Меню сайта
Время
Съезд нихалоевцев
Статистика

Онлайн всего: 1
Гостей: 1
Пользователей: 0
Главная » 2018 » Май » 26 » С ДРЕВНОСТИ ПО НАСТОЯЩЕЕ… - 4-ГIА КИЙСАК
00:39
С ДРЕВНОСТИ ПО НАСТОЯЩЕЕ… - 4-ГIА КИЙСАК
 

Ширачу дешан биллам схьабелла, дохо деза гуран догIанаш.
 
           Ширазаманчохь кIоштана, ваьрна, халкъана, йа хиламна, луш йолу цIе, масех кхетам цхьана даша юккъе а балабой, и кхетамаш вовшаха эбой луш хилла. Цундела, цхьаа хало а йоцуш, нах-меттан аларшца, цу шира цIерашна чубехкинчу кхетамин маьIна а, биллам а схьабелла аьтто болуш ду вай – нах-меттан ваьрраш. Эзар, бIешерашкахь «ширакавказхой» нацкъара а туьттуш, тIеихначу хийра халкъаша (симиташ, индоевропейцаш) шайна чуэцна, бухахь баьхначеран матта юккъера, орам кхуллу башха дешнаш, культураш, иштта цIераш а. Кхузаманхоша и йоллу цIераш, церан кхетамаш, «симитин», йа «индоевропейцин» бух болуш ю бохург, даррехь харцахьдаьккхинарг ду. Мила ву тахана, нах-ораман тайпанаш хурритин а, урартуойн а тIаьхьиенаш яц ала? Цахилча, шира цIераш, йа цхьаъ болу (аларци бен къаьсташ хила йиш йоцу) хуррито-урартуойн мотт гочбан а, цуьнан йозанан биллам баста а, нах-мотт хIунда ца лелабо, вай мукъне а? Хьа даьккхина юкъа: «Ссылкаш» яцахь, бакъдерг дац» бохург? ХIунда ю, тIаьххьара тIадам таIош йолу инстанци, «Iилманан талорхойн» а, лобби а кхоьллиначеран карахь?
            Лакхахь хьахийнарг жамIе далош, ала догIу: Кавказ-Загросс лаьмнин къепехь а, Месопотамехь, Сийрехь а, хишна, меттигашна, мехкашна, халкъин ваьррашна кхуллу цIераш хилла динан новкъаца (масала: «халдаш», «ашшурой» ишт.кх.а.), меттигаца («гутти»/гу-тIе, «Диуаэхи»/«Дай-Iа-хи»/, ишт.кх.а.), этнически («Нахарина», «Ури/Ари/атри» ишт.кх.а.), дахар-корматаллица («хой», «ахламуо» олу, лома баьхкина Iуй, ишт.кх.а.) боьзна бухан башхаллаш йолуш. Масех кхетам цхьанаоьш кхолладелла (шиъ, йа кхоъ, наггахьа биъ-пхиъ а кхетамаш), маьIна долуш а хилла и кхуллуш йолу цIераш.
            Цу шира заманчохь хилла меттиган, ваьррин, хин, иштта кхин тайпа цIераш дакъошка екъча, церан «дешхьалхе» (приставка), «орам» (корень), йа «чаккхе» (окончание) олий, вай, кхузаманан гIазкхин (индоевропейцин), йа просимитин грамматикаца нисдар, Iаламата нийса дац аьлла хета суна. Масала, грамматике диллича «-ани», «-эни», «-али», «-эли», цхьаболчу Iилманчаша чаккхе лоруш долу дешдакъош, цхьаа шеко хила йиш йоцуш, «дела» олу чулацам болу кхетамаш бу. «Али» боху дош а, шена чубиллина кхин цхьа кхетам болуш ду, гIазкхашха аьлча, «русло» аьлла. Йоллу Хьалхарачу Азихь, «Дела» ала дезачохь, «эни» олуш хилла цигарчу адмаша, цу юкъахь, вайн шира дай болу нахи-хурриташ а, нах-урартуш а болуш. Нах-маттахь долчу дешнин дакъошна чубиллина кхетамаш, масала: «нах» (нох), «алу» (илу), «аре» (ари, эри), «эла» (ал, эл), «да» (ди), «мотт» (мат), ан (цIу, изза эни), иштта цу могIара кхин долу дешнаш, шира цIеран «дешхьалхахь» а, «юккъехь» (орам- корень) а, «чаккхенехь» а хила таралуш ду. Легарехь хийцалуш дерш, цу цIеран чаккхенера, мукъа аьзнаш («а», «и», «е», «у» ишт.кх.а.) бен доцучух тера ду.
