – со волчохь, шолгIаниг, хьо резахилахь, хьо волчохь. Сан йоIан ловзар хьо волчохь, хьан йоIан ловзар со волчохь хуьлийла лаьа суна. Ахьа, хIун олу соьга? – элира, шен ойла йовзийтиначу къанос.
Ша ала леринарг, шен дас аларо цецваьккхина Гарс, бага гIаттийначохь лаьттира цхьана юкъана. И ловзаршца дерг муха ала деза, я аьлча, иза шен дена дезара дуй те бохуш цуо диъна са, ша-шаха санна дIанисделлера Гарсан.
          - Лараме Дикберд! Ахьа довзийтинарг, кху сан коьрта чу дерриг хоьуш дацахь а, со теша хьох, нийсаниг бен деш воцу хьекъалча хьо хиларна. Ахьа дина хьесап, цкъаа харц карийна дац суна, кху вайн дахаран новкъахь. Ахьа дан лериначунна, со реза ву. Со иштта реза ву, хьан хьекъал тоарна, Iадат а ца дохош со волчохь ловзар дан бина сацамна. Иштта, суна дозалла ду, ахьа цу тIехь сох болу тешам гайтар а. Амма со вохийнарг, кхин ду. Иза, сан воккха кIант а, йоI а, бахамехь накъост йолу и Мархатай, кхин гура а йоцуш, хийра махка дIаяхийта еза бохучо акъваьккхина со. Ма-мотталахь, со кху захалонна дуьхьала ву. Вац! Iаламата резаву. Амма, йоIан ирс ларош, со суо а шуьца новкъавера вара, сан боккха доьзал кегий бацахьара, жимма аьтто а белахьара.
          - Шишболат! Со кхета, хьан дагахь долучух. Хала ду доьзалхочух къаста. Амма иза, яла йоьдуш ма яц. Цу тIе, тхан новкъадовлар а, гурахь бен хира долуш дац, хиш дестале хьалха. Хьан йоIан метта, аса масех ле лура ву хьуна накъосталлина. Иштта, сан бер берех цхьаъ, хьан кхерчан Iу а хира ву. Хьан доьзал онда баьлча, йоIас, невцо кхоьллиначу бух тIевосса, атта хира дац хьуна? Ткъа иза, цкъа мацца а хила дезарг ду. Римхой, парфаш, эрмалой дийна мел бу, кху махкахь царна юкъахь дисначу вайн ламасташ, Iадаташ, дин, дахар, доь доцуш довра ду. Кху меттера вайн дахар духуш хилча, ахьа стенна сагаттадо? – къаночо аьлча, дикка Iийра Шишболат ойла еш.
Цунна, ойла ян новкъарло еш, важа шиъ а вацара.
          - Ахьа дийциначунна, соьга кховдийначунна реза ву со. Вайна юкъахь барт хилла и захало дан. ЙоI, кIант а резахира ду аьлла хета суна цу вайн бартана. Церан вовшашца йолу бераллин уьйр, безаме йоьрзар гуш, кхолламо кечдийриг хIун ду те бохуш, ойла сингаттаме яра сан. Тахана, сапаргIата ду сан. Бакъду, сан бахам юьстехьа а бу, мелла а къен а бу, сел деза той хIотто…, - Шишболатас аьлча, шен дош юкъахIоттийра Гарсас.
          - Кхана-лама, схьакхочура йолуш, Сенин ковра ю. АхбIе тIемало чухоъал гIишлош вайн а яц, уьш цхьацца кхерчашкахь дIацанисбахь. Иза дан, оьшуш а дац. Царна тIаьхьадан дезаш, даккхийра, тIемалойн четарш ду. Цхьа-ши буьйса, готталехь яккха мегара ду вай а. Ахьа, са ма-гаттаде, даар, малар, дашон ахча ду церан ковро тIаьхьадохьуш. Захало дохьуш богIурш а, куьйгаш ластийна богIура бац аьлла хета суна. Царна, ханна оьшург хьан латта, керт ю, иштта хьан цIарца доьзна доттагIалла а ду! – Гарсас аьлча, Шишболатас ши куьг дIасхьадахийтира: «Со, дуьхьала вац» олуш санна.
ШолгIачу дийнахь, маьркъаж-бода булуш, схьакъечира Сенин ковра. Цул тIаьхьа деъначу дийнахь, делкъахенахь схьакхечира хьоле загIанашца богIу Созан векалш а. Цаьрца веънехь а, цу тобанца воцу хьаша а кхечира Дикбердан кхерче. Иза вара, Гарсас вийцина «санаар». Цуьнан цIе, Шот яра.

          Созан векалш схьакхаьчначул тIаьхьа деъна ши де, кху шарахь уггаре жигаралла йолуш а, шега нийса кхин доцуш а дара. БIаьста деста хиш чуэгча, селхана, кху чIажехула дуьххьара чекхйолу махбархойн къепал, ял ца йоккхуш тIехъялийтара, кху дехийлан баьчча Алсийс, къепалхошна сагIина чагIар а, марзалгаш а йохьийтуш. Делахь а, къепалан да а, декхарийлахь ца висира. Цо, деза загIанаш даийтира, кхузарчу баьччан де йиша маре а йоьдуш, веши кIантас зуда ялош хилар шена Iорадаьлча. Кечам бечу тойнан тIаьхье а, кегийрахой а декъалбина, сиха новкъабевлира загIанаш дохьуш баьхкина къепалан векалш. ШолгIачу дийнахь, Iадато ма-маггора цIуйн дайша махбаран а, томан а гIуллакх чекхдаьккхича, ловзарш а, той даар а дIадоладелира Шишболатан кхерчахь. БаIашан, Мархатайн гIуллакх, кханенга таттийтара Дикбердас, хьешашца болчу лерамна а, адаман зовкх хьегар дахдан а.
          Шишболатан кхерча хьалха, «Чхьора-хино» ша юьстаха далале кхоьллиначу бердан йистехь лаьтта тIапа аренгахь лаьтташ дара иттех четар. Царех доккхаха долу цхьаъ, агIонаш ястиначунна бухахь лаьтташ цхьа бIе стаг охьахаалура волуш, римхойн гIенташ а, стоьлаш а яра даар-маларх, бес-бесара стоьмех, чагIарца юьзна сурилех, исбаьхьаллица кечйиначу кхийрагех йоьттина. Можа бос болчу кхабеш чохь долу шийла мохса, я сурилаш чуьра чагIар ала ца оьшуш кедаш чу а дуттий, дай болар долу лай, кхин гIуллакхаш деш хьийзара стоьла гонахьа. Юьстахо лаьттачу, чагIар чохь долу баккхийра хIоамаш чуьра схьакхоьхьаш дара, тайп-тайпана мухалла йолу чагIарш. Генайоцуш, алон тIехь а лаьттара, кхаакогаш чухIиттийна езан яйнаш. Царна чохь, кIеж яккхина кхехкаш яра, бежнан жижиган тIассаш. Дехьо, масех алонан кхерчахь, ов чекхдоккхуш цу тIейоьхкина, онда уьстагIийн чархаш яра, шайн дуьмеш тIера охьаIийдалочу даьттано, кест-кеста «чIаж-ж» олий гIовгIа а йоккхуш. ЦIелла эцна, датталуш дара церан ховха дилх. Кхевне хьожа яйа, кест-кеста кхерча Iанош дара, хаза хьожа йолчу бецин даьтта. Марош зуьзе дора цу догачу даьттин, бецин хьожанаша.
