Меню сайта
Время
Съезд нихалоевцев
Статистика

Онлайн всего: 1
Гостей: 1
Пользователей: 0
НАЗИДАНИЕ ВНУКАМ И ИХ РОДИТЕЛЯМ - ТИТУЛ ВТОРОЙ ЧАСТИ
Просмотров: 1735 | Добавил: erzu | Дата: 31.12.2018 | Комментарии (0)

002.jpg
Просмотров: 1359 | Добавил: erzu | Дата: 01.06.2018 | Комментарии (0)

Кху чурхен суьрташ, кепаш
BEZYMYNNYI.jpg

007.jpg
... Читать дальше »
Просмотров: 2074 | Добавил: erzu | Дата: 26.05.2018 | Комментарии (0)

Суна везарг ву: тешар дерг; ненан мотт бицбина воцург; дайн ламасташ лорург; бакъ орам лоьхург; шен халкъах дог лозург; Iожалла тIеэцна а, сий ларориг; Даймехкан сибат дайча, дог асаре хуьлуш верг; иштта, дохко ваьлларг а.
 
БИСМИЛЛАХIИРРОХЬМАНИРРОХЬИЙМИ!
«ЦIийн аз, боданехь»
ХIара тептар аса яздина, сайн деца АбусаIидаца, ненаца Зулайца болчу безамна а, тIекхуьучу тIаьххьенна эс дита а.

«Соьгахь долу Iилма, вешшехь хилла дац. Иза соьга кхаьчна, сан безам хиларна ширалле, ас чIогIалла гайтарна Iилма Iа ... Читать дальше »
Просмотров: 1944 | Добавил: erzu | Дата: 26.05.2018 | Комментарии (0)

ТIехширалла а, цуьнан оьмарш а.

            И масех миллион шераша лоцу историн зама, юькъура ю вай ворхI декъе. Цуьнан деа дакъана, къинхьегаман гIирсаш биначу коьчалан цIарах цIе туьллуш - «кхеранан», «цIастан» (езан), «варкъан», «Iаьржа эчиган» аьлла. Важа дисна кхо дакъа, билгалдоккхура ду вай, оьмаран (хенан/хан) цIарах декъар хира долуш - «шира дуьне», «юккъераоьмаран зама», «кхузаманан оьмар» аьлла. Хенан дохаллехь адамо яхна, дахаран гIулчаш, цу цIарашца билгалйохура ю вай:
           < ... Читать дальше »
Просмотров: 1331 | Добавил: erzu | Дата: 26.05.2018 | Комментарии (0)

 

Ширачу дешан биллам схьабелла, дохо деза гуран догIанаш.
 
           Ширазаманчохь кIоштана, ваьрна, халкъана, йа хиламна, луш йолу цIе, масех кхетам цхьана даша юккъе а балабой, и кхетамаш вовшаха эбой луш хилла. Цундела, цхьаа хало а йоцуш, нах-меттан аларшца, цу шира цIерашна чубехкинчу кхетамин маьIна а, биллам а схьабелла аьтто болуш ду вай – нах-меттан ваьрраш. Эзар, бIешерашкахь «ширакавказхой» нацкъара а туьттуш, тIеихначу хийра халкъа ... Читать дальше »
Просмотров: 1954 | Добавил: erzu | Дата: 26.05.2018 | Комментарии (0)

.
            Цу Кавказан йистера, Загросс лаьмнашкахула, «Дияла» хи тIекхаччалца охьа а еъна, «Тигр» хин гечоне йоьссина хила еза прашумаран и макротоба а. И адам меттахадакхха хIоьттина бахьана, лакхахь ма-аллара, хила тарало Iаламан хиламашца, хийцамашца доьзна.
            «Анатолехь» даьхна «хатта» халкъ хийцадаларан бахьана а, цу Iаламан хиламашца дуоза деза моьтту суна. Дуьххьара и макрохалкъ (хатта) хилла ши дакъа долуш: аренхой – «хатта»; ламарой – «каска». Билгалдаьллачех ду, кхузаманан «абхазо-адыган» халкъаш (малхбузен къилбседакавказхой) кхоллина прадай, и «каскаш» хилар. Аренхой хилла «хатташ», юьхь йоцуш дIабоху тIедеъначу расо шех тардар (ассимиляци) бахьана долуш. Царех хуьлу чIаьнкъадирзина халкъ «хетти».
    & ... Читать дальше »
Просмотров: 1744 | Добавил: erzu | Дата: 25.05.2018 | Комментарии (0)