            Урартуойн белла лору маттана а, нахчийн маттана а юкъахь грамматикан тераллех лаьцна дуьйцуш, аса, масалина урартуойн матта юккъера цхьа фраза ялора яра, Г.А.Меликишвилин балха (Урартские клинообразные надписи) тIехь хьахийна йолу - «ieše ini pili agubi» (маьIна: «аса, и татол диллира»). Суна хетарехь, талмажаллин кеп хийцаеллачух тера ю, Iилманца бух нисбеш гочдар дан гIоьртиначуьнан. Цо лоьру, цу зайл-йозанан яздаро билгалйиначу фраза юкъара, «Со» олу юьхьан цIерметдешан, 1-ра юьхьан цхьаллин терахь тоьшалла дина хилар, «ieše» олуш, эргативан дожаран кепехь. Кхузахь ца ган йиш йолуш дац, «ieše» олу и дожар тера хилар нах-маттахь долчу «айса» олучу дашца. Суна, нийса хира дара аьлла хета, цу талмажалла диначу фразан маьIна, кхечу агIора гочдича: «Аса дира, хи далон татол», гIонна лелош Дэвид Ролан бакъо. Иштта, «ieše ini pili agubi» алар тIехь магийта мегара ду, Д.Ролан бакъо лелон а, цуьнца, чолхе доцу хийцарш дан а, ассирийцин маттера гочдарш дечу хенахь. Гуттара, ассирийцин маттера гочдарш дечу хенахь, элп «Х» охьадужуш ду. Цунна, масала дало йиш йолуш ду, «Халди» олу цIун цIе хийцалуш, «Алди» аларца. Цу цIеран, «Калду» аьлла вариант а ю. Цунах тера кхин а ду масала, шумаройн хилла дела «Халалу» (хьалхара дела «ХIал-Эла»), ассирийцин дай хира болчу аккадцаша а, царел тIаьхьа шаьш ассирийцаша а, «Алалу» олуш а, яздеш а хилла. Цундела вай а, ваьшша далийначу масалехь и охьадожа тарало элп «Х» меттахIоттора ду. Д.Ролас лору, цхьацца йолу фонемашна трансформаци ечу хенахь, «А» элп хийцадала таралуш хилар «И» элпаца, иштта юханехьа а. Талмажаллан башхаллаш вай тидаме эцахь, и яздар иштта хира ду: «айса, хини п-али, а гу би». Цхьаа хало йоцуш вайна го, дешдекъан а, дешнин а яздар, чекхдаьлла маьIна долуш хилар нахчийн маттахь: [Айса (сам, или Я) + хи (вода) + ни/не (дешан легало чаккхе «хи»* ) + п/па (стена) + али (русло) + а (тот) + гу (насып, холм, берег) + би (сделал - би, бина, бира, бо, бан)]. Цу хенара и гидросооружени (татол, гIазкх. маьIна, «канал») хила тарало «п-или» (па-али) аьлла цIе йоккхуш, цу юккъера «п», йа «па» нах-маттахь «пен» бохург а долуш, «или», йа «али» нахчашха аьлча «харш», йа «хин харш» а долуш. Вуьшта аьлча, иза ду «тIулг буьллуш дина харш». Баккъалла а, урартуойн куьйга дина харшаш, татолаш, церан бердаш чIагIдеш хилла тIулг буьллуш. Цу ширалехь и тайпа татолаш дохкуш, церан новкъахь гунаш, тархаш нисделча кораш дохуш, таьIийлаш йолчохь, куьйга гунаш деш (акведукан аматехь) хилла, и татол ана сизца (уровень) нийса хилийта. Цу юккъера «…+а+гу+би», йа «гу би» олу фраза, цхьаа шеко йоцуш «берд (гIазкхашха, «насып/холм») бира» бохург ду, «нах-аларшкахь» дика хезаш долу, муьлххачу нахчийчунна кхеташ долу. Цхьана цIераниг, доланиг дожаршна акцент еш, вуьшта аьлча, цхьана грамматикна тIетийжахь, чёте ца оьцуш гидро, тIеман, динан, кхин тайпа тIегIанан башхаллаш, атта гIалат дан мега гочдар дечо. Вуьшта, нах-маттахь кхета атта ю и шира цIераш.