          Ша-ша исбаьхьа ала гIерташ, кху зовкхана куьг бехкениш декъалбеш, деза къамелаш а, забарш а, цаьрца доьзна деларш а дара дIадоьлхуш. Халхарша, эшарша, забаре ловзарша самукъане а, шовкъе а динера кхузара хьал. Цхьанне а тидамехь воцчо хIоттийначу рожехь, дIадоьдаш дара кху кхерчан кертахь гIуллакх даран а, тIехьажаран а, кхочушдаран а низам. Кхузахь вацахь а, Дикбердан лаам хаалора массанхьа а. «Берди резахира вац», «Бердина товра ду» аларца хаалора цу къанон хьогIе боцу Iаткъам.
          Бахархошна, лешна лерина меттигаш а яра кечйина, цу коьртачу четарна гонахьа. «Лекха-лоха» аьлла билгалдина доцуш, делахь а хIоррана шена, шен барам бевзуш хьал дара, цу майданахь олаллехь дерг. Цу ловзарган майданахь, ша цIоз санна хIайт-аьлла хьийзара, синтем боцу а, кIадлуш доцу а, цу дехийлан бераш.
          Баьрчехь Iачу стоьлан тхьамдано, шена аьрру агIонга хаийнера, хабарна тIера воцу хьаша Шот а. Шега кховдийна дош, деха ца дуьйцуш, доцца жоп луш хуьлура цуьнан. «Сийлахь хуьлда, «эни» «ТIо-йа-Ша-ба»! олий, шайн къамел чекхдоккхура декъашхоша. Цхьаммо а, иштта мохь туьйхира: «Сийлахьа, Цхьаъ волчу «энин» векал а, пайхамар а ву, и веза Iийса! Нухь, ИбрахIиман и тIаьхье, сийлахьа, беркате хуьлда дуьненна!» элира цо, мохса чохь долу кад ойъуш. Дукхаха болучара, сиха тидамера далийтира цо аьлларг, рогIерачу цIун цIе иза лерина. ТIаьхьакхиа гIертарш а бара, цу мохь аьллачунна гонахьа Iийнарш, дукхаха а болуш.
          ТIебаьхкина хьеший а, бухара бахархой а цхьацца хьуьнар къовсу ловзарш лелош меттиг а еара цу дийнахь. И ловзарш а дара нийса пха тохарца, гена гIемагIа кхоссарца, йозалла айъарца яхь къовсар долуш. Кхана-лама, гена новкъадала деза дой хахкар, ца магийра хьалханчаша. Масех, кемсийн хуталан га хьаьрчаш кхолладелла аматах тера долу, хин хершаша кхоллина и атагIа, говраш хахка шорте яцара. Цу синкъераман декъашхой вовшешца оьзда а, гIилкхехь а болуш, хьагI-гамо йоцуш, дика чекхделира цу дийнан сакъерар.
          ШолгIачу дийнахь, «ТIо-йа-Ша-ба» энин цIарах доккха сагIадаккхар а, шеца гIурбадер а долуш дIаболийра цIу-динан дайша шайн болх. Хьалхараниг волчу «энин» цIарах мах а, там а беш Iадатан хьашташ кхочуш а дина, Дикбердан бIевнна, лахахь йолчу аренгахь, Шишболат волчохь санна той даа меттиг а, ловзар хIоттон майда а, хьуьнарш къийса аре а кечйира кху хьолан дайша. Дехьа ловзаргара, дукхаха болу хьеший, кху ловзарга а баьхкира, селхана сакъийрина маьхкарий, накъостий юхагаре сатесна а болуш. Уьш, дукхаха берш кегийчех къонахой бара. Тахана, кху дийнан хьалхарачу декъехь, барчехь Iаш верг Дикберд а, Динан да а, иштта, кхуьнан хьаша Шот а вара. Зуда ялочу, куьг бехке волучуьнан, БаIашан да а, ден вежарий а болу баьчча Алсий, Борша, Дарта, цу кхаанан ден ден ваша Гарс а, цу Алсийн кIант БакIуж а, тхьамдана лахахь Iаш бара, кхечу сийдиначу нахаца цхьаьна. Бакъду, захалш тIебаьхкича, шаьш Iачуьра гIовтуш, лаххьа бевлира дукхаха берш. Коьрта захалш, сагIадоккхуш дакъа а лаьцна, делкъа хенахь, той даа долочу муьрехь юхабогIура болуш, Шишболатан кхерче дIабахара. Уьш кханенна, шайн кечамаш бан безаш а, неврехьа баха, новкъабовла безачаьрца дагабовлуш а бара.
          Хурри цIийнах волчу Шишболатан лаам кхочушбеш, масех чакхарма, кху хин лакххьа Iаш волу, «бару» олу, хиндерг хуу воккхастаг валийра кхуза, сагIа даккхале аьлла. Цуьнан цIе а, кхузарчу наха «Бару» олий йоккхура, дукха хьалха дуьйна. Цу меттехь и ваха хиъна хан, дагайогIуш яцара кхузарчу бахархошна. Цхьаболучара, олхазаран неканца, хиндерг гойту хьесапан, говзанча ву алар бен, кхин цуьнан корматаллех пайда оьцуш, кхузара адам а дацара. «Доьзткъа шо хьалха, Иберин хилла паччахь Фарнаджом а воьш, цуьнан метта эрмалойн паччахь хIуттарг хилар, и хила масех шо хьалха дIакхайкхина цо» олура наха цунна. «Цо баьхнарг кхочушхилча, цу Аршакан бекхамах ведда, кху чIажа кхаьчна ву иза» а олура. Иза, шеко йолу тешалла хиларна, пелхьуо-цIерматхуо ву алар, дукхаха догIуш дара цунна. Кху дийнан хьалхе дIакхоьхьучана тIедиллира цо, сагIина, жима Iахар хилийтар а, цхьана юкъана, майда, алсама адамех паргIата яккхар а, иштта цхьа четар хIоттор а. Цхьацца гIирсаш беара цо, шен къеначу вирна дехьа-сехьа оьллиначу таьлсаш чохь – кIуртухург, детин хIоамаш, пхьегIаш, бецаш чохь тIоьрмиг, кхийрах дина шира жайнеш, махмаран кIадий тIетесна, ши олхазар чохь долу гура-гIутакх, иштта кхин йолу хIуманаш а.
