Меню сайта
Время
Съезд нихалоевцев
Статистика

Онлайн всего: 1
Гостей: 1
Пользователей: 0
Главная » 2018 » Май » 26 » С ДРЕВНОСТИ ПО НАСТОЯЩЕЕ… - 2-ГIА КИЙСАК
00:53
С ДРЕВНОСТИ ПО НАСТОЯЩЕЕ… - 2-ГIА КИЙСАК
Суна везарг ву: тешар дерг; ненан мотт бицбина воцург; дайн ламасташ лорург; бакъ орам лоьхург; шен халкъах дог лозург; Iожалла тIеэцна а, сий ларориг; Даймехкан сибат дайча, дог асаре хуьлуш верг; иштта, дохко ваьлларг а.
 
БИСМИЛЛАХIИРРОХЬМАНИРРОХЬИЙМИ!
«ЦIийн аз, боданехь»
ХIара тептар аса яздина, сайн деца АбусаIидаца, ненаца Зулайца болчу безамна а, тIекхуьучу тIаьххьенна эс дита а.

«Соьгахь долу Iилма, вешшехь хилла дац. Иза соьга кхаьчна, сан безам хиларна ширалле, ас чIогIалла гайтарна Iилма Iамош» аьлла, Шира Китайан хьекъалча а, философ а хиллачу Конфуцис. Суна диснарг ду: «…истори Iамош» аьллачохь, «... Iилма Iамош» аьлла хийцар дар.
Яздинарг – Сулейман (Хьамзат) Асламбеков.
 
«Яздинарган дош»

            Уггаре а хьалха вайна хаа дезарг а, вайн кхетаме тIеэцийта дезарг а ду, «Синайн» ахгIайре тIера дIа, Иране кхаччалца а, Идал-Дон хиш тIера дIа, «Персин чуIано» тIекхаччалца долу дерриге а латта, цу тIера шира зуьреташ, вайн тIехшира болчу дайша кхиийна хилар. Цу зуьреташа кхиийна и мехкаш, жим-жимма дохуш, вайгара «семиташа», «индоевропейцаша» дIадаьхна хилар а хаа деза вайна. Муьлхха а Iилманан, динан баххаш, бакъдолучух хийра бохуш, харцхьадаккхар деш болх бина бу, цу шина макродоьзалах болчу Iилманчаша а, царна тIетийжиначу мехкан керла дайша а. Кху тептар тIехь жуьгтех лаьцна хьахош дерг, цаьрга боцчу цабезамна, йа хьагIна а дац сан. Бакъдолу бахьана вай ца дийцича, ма-дарра историн сурт кхолла, аьтто боцуш дуьсу вай. «Дуьненан дай уьш бу» бохуш, царна товш дерг вай дийцича, кхуьура дуй вай бакъ долучунна тIе? Вайх дукхаха болучара, шен хьекъале болх байта бIокъажочара, олу соьга: «мичхьа бу бух, ссылкаш (тIетовжар)?».
Ткъа аса хоьтту хьоьга: Алахьа, зуламхочо ша зулам дича, уггаре а хьалха деш дерг хIун ду? Иза, ларраш яйъар дац? Истори харцъеш, дуьххьара дуьйна и баххаш бойъуш, шира яздинарш харц гочдеш лелларш а, тахана леларш а дагахь буй, хьо нийсачунна тIекхиаван? Бац! Шайна ма-хеттара, йоллу ларраш, къайлаяхалуш яц цаьрга. Цара тIеэцна тактика ю, шира бух болчу къаьмнин кхузаманан Iилманчаш ца кхиийтар, уьш тIетовжа томехь болу баххаш, тешаллаш тIепаза дайъитар, йа къайладахийтар.
И Веза-Сийлахьа, цхьаъ бен воцу Дела ву нийсонан Да а, бакъ кхелан Эла а.