            Иштта, майрра ала йиш ю вайн, семитин къепана адаптаци йина ассирин зайл-йозано шаьш ма-дарра схьалура дац аьлла, доллу, урартуойн маттера аьзнаш. Цундела, кхузаманан меттанашка вавилонхойн, ассирийцин меттанашца деш долу гочдарш, гIалаташ ца деш хира дац. Нагахь санна гIалаташ делахь, уьш нисдан деза. Нисдан деза, нах-этносан аларшца а, къаьсттина, тидам тIебохийтуш ламаройн аларшца буьйцучу маттана. Географин цIераш юкъахь нислуш долу эмфатически (къаьсттина хазар долу мукъаза аз) «S», урартуойн маттахь шеко а йоцуш, ткъа цу хенара семитин матташкахь хила а мегаш, и аз олуш хилла аффрикат санна, аз «Ц» а, цкъацца аз «Ш» а хазош. Цундела, и бакъо лелош яц ассирийцин долахь йолчу цIерашна, ца хилийта цакхетарш (масала: цхьанхьа хьахош волу паччахь «Ашшурнасирапал» вац, кхечахьа хьахош волу «Ашшурнацирапал», вуьйцург цхьаъ велахь а, ишт.кх.т.).
Халахетахь а, технически хьесапаш бахьана долуш, дита дезна къестор «эмфатически» долу, «эмфатически доцу» «К» а, «Т» а, иштта деха а, доца а долчу мукъа аьзнех. Этимологица гергадалор, топономически цхьатерра ларар Iалашо йолуш, гочдарш лелочунна хаа деза, «К», «Т», иштта кхин йолчу билгалош бухахь, лечкъина хила таралуш хилар, данне а цхьанадогIуш доцу тайп-тайпана ши аз, шина озехь а долуш. Нагахь санна, вай могийтуш делахь урартуойн а, нах-дегIастанан а матташ юкъахь гергарло хилар, и аьзнаш хила таралуш ду ишттачу варианташкахь - «КЪ», «КХ», «КI», «ТI». Нийса ду аьлла, жоп дала а кийча хила йиш яц вайн, и вайга кхочуш долу къора, зевне, эмфатически мукъаза аьзнаш нийса ду ала, уьш къасто, зайл-йозано вайна бух луш ца хиларна. Цул совнаха, шаьш гочдарш деш, Iилманчаша лелош ду англо-латинан элпаш – яздарехь аз хийцина ца Iаш, кавказхойн расана аьттехьа а боцачу матте даккха и гочдарш, зарба. Масалена вай, толлура ду цхьадолу аьзнаш, зайл-йозанехь вай уьш лелийча, кхета томехь долчу гураш чохь меттахIотон, цхьацца йолчу цIерашна чубехкинчу кхетаман маьIнаш. Эмфатически, буламалле шинхьалелха-легашкара аз [ТI], ингалсан маттахь яздан йиш ю, хетарехь, Iилманчашна уггар гIолехьа вариант карийна, и аз яздан, шина элпаца «ТТ» (tt). Шира цIераш а, уьш кхоьллиначу дешнашна чубехкина къетамаш а, талламе бехканчу аса хьесап дира, цу шира цIераш юкъахь язден шалхатоьхна хьаьркаш метта, майрра лело мегарг хилар, нах-меттан (нохч/нахч-гIалгIайн) ша-тайпа (специфически) аьзнаш: «ГI» (g), «КI», «КХ», «КЪ» (кк), «ПI» (пп), «ТI» (тт), «ХI», «ХЬ» (хх), «ЦI» (цц), «ЧI» (чч). И