          КIуртохарца дерг а, иштта, и кIуртухург голош тIе а хIоттайой, цу чуьра араболучу кIуьран амато хIотточу суьртах хьесапдой, хиндерг олуш хилла цу «барус». Меттиган агIо йолуш хилла, олхазаро хаваэхь дечу некане хьаьжжина, хиндерг хаар а. Дийнат деле цуьнан лелар а, Iаламан хилам а, кхин тайпана хаамаш дIаязбеш хилла, хенан дохаллехь вовшахтоьхна Iилманан бух болу лугIаташ а, хаттараллаш а. Гонахьарачарна, билламе хеташ болчу маттахь яздина и йоза, цу тIера хаттараллаш, хилларг чIагIдеш а, кхоллалучу суьрте хьаьжжина, хиндерг дуьйцуш а долу, жамIаш хилла.
          Динан дас куьйгалла а деш, кхин долу дийнат сагIина доьш, Бару вара, сийсара ша болийна болх беш, дехьо шена магийначу майданахь. Цига, дIагулабеллера дукхаха берш, шайн коьртех Дикберд, Шишболат, Элсий, иштта сагIина дойъачу дийнатна доIнаш дина, паргIатваьлла динан да а волуш шайца.
          Сийсара, шена тIаьхьа, вевзаш волчу Шишболатас стаг ма-ваитти араваьлла, дикка лаьттира иза стигла ирах вирзина. Лаьтта бужачу седано бинчу некъо гайтинарг, диканан барам болуш дара. Тахана, Iуьйре дIаиккхича, седа-жайне хьаьжира иза. Цара а, диканиг хьоьхура. ХIинца, махмаран кIадий тIетесначу, гура-гIутакха чуьра ши олхазар караоьцуш, шен меракIелахь доIа а дина, и шиъ хьалакхуссуш дIахийцира цо. ЦIеххьана паргIата девлла олхазарш, стигала хьала а девда, тIаккха, аьтту агIонга дIахьевдира, ул-улле хIиттина нека а деш. «Ватталхьан! Хастам бу-кха…!» элира сапаргIата даьллачу Барус, юьхьсибат серла а долуш. Гарехь, олхазарша гайтина кхолламан сурт, тIаьхье дика хира йолуш дара.
          Кхуо ма-аллара, цу майданахь лаьтташ дара четар а. Цуьнан тхов тIехь лаьтта, юккъера нана-богIамах бихкина лаьттара, ялх батте баьлла жима Iахар. Куьйга эшарехь, баккхийчарна юкъахь лаьттачу Турке тIекхайкхира Барус.
          - Вало, Iахарна урс хьокхур ду вайша, - элира цо жимхе, хьалха ша цуьнца барт бича санна, - Iахаран чухта дIахеца. ПаргIата бита иза, - олуш, цхьацца кечамаш бан хIоьттира бару. Шен кочатесначух ша мукъабаьлча, Iахар, меллаша кIантана тIе а беъна, цуьнан пIелгаш цIубдан хIоьттира. Къаночуьнан балда деладелира. Хетарехь, зен деза дийнат кхераделла ца хилар, бакъхьараниг хилар тидира жимхас. Кху чохь дийриг гуш доцу адам, тап-аьлла лаьттара арахь. ХIинца, лаьттахь Iуьллуш бара чоко гучаяккхина Iахар. Бару, дийначу дийнатан таллам беш вара, раж ларош зерца. Къамкъарг тIера дIаволавелла, пах а, доIах а, сим а, иштта чуьйраша кхоьллина гоьрга зIе а толлуш воллачу цо, кIантана аравала бакъо луш куьйгаца ишар йира. Цо лохура, барам тIера дIадаьлла анташ, цхьацца къаьсташ долу аматаш. Цу тайпана, цхьана доIах тIехь, ерриге атарш зоьш талам бира цо. Цо лоьхура, аматашца цIуно делла, хиндерг хоийту жоп. Кест-кестта, гергахь Iоьхку экъанаш тIера йозанаш доьшура цо шен дагахь. Зер чекхдаьлча, шен куьйгах тIадийна бехчалг хьокхуш араваьллачу «барус», Iахаран аттарш юккъера яхна кескаш, йогачу цIерга кхиссира.
          - И Iахар, бер хуьлуш боцачу зударшна баабе! - элира цо, шена гергахь нисвеллачуьнга. Иза, сиха зударин могIане кхечира, цу могIанехь жигаралла совйоккхуш. Леша, четар мукъадоккхачу юкъана, шен таьлсаш чуьра кIуртухург хьала а яккхина, кхаагога тIехь, кIур туьйсуш лаьттачу хIоам тIевахара иза. Цу чуьра овгалеш, шен кIуртухургана чутесира Барус, цуьнан йистехь Iуьллучу варкъан морзахца. Гонахьа бIаьрг а кхарстийна: «Пхийтта шаре ялаза йолу, Мархатайн гергара йоI, кху четар чуйола!» аьлла кхайкхам бира къаночо, четаран неIарехьа а волалуш.
Зударин тобанна гергахь лаьттачу, забар ярна тIера волчу цхьаммо, кхоссар йира:
          - Iовдала-м хьа вац вайн Бару! Шен хьолах кхетара йолу, ша санна къанъелла къачIалг-ам хьа яц чукхойкхург, пхийттара ялаза ерг ю-кх. Маьхкарий! Воккхачу стеган баргалш юкъахь, сеттиначу пIелгах терачу хIуманах бIаьрг кхетахь, шу цеце ма-хилалаш! Массо а бац шуна, иштта! – элира цо, гонахьа лаьттарш белабеш.
          Жима йоI чоьхьаялча: «Хьайн цIе йийцал суна?» элира Барус.
          - «Томар» ю. - Мархатайца, хIун гергарло ду хьан? – аьлла диначу хаттарна, «Шича» олуш жоп делира йоIас.
          - Томар! Аса, пIелг хьала моссазза бохийту, кху сан голош тIехь лаьттачу кIуртухаргана чу, хIаваъ а ца кегош, кху чуьра бецаш тосура ю ахьа, - къаночо аьлча, йоI, мелла а раз таьIаш, цуьнан шуьйрачу пхьуьйшаш чура гучабаьллачу пIелге хьаьжира, - Хьайн садеIар мерах хилийталахь, буц кху чу моссазза тосу, цхьа гIулч юха а ялалахь. Кхеттий хьо?
          - Кхетта! – олуш, бецаш чохь йолу жима хIоам, дIаийцира йоIас.
Бару, цIаьнкъа юккъахь, жимачу истинга тIехь Iаш вара, шен голош тIе кIуртухург а хIоттийна.
Цу чуьра арабуьйлачу кIуьран амато хIотточу суьртах хьесапдой, цкъацца, пурх ластийначу куьйго хадийна кIур толлуш, ца бевзачу маттахь доIанаш дора «барус».
Оцу юкъана, арахь, забарчас шениг дуьйцуш, шена гонахьара адам деладора. Араяллачу йоIас, гIара еш волучунна хезара долуш, Барун лаам бовзийтара:
          - Хьуна, «НеIалтан энис», сардам боьллина хилар дIахаийта бахара, - аьлла. ЦIеххьана, легашка хIума хIоьттича санна, лаг лаьцначу забарчан гIара, сиха йайра. Гонахьа лаьттиначарех цхьаммо кхоссар йира: «Забарча! И сеттина пIелг хьуна гайта, чу-м ца кхайкхи хьоьга цо?» аьлла. ГIов-аьлла, доллу адам деладелира.