           
            Кху тептаран коьрта гайтарш ду: «нах-адам» , Дела (ХIал-Эла) цхьаъ веш хиллачу цу шираллера, хидестар хиллачул тIаьхьа, шех, «Нухьалан доьзалан тIаьхье ю» ала бакъо йолу адаман дакъа ду; «нах» , тIех ширалла йолчу адаман ораман, макродоьзало кхоьллина ладаме этнос ду. Цул совнаха, цуьнан дахар девзина мур а, уггаре а кIезгачу барамехь, диъ-пхиъ эзар шараша лоцу хан йолуш бу, цу хенан юхьиг билгалйалаза а йолуш; «ширанах», хьалха, «семиташа» (4.0 эзар шо), шолгIа, «индоевропейцаша» (3.5 эзар шо) церан дегIалла оьхуш, цара кхоьллина зуьреташ дохош, уьш доладохуш, кхузаманан Нахчийчоьнан дозанан гура юкъахь гуладина, хIаллакдан деза, ца оьшу «историн тешалла» хилар, хууш хила деза вай.
            Вай муьлш ду, кху дуьненна а хаьа. И ца хуург, цIенна шаьш нах бу. Цуьндела, яздеш ду хIара сан тептар, нах-этносан маттахь, цхьанна, вайнахана лерина. Коьртаниг, вай теша деза, тIаккха вай ваьшша кхио а еза вайн истори, вайн шира дайн ларраш толлу къинхьегам совбоккхуш. Вайна пайдехьа а, оьшуш а дац хийрачеран «ссылкашна» тIетийжар. Делахь а, хаа еза, йовза еза уьш а, церан къаххин ваьршаш юккъера, нийсачу новкъа довлархьама. Кху сан тептар тIехь шуна гура бу, «НАХ» дашца боьзна болу хоттамаш, доьзна кочарш. Уьш бу, ду: нах-адам, нах-меттан аларш, нах-меттан тайпа (тип), нах-меттан охла, нах-этнодакъа, йа нах-этнос, нах-халкъ, нах-тукхам, нах-ваьр, нах-доьзал, нах-орам, нах-ораман тIум (хIу), нах-ораман бух (гIазкх., «основа»), нах-мотт, нах-меттан адам, нах-юкъаралла; нах-пайхамарш (Нухь, ИбрахIим), нах-Аре (метанни), нах-Ари (урартуо), нах-хурри, нах-гиксосаш, нах-урартуой, нах-мари/марой, нах-сийре, нах-маннаш, нах-тарсий (прабаск-этрураш), нах-шубартой, нах-дурдукъой (дурдукка), нах-нахи, нах-кулхи, нахарараш, нах-хонаш, нах-гарагараш, церан зударин дакъа «а-да-мехка-зид» (амазонкаш), нах-тушаш, нах-алан, нах-кобанаш, нах-дегIасташ (Сулак-Кума хиш юккъера ист.мохк «ДегIаста», цигара нах-ораман адамаш), ишт.кх.дIа а, кхин тайпа дерш а. ХIокху хоттамин билламаш аса бостура бу, со тIекхаьчначахь.
            «Ширакавказхойн раса» (гIазкх., «Древнекавказская раса»), изза йолу «Кавказ-Загроссан раса» кхоьллина шира халкъаш ду: «нухьиташ», «элламаш», «Убайд»: «Iу-ба – й-да» (гIазкх., «есть смотритель – есть владелец»), «хурриташ», «ари», «шумарш», «нах» (ламанхой), «нахи» (атагIой), «гуттиш», «хатташ», «каскаш», историн «гиксосаш», «касситаш», «субарташ», «урартуой», «кулхиш», «гаргараш», «ал-в/б/анаш», «дурдуккаш». Уьш даьхна ду, цхьатерра меттанаш, церан аларш, ламасташ, динаш долуш а, шаьш кхиийна культураш йолуш а. Цу расан хилла, цхьааллица доьзна цIена васт духу, царна довза доладелча, къаьсттина семитин, индоевропейцин ши раса.