хьаьркаш юкъахIиттича, цхьаа хало йоцуш, и шира цIераш дIахIуьтту дуьззина маьIна долуш. Вайна хаьа, гIазкхийн маттахь доцийла, цу аьзнех тера дерш (аналог). ХIета, индоевропейцин меттанаш юкъахь а, ца лерича эрмалойн мотт, и аьзнаш доцуш ду. Схьаоьцур вай масалина историн дош «гутти» («Гуттиум»). И дош шина дешадекъе доькъур вай «гу», «тти» аьлла. Аккадин тешаллаш тIера вайна хаьа, цу дашо билгалдинарг ламаройн халкъ хилар, цара, «лаьмнин саьрмак» олуш хилла. Шеко а йоцуш, и халкъ лаьмнашкахь дехаш хилла, айъаеллачу лакхенашкахь. Уьш хилла иштта урартуойн лулахой, хIета, «нах» ваьррин а. Иштта дIасадиллар дича, «гу» олу кхетамо нах-маттахь гочдича, билгалбийриг бу «гу», «айъаелла» меттиг, «вал» хилар. ХIинца схьаоьцур вай шолгIа кхетам «тти», иза, хьесапе а буьллуш. ХIунда яздо, шиъ «Т» элпаш? Кхузахь вай могийтуш делахь нах-мотт лело, тIаккха эмфатически, буламалле шинхьалелха-легашкара аз [ТI], ингалсан маттахь яздан йиш ю, йаздеш а ду шина элпаца «ТТ» (tt) аьлла. Иштта, ша-тайпа долу аз «ТI-ах» хилла чIогIа хьаьркаш «ТТ». Иштта нисделла консонатни яздарца лелош йолу «тIетоьхна хьаьрк», йа мукъа аз (гIазкх. маьIна, «огласовка») хIоттор, «Е» метта «И» аз хуьйцуш. Дэвид Ролас а, «Генезис цивилизации» олучу балха тIехь (206-гIа агIо тIера), шеко йоцуш дIачIагIдо, цхьацца долу аьзнаша (фонем) деш долу хийцаран масалаш. И тайпа масала ду «И» озах «Е» аз, йа «Э» аз кхолладалар гойтуш. Историно йоккху «гутти» олу халкъан цIе, майрра яккха таралуш ю «гу-тIи», йа «гу-тIеэ» аьлла. Уьш бу «гу-тIехой» (гу+тIера+хой), гIазкхашха аьлча, «стража, живущая на возвышенностях». «ТI» (mm) санна лелийча, кхин долу, нах-меттан ша-тайпа аьзнаш: «ГI» (g), «КI», «КХ», «КЪ» (кк), «ПI» (пп), «ТI» (mm), «ХI», «ХЬ» (хх), «ЦI» (цц), «ЧI» (чч), вайга схьабеллалура бу, кхин йолчу историн цIерин билламаш а – Аккумена («А+къа/о+Iу+Ме+На»; гIазкх. маьIна, «То, есть труд/начала и страж божественного закона/истока»); «Ацци» («Iа-цIе»; гIазкх. маьIна, «пар-огонь», или «место огня»); маьIданан тIулго кхоьллина лам «Хацци» («Ха-цIе», гIазкхашха., «стража-огонь»); «луцци» (ло-цIий) аьлла цIе тоьхна, къинхьегамца юьйзина ял; «хатта» («ха-тIе»; гIазкх. маьIна, «стража на /горе/»); Сиппара («Си-пI-ара», гIазкх. маьIна, «честь и преграда, равнины); Уппума («Iу-пI-Iу-Ма», гIазкх. маьIна, «Владелец преграды – страж божественности»); Ниппур («На-пI-ур»; гIазкх. маьIна, «проматерь+преграда+ страна»).