          ТIаьххьаре а, четар чохь хьевелла Бару аравелира. Шена дуьхьала волавеллачу Шишболатан, буйнаш диначу куьйгаш тIе, шен куьйгаш дехкира цо: «Дерриг дика ду» олуш санна, резахилла корта а ластош.
Масех гIулч яккхина, майдан юккъе волавеллачу Алсийс куьг ойъуш, мохь туьйхира, массарна хазийта:
          - ЛадогIал нах! Седа-жайнан къайле евзачу кху Барус, хIинца вайна довзийтура ду шен белхан жамIаш. Дош ала, бакъо ю хьуна лараме Бару! – элира цо, цхьа-ши гIулч нацкъара а волуш.
          - Лараме «марой»! Сур-элий! Хьомсара атагIой! Даима, стиглара эгна седарчашца, олхазаран неканца, Iахаран доIахан суьртаца Iорадаьлларг хьесапе эцначу соьга, вайн ларамечу ЦIу-Энис боху вайга: Са магаттаде! Цу «энис», шен жоьпаца гайта таралуш долу аматашца хиндерг хаа, «бару» волчу суна гайтина хила таралург. Дийначу дийнатна таллам беш, раж ларош зер дина, къамкъарг тIера дIадолийна, пах а, доIах а, сим а, иштта чуьйраша кхоьллина гоьрга зIе теллира аса. Леррина лехира, барам тIера дIадаьлла анташ, цхьацца къаьсташ долу кхин тайпа аматаш. Аса иштта теллира, олхазаро хIаваэхь деш долу нека. Сийсара, лаьтта бужу седано бина некъ а бара, аьтту агIонгара аьрру агIора божарца бина. Изза некъ гайтира, олхазарша шайн неканца а. Иза, диканна ду, ниIмате лоруш а ду. Цундела, цу сийлахьа волчу «энин» лаамца, вайн кегийрахойн тIаьхье беркате хира ю. Изза ала йиш ю вайн Поллан дахарах доьзна а. ХIунда аьлча, аса сайн ниятца цуьнан кхане а чулецира. Цу кхоллалучу шина доьзалан ирс совдоккхуш, дахар ниIмате деш, беркате тIаьхье дебаш хира ду. Сийлахьа хуьлда вайн «ТIо-йа-Ша-ба» «эни»! – олуш, шен ши буй Iарше кховдийра цо.
Майданахь, массанхьара схьахезаш бара хастаман теIамаш: «Сийлахьа хуьлда «ТIо-йа-Ша-ба»! бохуш. Иштта, хIара, сагIадаккхарца и даорца дан леринарг хастош и «эни» хьехабахь а, юкъ-юкъа хезаш дара, Дикбердана, Алсийна баркалла аларца доьзна бахархойн дика дешнаш а. «ЖамIо хIун боху!», «ХIун боху жамIо?!» аьлла, масситтамо мохь туьйхира гонахьара схьа. Кхин цкъа, ца бевзачу маттахь доIа дешна, нах-маттахь «энишна» лерина таваккал дина ша ваьлча, адаме вистхилира Бару:
          - Сан хьомсара атагIой! Шуьга ала, диканиг дац сан. Я вон ду аьлча а, со нийса хира вац.
          - И хIун ду цо дуьйцург? Цкъа дика ду олу, тIаккха со нийса вац олу. Хьийза а ца деш, ма-дарра бакъдерг схьаала. Тхо-м вон а, дика а гина нах ду, я хIумма а духура долуш а дац! – бохург адамо хазийча, Барус юхадолийра шен юкъахадаьккхина къамел.
          - Аса, дика ду бохург, вайн тахана вовшахкхеттачу доьзалца доьзнарг дара. Сайн талламехь гучадаьлларг шуьга хаийта, шу ларадалийта лерина хьахор ду. Аса ца боху вайга мацалла кхочура ю. Аса ца боху, кху махка ун хьевзара ду. Со ала гIертарг ду, вайн махкахь ханна хало хира ю, ницкъаллехь долу паччахьан цIенойн барт бохаро кхоьллина. Цу муьрехь, церан питана юккъе а ца гIерташ, шайгара рицкъаш, бахамаш кхоамаза ца дойъуш, тIаламе лелийча пайдехьа хира ду. Риман агIо ларош хилла ибераш, парфан агIонна тIетевжиначу эрмалошца эгIар бахьана долуш, кху чIажехула лела къепалш лахлура ю. Цара ло ял лахъелча, цунах тешна Iийна бахархой, кхечахьара тIедогIачу рицкъана ойла ян езаш хира бу. И рицкъ хила буьсуш берг цхьа некъ бу. ГIолехьа, ял лучу агIонгахьа ваьлла, тIом бар. ТIамо, бахамашна бохамаш бо, адамашна зуламаш до. Хийрачеран питанаш юкъа ца гIерташ, шайн даьхне дебаде. Йолах тешна ца Iаш, аша лохийла рицкъ хуьлу кхин некъ.
          - Муьлш туьйра бу цу къовсамехь? – аьлла хаттар дира цхьаммо.
          - Парфашна тIетевжина эрмалой, - Барус аьлча, кхечо кхоссар йира:
          - Вай, иберашна тIехIитта деза-кх тIаккха, - аьлла.
          - Иза, кху кIоштан хьекъалалла долчу нехан жоп ду. Аса хIинца, сайна цу цIуша гайтинарг хьахора ду, кегийрахойн дахарна сагаттадеш болчу дай-наношна, - элира Барус, кхузахь айъана чурхе, ша диначу дIахьедарах пайдаэца кийча йоцийла а кхетта, - «И веза, Сийлахь волу «ТIо-йа-Ша-бас» хьесапан некъаца, соьга схьахьединарг ду, и хьалла лаьттачу «Пархаран» лам санна, де-дийне мел долу а сий айъалуш дахар хира ду кху шина йоьIан а кIентийн а. Кху муьрехь, и Веза-Сийлахьа «эни», цу Сийлахьа йолчу «Ба-га-Ма-стуца» вовшахакхетара ву. Цу Сийдолчу «Ба-га-Ма-стус», шен безаман асар, «ТIо-йа-Ша-бан» даге кховдош, и шен ховха куьг, цуьнан куьйса бесни тIе хьокхура ду, хIара Iалам ниIмате дан, шена накъост хилар доьхуш. «ТIо-йа-Ша-бан» буьрса дог, боддина цIаста санна лелара ду, «Ба-га-Ма-стун», безаман алу ца лайна. Цунна теш хира ю, «хьекъаран, безаман эни» йолу «Ша-ву-с-ка». Кхана, кху бIаьстенан беркатечу дийнахь, Мархатай цIе йолчу йоIан дегIах кхолладелла са, цунах дIакъаьстара ду исс бутт баьлча. И са ду, доккхачу ваьрран да хира волу вампIал-кIант. Иза хира ву ка йолуш, ирс долуш, «эни» санна сийлахь волуш. Амма, цуьнан дахар, кху махкахь ца го суна. Суна гург лам бу. Бац! ШатIулгах дина таж долуш, суна гург ду «энин» сурт. Амма, суна вевзуш вац и «эни». Цуьнан амат а гина дац суна, кху дийне со волуш. Иза, ша-тайпа ду. Цу вампIал-кIентан гIарол хилла лаьтташ ву иза, шеца Iуналла долуш, семалла йолуш. ШелIашна, цуьнан сибат хета къемате. Лаьмнин бIаххьашкахь ловзачу мехаша, хазадо исбаьхьа мукъаман аз – «Дела-а-а»! И бохург хIун ду? Иза ю, хIинццалца, цхьанне а гина йоцу Сийлалла! Хастаме хила хьо! Хоийла шуна! Вайн кегийрахойн, церан хира йолчу тIаьхьенин сийна, гIурбадер тIедоьжна вайна. Цхьанне гина йоцу и Сийлалла! Цуьнан, озабезам ма эшабойла вайна! Сийлахь хуьлда иштта, вайн «ТIо-йа-Ша-ба»! Декъала хуьлда, цкъачунна билламе волу, БаIашан тIаьхьенин «эни»! – олуш, шен къамел сацийра Барус, адаме шен кийра бассабайта.