 
           Кхузткъа шерашна чуваьлла стаг со хиларна, аса дахарехь зийна цхьа хIума, иза, хьуна Iилма хьоьхуш верг милла а велахь, хьо санна иза адам хилар. Iилманча, йа Iилманан да хила, титулаш яц хьан хила езарш, хьекъал, хьесапдан хаар, къинхьегам, лаам бу оьшург. Хено гучадоккхуш ду, и хьуна хьехана цхьадолу Iилма харц хилар а, вайна гайтина и «бакъдерг», цу Iилманна аьлла кечбина, ханна бух хилар а. Кху тIаьхьарчу бIешарахь къаьсттина, дуьненан цхьана декъо шен идеологин герз дина, зурманашкахь дийцина «диалектически материализман» Iилма, «хIуп» аьлча шелъелла Iаьнаран йовхо санна дIадели дешаш. Дахаран низам, «атеизман» Iилмица нисдеш, къаьмнин бесбесара ламасташ вовшахаийдина, цунах «интернациональни» гIурт бан гIертар а, чекх ца дели. «Традиционни», «сепаратистски» аьлла дин доькъуш, цхьана адамин декъо цIераш техкича, и харцо лайна болу КъурIанан Iилма девзу Iилманчаш а бевли, вайна ма-барра гуча. Дуьненан Iазап, йа рицкъ бахьана долуш, «иблисан накъостий» хилла лелларш бу уьш. Селхана, вайн тIаьхьиенан коьрта чудиллина цхьадолу Iилма (масала: «дарвинизм», «эволюционизм», ишт.кх.дIа), цу Iилманчаша дийцинарг, «хIуьппалг» доцуш ша дохк санна дешна дIадели. Амма, цу Iилман йийсархой хилла кхиъна вайнехан цхьаболу Iилман дай, царех тешна йолу адаман тIаьхьие юхьIаьржа хIуттуш, юкъара мутта дIа цIубдеш йисна «тIоьхк» санна, дуьненан кхелли тIехь бисна уьш берриш а. Тахана а, изза хьал ду кхоллалуш, керла кховдийначу демократин ойланах тешнарш, кхана а буьсура бу, доьхначу гуйн хьалха Iен. Цундела, сайн декхар хета суна тIаьхьиенга дIаалар, ма тешалаш империно сий диначу массо а Iилманчех. Ма тешалахь, деза хабарш а дуьйцуш, цу хабарца шен дахар нисдина боцу хьалха бевллачу вайн нахах, уьш хуьйла динан дай. Хьо тешалахь сан ваша, йиша, эзар шерашкара схьа, шира орам болуш долчу хьайн къоман ламастех, пайхамарехула цу АллахIа доссийначу КъурIанан Iилманах. И ши агIо хьан дахарца нисъелла елахь, даге ладогIий, «интуици» олучу хьайн ялхалгIа синан пхене кховдалахь хьо. Соьга хаьттича, цу синпхенаца уьйр йолуш болу и гуш боцу ницкъ, «Дала шеггара, хьоьга хьайгга беш болу хаам буй техьа» аьлла, хеташ ву со иза. Дала ларадойла вай Iеса довларах, делахь а, и сайн ойла нийса хилар гойту бух карийна суна аятин могIанехь: «АллахI шеца вистхила йиш яц адаман – дегхьехамца (авт. «интуици»), йа пардонан тIехьара, йа Ша элча ваийтарца бен, ша хьоьхуш Цуьнан /АллахIан/ пурбанца Цунна луург. Баккъалла а Иза лекханиг, кхетамениг ву» (42-гIа Сурат «аш-Шура» /Кхеташо , дагадийлар/, 51-гIа аят).
«Дегхьехаман бух тIехь кхоллаелла, хьалхара ойла Делера ю, шолгIаниг, шайтIанера ю» олуш хезна а ву со, сан жималлера дуйна.