            Бакъонна юкъарадаккхар дина ю, литературехь ламастан лору цхьацца йолу цIераш. Масала, тахана яздо «Ниневия» олий, «Нинуа» (ассирийн диалект), йа «Нина» (вавилонан диалект) метта; «Вавилон» яздо, «Бабили» (Ба-ба-илу; гIазкх. маьIна, «Ба есть илу/поселение») метта; «Халдея» (ХIал-да-йа; гIазкх. маьIна, «ХIал есть Владыка») «Калду» метта; «Мусасир» яздо, «Муцацир» (историн цIераш: Массус, Массур, Массис, Мусасир, Муцацир; сан хьесапехь Масасур; «Маса-Сур» цIе кхоьллинарг, ши кхетам бу: «маса» /гIазкх. маьIна, «быстрый», «скорый», «резвый»/; «сур» /гIазкх. маьIна, - «войско», «укреплённая стоянка») метта; «Урарту» яздо, «Ур'арту» (Ур-Iара- тIе; гIазкх. маьIна, «Страна /божество/ располагается над/наверху») метта, ишт.кх.дI.
            Урартуш – куьйгаллехь долу ваьр хилла урартун зуьриетехь (цивилизаци). Цу меттагера орам болу ваьрраш (автохтон), шен этнически латтамца цхьаорам болуш хилла, уьш кхузаманан историк-фальсификаторша ларахь а, тайп-тайпана ораман халкъаш. ТIаьхьо беанчу муьрехь (урарту заманан, тIаьхьара мур), тайп-тайпана хиларан жамI ду, кхечу расан (семиташ, индоевропейцаш) цу махка хилла кхалхарш – хийрачех, автохтонаш бан лаарца боьзна церан Iаткъам. Автохтонан халкъ долу «урартуой» бен хиллачух тера дац, цу урартуойн меттан яздарш лелош долу ваьр.
            Урартуойн мотт тера хила беза, хурритин маттах (къастар, аларшци бен боцуш). Праурарташ, хетарехь дIасхьабаьржина «Араратан акъарехьа» (кхузам. «Армянское нагорье») таьIаш, кхузаманан Ревандуз-гIала лаьттачу кIоштара (кхузм. Малхбузен Азербайджан). Цигахь хилла шира гIала, ист. «Мусасир» - «ХIал-Да» делана лерина, коьрта динана Юкъ. Хетарехь, и гIала кхоллаелла, дуьххьара дуьйна кхузахь даьхначу ламанхой ваьррин латта тIехь,– «Ламанхойн На-х» (гIазкх. маьIна, «Мать-стража») олучу махкахь.
Цу меттигна гена йоцуш лаьтташ хилла динан шолгIа Юкъ – «Кумме-ха». «ХIал-Да» цIул хьалха хилла хуррито-урартуойн юкъара волу «стигал къекъон», «тIеман», «Iаламан лаъмазаллин ницкъан» коьрта дела ист. «Тейшеба́» (урарт. Теišэbа; Te-e-i-še-ba; «Тешшуб» /хуррит. Teŝŝob, Teššub/; Тойашаба /нах. «ТIо-йа-Ша-ба», гIазкх. маьIна, «Он есть гора и град»). Цуьнан адам, бахархойх олуш хилла «Аренан На-хи», вуьшта аьлча «Хурри-Нахи» («Iуьрре – На-хи»; гIазкх. маьIна, «Люди утра – Мать река»; «Хурри» - «хIур-аре»; гIазкх. маьIна, «лесистая, горная местность»; «Страна утреннего восхода»).
«Тойашаба» (нах. «ТIо-йа-Ша-ба») хилла ву, дуьххьара хьалхараниг а, тIаьхьо, шолгIаниг а волуш, адамо бечу ларамца Къилбседа Месопомехь а, Сийрихь а, иштта Кавказ-Загроссан лаьмнашкахь а Iаткъаме цIу.