Адаман гIара малаелча, Дикаберд а вистхилира:
          - Кху Барус ма-бохху, суна, кIента, кIента, кIентан кIант вахь, цуьнан цIе хира ю Каирсан. Иза, ка йолуш, ирс долуш, «эни» санна сийлахь волуш хирг хилча, цуьнан коьрта вастин кхетамаш: «Ка», «Ирс», «Ан» чубехкина цIе тиллар, кху Барус хьахийна, амма гина воцчу цу «энина» а, хIайбате хира ю аьлла хета суна. БаIашан Каирсан а, адамашна, яккха атта цIе а хира ю! – элира къаночо, гонахьа лаьттачара цхьатерра: «Маьрша вогIийла, декъалла войла и вампIал Каирсан!» олуш маьхьарий а хазош.
          - Лараме Бару! Цу сан йоIах, Поллах лаьцна хIун олу ахь? Цуьнан ирс мичхьашха лелара ду. Мичхьа а, маца а кхуьура ю иза, цу шен ирсана тIе, кху деношкахь иза, «Тхо-Iа-хи» олучу кху Даймахках йолуш хилча? – юха а хаттар дира Дикбердас.
          - Полла! Кху деношкахь новкъа ера яц! Иза, хьан кхерчахь юьсура ю. Хьан новкъабаьллачу къепалан кхерчахь, цо, йоI йийра ю, цу Малхаца хазалла къуьйсуш хира йолу. Цуьнан Даймохк хира бу, цу лекхачу лаьмнин кхийрахь. Цу Везачу «энис», тахана аса биначу балхаца гайтина суна, ахьа хIинца цIе тиллиначу Каирсанан а, Поллин йоIан а йоза цхьана яздина хилар. Цу шиннах хиллачу турпало, кху чIажа, серло кхачорг хилар а хаийтина суна ницкъаллехь болучара. Сан къамел чекхдела. Кхул тIаьхьа, вай кхин гура дац. Хетарехь, сан оьмар а чекхъели, - олуш, когаш чуьра са дIадаьлла къано, шена гергахь лаьттачуьнан белшах гIуртуш, меллаша охьавахара, адамашкара дагахьбалламе мохь боккхуш.
Ницкъ хилла къано, кегийрахоша барми тIе а виллина Дикбердан гIопе ваьхьира, уллера волуш Шишболат а воцуш. Иза, лахарчу гIатти чуваьккхира цара, цуьнга паргIата садоIийта.
          Майданахь висна ши хьаша а – Созан ши векал, цецваьлла, хаттаре волуш вовшашка хьаьжира. Сийсара, кхаанна юккъехь хилла къамел дара цу «барус» хазийнарг. Сенин, кху шиннан барт хиллера, ханна, Полла шен ден баьрчехь юьтура йолуш, «Со-Вани» махка бахна Сенин бIо юхаберззалца. Цара леринера, шина-кхаа баттахь цу махкахь бух а нисбина, шен нускалца иза Даймахка юхавоьрзура волуш. Цул совнаха, цу шиннан хира йолу йоI, шен нена вешин кIента, кIентан кIанте маре гIура ю бохург туьйра хетара царна. Амма шаьш леринарг Iора а даккхалле, цхьаа юкъ йоцчу къаночо довзийтар, иза туьйра дацара. Кхин цкъа а ойла йира цара, ларамаза, шайн кхааннин къамел хаза таралой хийрачарна аьлла. ХIа-хIа, хезийла дац! Иза, «энин» биллам бара, «баруна» схьабиллина. Хьалхара ши мукIарло хила таралург делахь а, и тIаьххьараниг, адамашна хеттера туьйра. Цундела цара, иза, сиха дицдира.
          Шишболат а, барам бохьуш баьхкинарш дIа а бахийтина, кхетамчохь воцчу Баруна уллохь Iаш вара Дикберд. Кора йисте охьавиллиначу Барун юьхьсибат дика гуш дара кхунна. «Кху бехачу муьрехь, лулахь ала мегара долуш ваьхна хIара сан нийсархо, вевзаш ца хиларо, боккха эшам бина сан дахарна. Шеко а йоцуш, доккхачу хIумано, дакъа делла стаг хилла хIара. Ма дукха хIума лура дара аса, хьоца дагаволуш цхьа де мукъне а дакхха» бохуш, цунна тIехь, цуьнга хьаьжжиначохь бIаьрг сецна Iара Дикберд. Цхьана юкъана, цуьнан бIаьранегIарш, тохалуш санна хийтира къаночунна. СадоьIуш ву вац хьажа, цуьнан бете лерг даьхьира цо. СадеIар хезаш дацара. «Велла-м хира ма вац хIара» олуш, ойла хьаьдира цуьнан коьрте. Кхоу корта хьалаайъича, Барун бIаьргаш диллина дара. ЦIеххьана уьш гина кхеравелачу Дикбердас, шен корта аркъала кхоьссира.