           ХIара, «ЦIийн аз, боданехь» («Голос крови во тьме») аьлла цIе тиллина коьрта тептар (гIазкх., «трилогия» – цхьана сюжетан кхо тептар/книшка), хира ду сан кхаа декъе декъана, туьллуш цу дакъошна шолгIа цIераш: «Тов а, шира чкъоьрнаш а» (гIазкхашха, «Мгла и древние пласты»), «ЦIийн тулгIеш хьийзачу боданехь» («Мгла, где кружатся кровяные волны»), «БIаьрла са» (гIазкхашха, «Яркий свет») аьлла.
Хьалхарчу, «Тов а, шира чкъоьрнаш а» олучу тептар тIехь, со Iораяккха лерина ву, вайн этнос кхоллаялале а, и кхоллаеллачул тIаьхьа а хилла шира истори. Аса лерина, нах-этносо таханалерачу Къилбседа Кавказе кхача йина, йоккха йиъ кхалхаран (гIазкх., «миграции») тулгIе Iорайоккху исбаьхьаллин диъ сурт кхолла а, иштта сан дахаран хан тоахь, «аланан оьмар» гойту пхоьалгIа сурт кхолла а.
            Со гайта лерина ву, шолгIа доккха кхалхар Къилбседа Кавказе дале, Хьалхарачу Азира «Арарат-лаьмнашкахь» («Араралаттан лаьмнаш») * кхолладелла хьал гойту сурт. И хан ю, вайн шира дайша (хурриташ*) кхоьллина «Митанни» * (Меттан-На) олу пачхьалкх юхачу заманчохь, цунах хилла кескаш вовшаха хIотторхьама, цу вайн шира дайша, керла барт кхуллуш, и чIагIбан гIерташ уьш лелла зама. Доцца аьлча, иза ду ширачу оьмаран, 1266-гIачу шарна гергара исбаьхьаллин сурт. Цу декъана аса тиллина цIе ю «Кхалхаран юьхь а, барт кхиор а» аьлла.
            ШолгIа, исбаьхьаллин сурт хIотто со лерина ву, «нах-этнасо» Къилбседа Кавказе кхозлагIа доккха кхалхар дар гойтуш. И зама хира ю, вайн шира дайша кхоьллина «Урарту» олу ламаройн пачхьалкх юха гергаяхначу заманчохь, ширачу оьмаран 622-580-гIа шерашна юккъерачу муьрехь. Цу тептаран декъана аса кхуллура йолу цIе ю: «Махо хIу даржийна баппа», (гIазкхашха, «Одуванчик, что ветер рассеял семя»). ДоьалгIа доккха кхалхарца дуьйзина кхоалгIа сурт кхуллуш, аса гойтура йолу зама ю, ширачу оьмаран I-ра бIешара юккъера зама. И зама гойтачу тептаран декъана тиллина цIе хира ю «Шовдан коьртера тархаш» (гIазкхашха, «Утёсы у истока родника»).
            Исбаьхьаллин доьалгIа сурт кхуллуш со лерина ву гайта, керлачу оьмаран 8-гIа бIешо долалучу хенахь, нах-этносо пхоьалгIа доккха кхалхар «Нахчийн махка» дарца дуьйзинарг. Цу декъана тиллина цIе хира ю «Къилбседа, некъан седа» (гIазкхашха, «Полярная звезда» - путеводная звезда»). Цу заманчохь а, цул тIаьхьа а нисделла ду «Акко» (протоаьккхи), «Шото» (шуотой), «Глигва» (гIалгIай) олу тукхамаш дахкар «Шира Гуьржеха» а, «Нахчичоь» а.
            Исбаьхьаллин пхоьалгIа сурт кхуллуш, со лерина ву «Дашо арданган» олалла дохош, Аланин чеккхе гойтуш, Кавказан кийра кхоччуш ислам дирзина мур – Тимуран Iаткъам. Цу декъана тиллина цIе хира ю «Эмкалан баI бохьу аренан мох» (гIазкхашха, Степной ветер, что несёт верблюжью колючку).