            1-хьалхара жамI: Кху тептаран агIонашкахь а, иштта сан кхечу тептарш тIехь а хьуна гура ду сан дешархо, шира историн цIераш тIехьа, къовларш юкъахь нах-маттахь а, гIазкхашха а дастар долу сан хьесапаш. ДIахаалахь, вайга кхаьчна и шира цIераш, цу ширачу заманахь ма-хиллара хазар доцуш юьйла. ХIунда? Цкъа делахь уьш хиларна, зайл-йозанан биллам, симитин («аккадайн» ду бохачу йозанца нисдина) маттан бух тIехь схьабастар болуш (гочдар) а, кхузаманан (къаьсттина, тIаьххьара 2-3 бIешо) Iилмано, йа кхин а нийса аьлча, цу Iилманна тIехь Iуналла латточу лоббис магабо, гура чохь хиларна а.
            Сан дешархо хьуна хаалахь, Кавказ-Загросс лаьмнин къепехь а, Месопотамехь а, иштта Ханаанахь (Евфрат /Рахь/ хин бердаца лаьтта «Хана Ана»; «Ханаан» – Юххерачу Малхбалера мохк), Сийрехь, Малхбален Анатолехь, Невр Кавказехь а, хишна, меттигашна, мехкашна, халкъин ваьррашна кхуллу цIераш хилла динан новкъаца (масала: «халдаш», «ашшурой» ишт.кх.а.), меттигаца («гутти»/гу-тIе, «Диуаэхи»/«Дай-Iа-хи»/, ишт.кх.а.), этнически («Нахарина», «Ури/Ари/атри» ишт.кх.а.), дахар-корматаллица («хой», «ахламуо» олу, лома баьхкина Iуй, ишт.кх.а.) боьзначу баххин башхаллаш йолуш.
            Масех кхетам цхьанаоьш кхолладелла (шиъ, йа кхоъ, наггахьа, биъ-пхиъ а кхетамаш), маьIна долуш а хилла, и кхуллуш йолу цIераш. Цхьана элпо, йа доца озо, кхолла таралуш хилла кIорге а, чулацаме а долу маьIна. Масала нах-маттахь а, гIазкхашха аларца а: «а» (и, тот, также), «г» (ветка, ветвь), «гI» (лист), «ж» (отара), «и» (он, она, оно), «й» (есть), «к» (баран-производитель), «кх» (щёлок, пахотная земля), «кIа» (пшеница), «къ» (труд, грех), «л» (слух), «м» (то, не), «оь» (тройка), «п» (стена), «с» (свет, зрение, душа), «тI» (передняя нога), «у» (доска), «х» (ведь, же, страж, охрана), «хь» (кем, кто) «цI» (дом), «ш» (лёд), «ю» (жало, шило, ударник, есть), «я» (или, либо), «I» (зима, сидит, пар, голос), ишт.кх.дIа а, цу тайпана а. Хоийла, кху масалашкахь аса ца ларийна, кхузаманан литературан меттан нийсаяздаран бакъонаш, аларшка диллича, уьш хила тарадаларна галаморзахалле.
            Кхузаманан дуьненан Iилманан дай болчу а, керла кхоллалучу хьалкъин хьалханчаш болчу а лоббисташа къобалдина, кхуллуш ду даима аьшпийн туьйранаш, бакъйоцу, кхоьллина истореш, харцахдаьхна Iилманца доьзна баххаш, уьш ду бохуш бакъдерш. Къаьсттина, кху тIаьхьарчу кхо-диъ бIешераш юкъахь, шайн жигаралла совъяккхина цара. Къепе далийна, глобализовать а дина адам ледар. Дуьххьара дуьйна аьшпех бух кхоьллина, бакъдерг харцхьадаьккхина, гуш лаьтташшехь харц доладаьхна цу «лоббистин мурдаша» кхечу халкъин, культурин сийлахьа-даккхий хIуманаш а. Адам кхоьллина а, адам кхолладелла а ага, цара дIанисдина Африкера Эфиопин лаьмнашкахь, цигара схьадаьлча санна нисдеш, хьалхарачу адаман тайпа «Хамо сапиенс» (хьекъале адам). Аса чIагIдеш дац, уьш массо а, «аьшпийн мурдаш» бу бохург. Царна юкъахь хила тарало галабевлларш а, гIалатбевлларш а. Хуушшехь харцдерг дийца а, дуьйцучух а, Дала лардойла вай.