          - ЭхI! Хастам бу-кх хьуна, сан Веза «эни»! Бару! Муха хета хьуна? Сан дог дохийнера ахь. БIаьргашка хьаьжча, сиха меттаван мегаш ма ву хьо? – кхуо аьлча,
          - Вац! Малх дукъал дехьа баьлча, цуьнан еха зIаьнар тIаьххьара къега, боданан кийра ша йоьрзуш. Суна йиснарг, хьоьга алаза диснарг, дIааллал бен хан яц. Эрана йойъура яц вай иза. Дикберд! Ахьа арадаьккхинарг, вайн ваьррашна беркате хIума ду. Амма дукхаха берш, хьох кхетара бац. И тайпа ваьрраш, хенан йохаллехь юьхь йоцуш довра ду, тахана шаьш дехачу мехкашкахь. Бакъду, церан тIум лелош хира ду, кху шина хIорда юккъера дукха ваьрраш. Хьан оьмар чекхьяла диснарг, пхи шо бен дац. Хьан йоIан кхоллам, кхоччуш, суна билгал ца бели. ЙоI, хьайца дIайига, - аьлла цкъа саца а велла, юха, шен цIена къамел долийра цо, - Наха, суна, пелхьуо-цIерматхуо ву олура, со хилла воцушшехь иза. Аса а, вайн бу бохучу «энин» цIарах къамелаш дора. Цкъаа, ас уьш, къобалбина бац. «Бару» цIарах, цхьацца моттаргIанин кеп лелайора аса, кхин дерг лелийча, адам сайх тешара доцун дела. Цкъацца, суна схьаделлалора бух боцу Дуьне. Суна бевзуш бац, и Iаткъам, сан дегIана, кхетамна беш болу ницкъ. Амма иза, барам боцу Iаламат хиларх теша со. Цу ницкъан, цхьаа дазо дац. Иза, суна гуш а бац. Цуо, дийца, гайта амат доцчу, дIакхойкхуш ву со. «Хьан дац хIара дуьне!» бохуш санна хета суна, сан лергашни бен, кхечарна хезаш доцчу, ша-тайпа озо.
          ХIора ваьррин цIарах, вай, ваьшша кхоьллина и «эни», вайн кхетаман тайнигаш ю хьуна. Бакъ волу «Эни», кхин ву. Иза гуш вац, амма цуьнан Iаткъам бу вайна мел гучу, хезачу, хаалучу хIуманца. Иза ву, кху Дуьненан, ХIал кхоьллиначу Iаьршан Да а, Эла а. Важа дерг, цхьаа хIума дац хьуна. Кху дийнан бехке кIант, хьан гIуллакх дакхоьхьург а, хьан халкъан дукъ тIеэцнарг а хира ву хьуна. Ахьа цунна хьеха, Боккхачу ломахь туш тохий орам таса алий. Аренгара дахар, ханна леладе ала цуьнга. Аренан адаме бен лалура яц хьуна и пана аре. Цу аренан адаме а, иштта лалура дац хьуна, ламарочуьнан дахар а. Сан кху дуьненчохь вахар, бIаьрла ца хилла. Сан дIавахар а, хира дац бIаьрла. Аса хьуна доьхку, тахана, ирсе дахаре сатесначеран де ца макхдар. Тахана сан рагI ю, пхи шо даьлча хьайниг тIекхочура ю. Пхи шо, кху дуьненах Iехавелла воцчунна, бIаьрганегIар туху юкъ а яц. Со, ной чувилли къайлаваккха. Кхана, я лама цхьанхьа дIатаIавойтур ахь со, хьайн лешка, - аьлла, цкъа са чу а оьзна, меллаша дIахийцира цо. Цуьнан цIена леро, дегайовхо елла Дикберд, Iехавеллачохь витира Барус. Меттаха ца волуш, гIевно лацча санна Iаш вара иза, кху хиллачуьнан хьесап дан ца луш.
          Дикка хан яллера. Арара схьахезаш дара, сакъоьрачеран аьзнаш а, эшарш а. ТIаьххьаре а, хIара кхоьртаха ваьккхира хьешаша а, кху дехийлан бахархоша а. ГIопан неIарехь, хьашташ кхочушдан дезахь а бохуш лаьттачу лега, хаттарш дора, неIаре веъначу цхьаммо: «ХIинца а аравалаза ву иза? Бару, кхетамчу веъний?» бохуш. Лен дийца хIума ца хилча, ша хьажа, неI йиллира веъначо. НеIаран кIажа цIевзича, синкхетам меттахIоьттина Дикберд, доккха са а даьккхина ирахIоьттира. Оцу хенахь тIехьа тIехIоьттиначу Шакурна, Бару велла хилар дайра.
          - Шакур! Веллачуьнан тIаьххьара лаам кхочушбан безаш ву, муьлха а жоьпалла долу стаг. Кху Барус вайна дихкина, шен валар Iорадаккхар. Аса хьуна тIедуьллу, кхуьнан дакъа къайладаккха. Цу майданера кхуьнан гIирс, Шишболате, ша волчу дIабахьийта ала. Иштта, ахь цуьнга ала: «Бару, дIавахара. Шен гIирс дIабахьа, ша юхавогIура ву» элира цо, алий дерзаде, цуьнан а, нехан а хаа гIертар. Хьо, кхеттий сох? Аса, лега, кху чу стагга а ма ваийта эра ду хьуна: «Баруна, новкъарло ца яйтархьама» аьлла бахьана а хIоттош.

          Малх, делкъанга баьллера. Дикберд, синкъераман майдане дIакхочуш, Гарс вара, кегийрахошна цхьацца тIедахкарш деш. Кхуьнан нийсархой а, верасаш а, цхьана четар бухахь сакъоьруш Iара. Шен доьхна дог чIагIдеш, коьртера ца оьшу ойланаш дIаяха корта а ластийна, шуьйрра ког боккхуш четар кIелавелира, гуш лаьтташехь хийцавелла Дикберд.
          - Хьо ма хьевелла? Бару метта веъний? – аьлла, хаттар дира, цараллехь, уггаре а сингаттаме волчу Шишболатас.
Оцу хенахь, къамел деш вара Гарс:
          - Хьомсара атагIой! – элира цо, бахархошка тидаме кхойкхуш, - Керла кхоллалучу доьзалан сийна лерина, вай, той даарца цхьатерра, дIахьура ду йохьалла, хьуьнарш гойту ловзарш. Кху майданахь, вайн бахархошна къовса хьуьнарш билгала дахий вай кхаж тосуш? Уьш, хIун къовсарш хира ду? НийсалгIа Iад кхоссарца; дитт а, юьхьигаш а аьрта йолчу таррашца, туьрсаш йолуш латар; ширдолагца, нийсалгIа тIорц кхоссар; говр лекха а, гена а кхоссаялийтар; йортехь юм эцнаюьдачу говра тIера нийсалгIа Iодан пха тохар; гонаш билгалдаьхначу гIокхана гIемагIа кхоссар; хаьхкиначу говрахь, зIимарган «корта» туьрца атар; нийсалгIа урс кхоссар; гIаш гена а, сиха а вадар; охьатохарх латар; йозаллаш айъар; иштта цу могIара долу кхин тайпа, доьналла гойту шардаларш гайтар. КIентий! Кийча дуй шу, яхьалла къовса? – элира, цу ловзарин коьрта кхелахо хаьржиначу Гарсас.
«Ду!» бохуш, самукъадаьллачара маьхьарий деттара.