            Исбаьхьаллин суьрташ хIиттош аса гойтура дерг, сайна хетарг дац. Со гайта гIуртара волу цу заманан дахар хира ду, архиологин, лингвистин, историн, философин, корматаллин, тIеман, Iаламан тешаллаш а, мифан баххаш а толлуш, вайн а, цIена болчу кавказхойн а амалшна (менталитетана) тIетевжина, кIорга хьесап дарца кхоьллина сурт гойтуш.
            «ЦIийн тулгIе хьийзачу боданехь» аьлла, цIе тиллина тептаро гойту хан хира ю, 1944-гIачу шара тIера, 1990-гIачу шаре кхаччалца йолу зама. Цу тIехь со гайта лерина ву, кху тIаьхьарчу хенахь вайнехан къам декъна долу бахьанин къайле. Иштта со тешна ву, цу сан гайтарах масала хилла, вайнах, шайн орамаца дуьйзиначунна сагаттадан буьйлалура бу аьлла.
            «БIаьрла са» аьлла, цIе тиллиначу сан кхозлагIа тептаро гойтура йолу зама, 1990-гIа шара тIера волавелла, шолгIачу тIеман чеккхене качо дагахь а ву со. Аса яздеш долу тIаьххьара и ши тептар, юкъ-юкъа исбаьхьаллин сурт хIоттош яздан лерина а ву со сайн дахарца дузуш. Аса яздаза диснарг, сан могIанаш юкъахь лохара ду-кх аша, вайн дахаран дикка ойла а еш.

Чулацаман дакъош:
«Яздинарган дош». 3-6 агIонаш
«Чулацаман дакъош». 6-8 агIонаш
ТIехширалла а, цуьнан оьмарш а. 8-10 агIонаш
Ширачу дешан биллам схьабелла, дохо деза гуран догIанаш 10-14 агIонаш
«Ширакавказхойн», юьххьерачу дахаро кхиийна дехийлаш, культураш. 14-24 агIонаш
«Намо сапиенсах» лаьцна ойла. 24-30 агIонаш
«Меттан декъадалар». 30-46 агIонаш
Цхьанаделан дин а, текъам-динан (язычество) къеп а. 46-64 агIонаш
«Средизимноморьен раса» яц, ю «Хьалхараазехь хIу ийна раса». 64-65 агIонаш
Кхаа расан адам дIасхьадаржаран некъаш. 65-67 агIонаш
Хидестачу муьрна гергахь а, тIаьхьо а нисделла кхалхарш 67-70 агIонаш
«Доллу, девзачу дуьненахь хидестар». 70-73 агIонаш
Нохь-пайхамаран оьмарера, «хIорд бестарца» (гIазкх., «потоп») йоьзна сан хьесапан верси. 73-91 агIонаш
«Хиндерг хуучеран Iилма» долу вежарий (хуррин вежарий) – шу-марой. 91-93 агIонаш
Буьрса элламаш. 93-94 агIонаш
Хьалхарачу Азина евзина, кхалхаран тулгIенаш. 94-99 агIонаш
Къилбседан Кавказехь а хьийзина, кхалхаран тулгIенаш. 99-101 агIонаш
Iехано лулара керт яккхахь, цуьнан мекхаш, хьан керта а кхочура ду. 101-103 агIонаш
Кавказ гIайренан бес-бесаралла а, цуьнан IиндагIаш а. 103-112 агIонаш
Таруишера Риме кхача, эшна ахбIешо хан. 112-119 агIонаш
Вайн пайхамарш. 119-120 агIонаш
«Кавказан, паргIато еза зударий». 120-130 агIонаш
Нах-ораман халкъ Нахч/Нохчи. 131-138 агIонаш
Шира мохк, шира йоза, шира истори, яйна тIаьхьие а. 138-143 агIонаш