            «Hamo sapiens» олу и адам дац, кхузаманан адам шех хилларг а, «маьIданан стаг» нацкъара тоттуш кху дуьненчохь дIасхьадаьржинарг а. Иза, готтаIалашо йолу симитин туьйра ду. Цхьа латта, цхьаъ долу адам къастийнарг бу АллахIан лаам, геологи-Iаламан хиламах бахьанаш а кхуллуш.

 
@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@
 
«Ширакавказхойн», хьалхара дахар:
«Ширакавказхойн», юьххьерачу дахаро кхиийна дехийлаш, культураш.

            Адаман сибат долуш волу маьIданан стаг, лакхахь ма-хьаххора, кхечахьара схьавеана а воцуш, Кавказан лаьмнашкахь ваьхана ву, кIезгачу барамехь тIаьхьарчу шина миллион шераш юкъахь хIетте а. И верси бакъхилар гойтуш ду, «Удобна» олучу Малхбузера Гуьржехахь карийна тешаллаш – даьIахкаш а, уггаре а хьалха, юкъабевлла хилла болу къинхьегаман гIирсаш а. Гуьржехара, Дманисан кIоштахь архиологин схьаделлар деш карийна, хетарехь долчу хьесапехь, цкъачунна, ши миллион цакхоччуш хан йолу адаман тютанаш. Уггаре а ширалла йолу и карийнарг бахьана долуш, «Хамо сапиенсах» лаьцна, дуьнене кховдийна истори хийцар тIедужу Iилманчашна» боху, цу Дманиссан проектан координатор волчу Давид Лордкипанидзес. Цулла а ши шо хьалха (1999 шо), цу меттехь карийна и тайпа тютанаш. Иштта, Азербайджанера Гудрутан кIоштахь а карийна, «ашель культуран» меттамотт а, «азыхантроп» аьлла цIе тиллиначу стеган, 300 эзар шо долу мочхал а. И тIаьххьараниг ю, «Лаьмнин Карабахера» «Азых» олу хьех.
            Кху тIаьхьарчу шерашкахь, Дманисин кIоштахь карийначу адаман тютанаш тIехь (боьрша, сте), церан хилла аматаш юхакхоьллина, царна цIераш тохкуш «Звиад», «Мзия» аьлла (хьажа, лахарчу суьрте). Цу суьрте хьаьжча, цхьаъ ду шеконе эца таралуш дерг. Иза ду, цу шиннан, африканан басах тардина чкъор. Сан хьесапо боху: «…нисдар диний техьа, африкан стандартана бухадига, Каквказан шираллера и адам а?»
            Кавказан кийрахь, кхин а каро мегаш къайленаш йолучух тера ду, хIинццалца Iилман тIегIанехь дийцинарг аркъала тухура долуш. Цкъачунна, Адам-пайхамар ваьхна зама, кIезгачу барамехь 1,7 млн. шаре татта йиш ю вайн, ваьш дохучу хьесапин новкъахь.
            Цуьндела, цкъачунна (кхин а, и тайпа долу хьесапаш карадаллалца), хенан кIоргене ца кхийдаш, цу ТIехьарачу Кавказехь йолчу хьехан цIарах цIе туьллуш, миллион хиллал долчу шерашка кхочу и тIех ширалла, дахар, доькъура ду вай кхаа декъе: «шираазыхан», «юкъараазыхан», «азыхан чеккхе» аьлла.
            а). «Шираазыхан зама» (900-600 эзар шераш тIера, 400-300 эзар шерашка кхаччалца ю).