          - ТIаккха вай, вайн хьоме долчу нускале, готта бертиг йолчу хIоам чуьра пхи кхаж хоржийтара бу. Сацкъаран кхаьжнаш тIехь, я овгал 2 тIехь, терахь билгалдеш даьккхина хIост ду. Масала, кхаж тIехь ши хIост делахь, кху сан цIейозано билгалдина хьуьнар, къовсаме дуьллура ду вай. Иштта, пхи хьуьнар къастора ду вай. Шу кхеттий сох? Кхеттехь, схьа тIедаладел вайн нускал! – элира Гарсас кхаж баккхар долош, - Соьгахь йолу жур 3 санна ерг, вайн къанойн стоьла тIе а хьо, озабезам бина ца бахийта. Динан да! И жур ахьа латто еза тидамехь! – элира цо, тIедалийначу нускална, дан дезарг хьеха волавеллачу Гарсас.
          - Декъалле хуьлда вай нускал! – бохуш, юкъ-юкъа маьхьарий деттара, къовсабала лериначара а.
Кху дезачу денна лерина дийначу, гIурбанан сагIех яхна жижиган кегийра кескаш цIерга а кхиссина, хьожа йогIу даьттанаш, бецаш ягош кIур а баьккхина, Динан Да а шен шуьне охьахиара. Вотанца, кхелахочуьнан болх роже берзийна воллура, Шишболатан хьешех волу цхьаъ жимха. И болх, селхана, дика карабирзанера цунна.
          - Вайн нускало, ворхI хIост долу овгал яккхи! Ткъа жур тIехь билгала даьлларг ду, «гонаш дехкиначу гIокхана, гIемагIа кхоссар». И гIемагIа, ахбIе гIулч генара кхосса еза. ГIоьнчий! Аш кечамаш бе, гIакх хIоттош. ХIинца вай, нускале шолгIа овгал хоржийтара ю. Мархатай! Хьажал хьайга хIун яккхало! – нускало, ша баьккхина кхаж гайтира кхелахочунна.
          - Хьо, айхьа ден дерг дина ялла, схьало кхаж! – элира, забар ян дог догIачу марзхочо,
          - Исс хIост! Журо хIу магий? Дера боху вайга, гIаш гена а, сиха а вада веза. Нийса бохий ас Динан да! Дика ду. Билгалдан деза цхьа хIума. Иза, дуьххьара, къовсархо сиха водура ву. Цул тIаьхьа, жимма са а доьIна, гена водура ву. Бовдурш, цхьатерра дIахIотта, итт къовсархо хила веза. Иттанал уьш совхилахь, вай царех ши тоба йийра ю. Цараллехь тоьлла шиъ, юха а къовсалура ву. Кхеттий шу? – бохуш, ишттачу рожехь, кхин кхоъ хьуьнар билгалдаьккхира Гарсас.
Самукъадаьллачу адамаша забарш йора вовшашца къовсабала лериначара а, хьовсархоша а.
          - ГIоьнчий! Къовсарш дIадахьа майда кечъел, цкъа аса, цхьа-кад чагIар молачу юкъана, – Гарсас аьлча, зударийн могIанна, гергахь латта Iеминачо забар йира:
          - Кхелахо! Дагардан хаьий хьуна? Галавалий, пхи-ялх кад ма малалахь, - аьлла.
          - Кюрк! Сан гIоьнча ледара хета хьуна? Тхан гергарло, со галаволийтура ду моьттуш-ам вац хьо?
          - Дера ца моьтту, ледара хиллехьара, со ма хоржура вара цо, цу хIоам чуьра овголаш сайниш ю моьттуш, - аьлча забарчас, гонахьа лаьтта адам, гIов-аьлла деладелира.
          - Ма кхерам бацара цунна тилаяларна. Хьан декхарш тIеяздина и овголаш, шайн шогаллица, куьг ма-Iоьтти евзура йолуш ма ю, - элира, и Кюрк боху цIе шеца алсама йогIу, дух шуьйрачу зудчо.
          - Ма хала дара уьш караян – олуш, вовхатарна гIонна еъначуьна шоралла гойтуш, забаре кеп хIоттийначо.
Адам, юха а гIаддаха деладелира. Оцу хенахь, вота а, пондар а дийкира, адаме халхаре кхойкхуш. Забаре ялла зуда-жеро, Кюркана гонахьа хьевзира халха ваккха дагахь, гонна юккъе пIелг а хьажош. Юьхь ийзочу виран, юхагIертаран сурт гойтуш, забар хIоттийра Кюркас а. Хьуьнарш къовса, цхьаболучара кечамаш бечу юкъана, кегийрахойн хьогалла ойъу хелхарш а доладелира.
          - ХIайт яI! И хьалла лаьтта дукъ харцадан! - олуш, мохь туьйхара цхьаммо.
          - Цкъа аса, и хьаллара йоI юкъаяккхалца, уьш херцор тIаьхьататталахь! – элира, халхар дан юкъаволачу шолгIачо.
Къамелаш дан юкъа хан ца юлийташ, Гарсан ишаран буьйр гина, халхаран йиш лекхира, кичча Iаш болчу зурманчаша, вотанчаша. Шаьш Iачуьра хьала а гIуьттуш, гонна дIахIиттиначу кегийрахоша тIараш детта долийра. Дехьарчу четар бухара, шайн тхьамда хьалха а йолуш маьхкарий а тIебаьхкира. Уьш богIуш байначу божарша шайн го хадош, маьхкаршна, цхьа агIо мукъайитара. Цу заманчохь, шен йоца маIашца ловзу сен кIорни санна, меженаш каде дIасхьа кхуьссуш, тIаккха дIаьндарг санна хьевзий бохь бугIуш, гонна юкъахь хьийзаш вара цхьа жима стаг, кхин берш иракарахIиттош. ГIургIезо дIасхьа бахийтина ши тIам санна, мела шен куьйгаш а лестош, гонна юкъаелира цхьа безамехьа йоI. Иза гиначу кIантас когаш шаршош, экхана теба лом санна цкъа хелхаран кеп а хIоттийна, тIаккха и кеп хуьйцуш йоIана тIеволавелла, цхьа куьг хаьнтIе хIоттош дIахIоьттира. ТIейолаелла йоI, корта таIош цунна хьалха цкъа дIа а хIоьттина, тIаккха ког шаршош юха кIегарялла гонна яхара, шен хаза куьйгашка хIаваэхь дай нека а дойтуш. Кхоссавелла кIант коган баххьаш тIехIуттуш а, йоIас юха кIегара халхар дечу юкъана а «у-да»4 пондаран аз, халли бен хезаш дацара, къора етташ санна ека, цхьа воти бен йоцуш. Цара дийриг, аьрзунан, кхокхан халхар дара.
Бакъду вуьшта, самукъанечу зевне аьзнаша, и майда екайора.