«Хьалхара импери Нах-Арена» (ист. Митанни); «ШолгIа империи, «Ба-ийна-эли» (ист. Урарту, изза «Нах-Ари»); «КхозлагIаниг – …. 143-152 агIонаш
Селхана, цхьа орам, цуьнан генаш – тахана, кхаа ораман юькъа жIуга. 152-159 агIонаш
Хилларш дIаяздина историн лараман, коьрта башхалла. 160-160 агIонаш
I. Хронологин раж (ш.оь. 3000-2000 шш). 160-179 агIонаш
«Элламан оьмар/культура». 179-186 агIонаш
«Кура-Араксан оьмар/культура». 186-188 агIонаш
«Шумаран оьмар». 188-191 агIонаш
«Хатта» юкъараллин шира орам. 191-192 агIонаш
«Миноян оьмар/культура». 192-195 агIонаш
«Дольмен-кошан культура». 195-195 агIонаш
Къилбседакавказхойн культура. 195-197 агIонаш
«Барт кхио оьмар». 197-200 агIонаш
II. Хронологин раж (ш.оь. 2000-1000 шш). 200-229 агIонаш
«Триалетан культура» (2200-1500 ш.оь.шш. ТIехьара Кавказ). 229-231 агIонаш
«Хеттин оьмар/культура». 231-234 агIонаш
«Гиксос Бартан оьмар» (Жи-ка – ха-саг; жи-ка-хьовсург). 234-237 агIонаш
«Митанни/Нах-Арена оьмар». 238-243 агIонаш
«Касситин оьмар». 243-245 агIонаш
«Нах-меттан адаман оьмар». 245-245 агIонаш
«Гинчи-Гатын-Кале» культура. 245-247 агIонаш
«Каякента-Харачойн» культура. 247-250 агIонаш
«Колхидан а, Колхида-Кобанан а культура». 251-256 агIонаш
«Кобанан культура». 256-261агIонаш
«Уриатри /Уратри, Уруарти/ оьмар». 261-264 агIонаш
«Нах-ари /Наири/ Барт». 264-266 агIонаш
«Историн «этрускан» /«тар-сий», йа «ара-сена»/ юкъараллаш». 266-268 агIонаш
III. Хронологин раж (ш.оь. 1000-0 к.оь.шш) 268-292 агIонаш
«Урартуон оьмар». 292-317 агIонаш
«Урартуон, лараме хилла гIаланаш, гIепаш» - ист. «Ардини», йа «Аьрдани-ГIала». 317 -319 агIонаш
ист. «Арзашкун» - «Урартуон", хьалхара пачхье. 319 -321 агIонаш
ист. «Тушпа» («Туш-пхьа» - гIазкх., «город + селение») – «Урартуон", 2-гIа пачхье. 321 -323 агIонаш
ист. «Русахинили» гIап («Руса-хин-эли»; гIазкх., «Руса владелец воды» - Руса+вода+князь/владелец) – «Урартуон", 3-гIа пачхье. 323-326 агIонаш
ист. «Менуахинили» («Менуа-хин-эли», « -али»; гIазкх., «Речная долина Менуа»). 327-328 агIонаш
ист. «Эребуни» («Эри-бун» - «Страна Эри»). 328-334 агIонаш
ист. «Аргиштихинили» («Аргишти-хин-эли», « -али»; гIазкх., «Речная долина Аргишти»). 334-338 агIонаш
ист. «Тейшебаини» («Тейшеба-эни» - гIазкх., «бог Тейшеба»). 338-344 агIонаш
«Нахи-чоь-ван» (кхуз., «Нахичивань»). 344-349 агIонаш
«Хьахарачу Азин а, ерриге Кавказан а, ладаме хилла нах-меттан юкъараллаш». 349-353 агIонаш 
@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@
Просмотров: 1946 | Добавил: erzu | Рейтинг: 5.0/2
Всего комментариев: 0
avatar
Музыка
Календарь
«  Май 2018  »
ПнВтСрЧтПтСбВс
 123456
78910111213
14151617181920
21222324252627
28293031
Назам
Адин,Сурхон илли