 

*[1] «ХIай нáх! ... » – Вайнеха матте дерзош, Къуръанан аяташ гочдархоша аьлла ду «нах», (сан хьесапехь) «адамаш» ала дезачохь. Цхьана агIора, цу шираллехь «нах» алар нийса нисделлехь а, кхузамано гочдечу кхетамца догIуш дац цу чудиллина и маьIна. «Нах» дешан метта «адамаш» аларца, аса тIедуьллу хийцар, Деза Яздар гочдечара, харцхьа даьккхина и маьIна.


... Читать дальше »
Просмотров: 1335 | Добавил: erzu | Дата: 25.05.2018 | Комментарии (0)


            Цу «къилбседакавказхошний», «къилбкавказхошний» юкъара хьосто кхоьллина ду «кура-араксан», «нах-урартуойн», «нах-кулхин», иштта «таршиш» юкъабогIу меттанаш а, церан и ваьрраш (тайпанаш) а. Вайна ма-хаъарра, цу хьостан гаьнгали хилла «Къилбкавказ - Арарат-лаьмнин онда доьзал» беха, «Кавказ-Арарат лаьмнин къепе» кхоьллаелла кIошта (цу юкъахь бац эрмалой, жуьгтий, тюркаш, ишт. цу могIара кхин тайпа халкъаш). Аларшца бен къаьсташ боцуш, цхьанаметтан адмаш хилла уьш шайн хьостехь. «Шулавери-Шому культура» кхиийначу къилбкавказхойх хиллачу къилбседакавказхоша, кхуллура ю «Майкопан» (ш.оь. III-эзар шаран 27-25-гIа бIешераш), цуьнан бух тIехь «Къилбседакавказан культура» (ш.оь. III эз ... Читать дальше »
Просмотров: 1296 | Добавил: erzu | Дата: 23.05.2018 | Комментарии (0)

            IV-эзар шераш юккъера схьа, III-гIа эзар шераш долалучу муьре кхаччалца йолчу хенан юкъахь, Хьалхарачу Азин къилбахь кхолладала доладелла хьалхара амат долу паччахьалалла а, зайл-йозанан хьалхара кеп а.
Уггар хьалха, цхьаалла йолуш хилла и пантеон шина декъе екъало, аса лакхахь ма-аллара, кхуллуш ши кхетам «Iаьршан, стигланан паччахьалла», «лаьттан паччахьалла» аьлла. Цул тIаьхьа, «шира инженераша» кхин а кескашка йоькъу и къилб агIо, кхуллуш гIала-пачхьалкхан пантеонаш, шайн-шайн дели-верасаш а болуш. Иштта, кхоллало «стиглан дели», «лаьттан», «хIордан», «хIаваан» дели, цхьана дашца аьлча «цIуй-къеп». ТIаьхьо, «латта бухара паччахьалла» а кхоллало, совбевлла, йа цIурабаьхна цIу-дели (дукха хьолахь, эшначу хьалкъин цIу-дели), сийлаллин отставке (гIазкх. маьIна, почётная ... Читать дальше »
Просмотров: 1954 | Добавил: erzu | Дата: 23.05.2018 | Комментарии (0)

1 2 3 ... 6 7 »
Музыка
Календарь
«  Апрель 2024  »
ПнВтСрЧтПтСбВс
1234567
891011121314
15161718192021
22232425262728
2930
Назам
Адин,Сурхон илли