 
ARZU-KKOKKA.png
 
          Элий, сурхой, хьолахой Iачу коьрта четарехь, шен хьеший, захалш болчу метте, ша стоьла тIе ма-варра, охьахиъна Iара Дикберд. ХIара тIевале билгалвина тхьамда вара, кху меттера Динан да волу Маккхал. И цIе, цуьнан мара бахьана долуш тиллина яра цунна, чимчохь дуьйна. Шегара меттиг кху Дикберде схьаяла гIерташ, дикка гIовгIа айъанера цо кху стоьла тIехь. «Сан, дукха Iен йиш яц шуьца, цундела, шаьш Iаччахь Iе» элира къаночо цаьрга. Захалех цхьаммо а, кхуьнга, шегга къамел дан лаам хилар хаийтара лохха. «Сан а ду, шу шинга дан къамел. Вайн къамелан и чурхе, цхьаъ хила таралуш ю» элира цо, иза, синпаргIата хилийта.
          Оцу хенахь, «мармаран хелхар» дара кегийрахоша деш. Виъ, кхоъ, шиъ, цхьаъ вовшенна белшаш тIехIоьттиначу къонахоша, мармаран сурт хIоттош, йиъ гIатти кхоллинера. Го бина лаьтта и къонахой, гонна хьийзара. Цу мармарна лахахь, «кхокха-аьрзунан халхар» деш дара кIант, йоI. Вотано цу шиннан лелар нисдина делахь, «мармаран хелхарна» лерина вукхунна новкъарло еш йоцу йир яра локхуш. Аьрзонан кхокхан барт тайна, церан болар «мармарна» лериначу эшарца цхьанадеъча, го бина халхар дечара и го хадош, цу гон ши тIам цхьана могIане нисбира. ЙоI, кIант цу шина тIеман йисте даьлла сецира. Бухахь лаьттина къонахойн могIа, меллаша ах дегI хьалха охьатаьIира, шайн белшаш тIехь лаьтта могIа, лаьтта боссар тIедожош. Цу кепара, цхьана ала мегара долуш, амма раж ларош лаьтта боьссира важа биъ могIа а. Иза, Iаламата лаккхара говзалла ю. Шина йисте дIахIоьттина хилла кIант, йоI, цу лаьттахь кхоллаеллачу жутан юьххье деъна дIахIоьттира, цаьрца хIорранца хелха елира иза.
          Мармаран и жут лаьтта юссуш, адамера даьлла «ЭхI!» аьлла аз, цу кегийрахойн мах хадош, даггара дара. Цу арахь цхьа а ца висара бен ца хеташ. И, тамаша балла долу хелхар чекхдаьлча, рогIера малар кад ойъуш хьалагIаьттира, дош ала лерина, кху дехийлан баьчча волу сур-эла Элсий а.
 
MARMAR.md.png
          
          - Нах! – аьлла, дукхачеран тидам шена тIеберзийра цо, - Хенан ширалло кхоьллина, шира бух болуш бу «Нах» олу кхетам. Иза бу, вайн халкъан бух а, цIе а, вайн халкъан кхане а. На-Х! – аьлла тиллиначу цу цIаро чулоцуш бу, иштта онда чулацам болу ши кхетам «На» а, «Х» а. «На», я «Нана» дош, вайн кхетамехь сте, зуда, вай дина вайн наной бу. Цул совнаха, цу дашан кхин цхьа кхетам а бу. Иза, «Юьхь», «Юьхьиг» бохург ду. ШолгIа дош ду «Х». Вай цу дешдекъан чулацам, «Хехо» бохачу кхетамца нисбан тарало. ХIа-хIа, иза иштта дац! Цуьнан кхин чулацам бу. Хьажал, мила ву хе хуттарг? Боьрша стаг ву. Вай цкъаа, зуда хIоттайой ха дан? Ца хIоттайо. Иза иштта делахь, «Х» олучу дашо билгалвинарг, боьрша стаг ву. Цунах вай, «Ма» а олу, цу Iаьршан «энишца» цуьнан сийлалла нисъеш. Вай олу «адам», «А-Да-Ма». Цуо гойту, массо а хIуманан Да верг, и «Ма» хилар. Иза ву, изза «Х» а, вуьшта хехо а. Иза а бу вайн халкъан бух.

ССЫЛКАШ:
пелхьуо-цIерматхуо 1 – гIазкхашха аьлча, маг-огнепоклонник.
Овгал 2 - гIазкхашха аьлча, «глиняный шарик».
Жур, я цIейоза 3 - гIазкхашха аьлча, «список».
пондар, «у-да» (ворхI мерз болу «у-да» пондар, гIазкх., «владелец доски») 4 - «Шина хин юккъера» пачхьалкхин (Шумар, Вавилони, Митанни, Ассири, Урарту, ишт.кх.дIа) мукъаман культуро, ширачу оьмаран III-I-гIа эзар шарашна юкъахь, луларчу Азин, Африкан, Къилб Европан культурашна Iаткъам бина. Ширачу оьмаран, III-гIа эзар шарашкахь, Месопотамин латта тIехь дIасхьабаьржа Iодан амат долу пондарш (арфа) а, цу могIара гIирсаш а, шайна юкъахь болуш «Уд» пондар. Динехь а, паччахьан цIийнан дахарехь а, лаккъхра тIегIа йолуш хилла мукъамца доьзнарг. Социальни иерархехь, цIу-дели, паччахьаш дIабевлича, кхозлагIа тIегIа пондарчашкахь хилла. Цундела, аьрда-цIийнан исбаьхьалалле зазадаьккхийтиначарех хилла динан-пондарчаш. Месопотамерачу бахархойн кхетамехь, мукъаман аз, тамашийна ницкъ болуш хилла («Ис-тIара» цIун миф). Вайн шира дайшна хеташ хилла, «У-дан» бекар, корта лозучарна дарбане а, дархочуьнан карзахалла меттаялош а. VIII-гIачу бIешарахь, Испани махка мавраш хьаьлхиначу муьрехь, цу махка кхаьчна, мелла а хийцабелла «Уд» пондар. Цу заманчохь, «Iарбойн Уд» олуш хилла цуннах. Испанцаша, «лауд» (цу цIеран ши кхетам бу «ла», «уд»; гIазкх., «слух+владелец доски») аьлла цIе тилларна бехке, цигара «ибераш» хила а мега. «Иджаритан» (гIала «Иджарит», Сийрера, кхузаманан Рас Шамра) зайл-йозан экъанан, биллам схьабиллича гучадаьлла, Месопотамин зуьретна бевзуш хилар ворхIъозан а (ворхI мерз), пхеаъозан а (пхи мерз) мукъаман могIа. Цуьнан, хетарехь долу бахьана ду, Месопотамин культура дукхачу хьолахь кхоллаялар, седа-жайнан Iилманан Iаткъам хуьлуш. Къаьсттина ладамениг хилла, терахь «5» (цу муьрехь девзачу седа-дуьненаш а, адаман синхаамаш а, ишт.кх.) а, терахь «7» (кIиран ворхI де) а.

 
Просмотров: 1853 | Добавил: erzu | Рейтинг: 5.0/6
Всего комментариев: 0
avatar
Музыка
Календарь
«  Июль 2016  »
ПнВтСрЧтПтСбВс
    123
45678910
11121314151617
18192021222324
25262728293031
Назам
Адин,Сурхон илли