Цу заманчохь кхоллабелла, нийса хира ду, шарбелла вай аьлча, адаман юкъ латтош болу юкъара мотт. Сийлахьчу КъурIано а боху: «Áдамна, массó /дийнатин/ цIераш Iáмийра Цó…» (2-гIа сýрат «Альбакъара» /Етт/, 31-гIа аят).
«Iилманан беша» кхевдина къамел дича а, вайн ала йиш ю шеко а йоцуш, цу юкъара маттаца цхьаьна кхиа болабелла говзаллин кхетам а, хьекъал кхиош йолу кхин тайпа элементаш а. Дуьххьара, цIе (алу) лело Iеминачу цу адамо (Кавказан шира адам), хьехаран дай хилла даьхна долу онда акхарой - «бора ча», «хьехаран лоьмаш» ишт.кх. долу акхарой а, цIеран алунаца лохкий, и хьехарш долайохуш даха хоу, шайн дахаран сибат хуьйцуш.
            б). «Юкъараазыхан зама» йолалуш ю 400-300 эзар шераш тIера, 100-80 эзар шерашка кхаччалца. Цуьнан аматаш хилла: хьоле долуш къинхьегаман гIирсаш хиларца; дагардаран элементаш юкъаяларца, сизалган аматца (веназ) ойла а, маттаца олург а дIачIагIдарца; хьалхара йозан аматаш хиларца; син (духовни) культура кхиорца; тIулг буттуш, куьйга йина коьчалаш кечъян гIертарца. КхобIе эзар шо хьалха, «вайн шира дайша», эра ду вай царех «азыхантроп», дуьххьара, куьйга йина элементаш кхоьллина хьеха чохь, ахго беш тIулг а буттуш.
            в). «Азыхан чеккхе» аьлла вай цIе тиллина зама йолаелла, 100-80 эзар шераш тIера, ширачу оьмаран 12-10 эзар шаре кхаччалца йолчу хенан юкъахь. И зама, «мустье» олу, неандертальцаша кхиийначу дахаран культурах тера, дахар долуш хилла ю. Кхийра гIирсаш кечбеш, цу кхийран ира юьхьиг йолу тIулг тIебихкина гоьмукъаш, гIемагIаш хиларца, дуьххьара прототайпанин юкъаралла кхолла аматаш билгалдовларца билгалйаьлла ю и зама. Цу заманан коьрта васт ду, кхийра кечбарца кхиамаш болуш адам хилар. Гергарачу адамех хIоттаелла, прототайпанин юкъаралла кхоллало цу заманчохь дуьххьара. Цул совнаха, юххерачу меттигашкахь хилла ца Iаш, гено йолчу кIоштанин адамашца жигаралла йолу юкъаметтигаш а хилла церан йогIуш, къаьсттина Загроссан лаьмнин адамашца. Изза кхиаман сурт долуш, Азыхан гонахьара меттигаш а хилла кхуьуш.
Кавказехь даьхна, палеолитан хенара и шира адам ницкъаца онда а, герзаца чIогIа а долуш, иштта хьекъал, синкхетам болуш, жилIалам тIехь олалла долуш, цу Iаламе шена болх байта хууш хилла ду. Ткъа, «Хамо сапиенс» олу, Африкера схьадаьллачу адамо («неоантроп» аьлла цIе тиллина «керла адам») дуьненна тIехь дIасхьадаьржаш, бухара хьекъална эшна долу адам хийцина бохург туьйра а, готта Iалашо йолучара кхоьллина деса хабар а ду. Цара дуьйцу, хьекъална эшна хилла боху и адам, цара дуьйцачу «Хамо сапиенсан» адмаца, тIаьхьарчу ткъайха эзар шарахь цхьанадаьхна хилар ду Iилманчаша къобалдеш.
            г). «Мезолитан хенара», «Зарзи» олучу культуран (ХVIII-Х-эзар ш.оь.шш) амат, Загросс лаьмнашкахь а, Юккъерачу Азихь а кхиана ду. Иза ю лакхара палеолитан а, мезиолитан а, архиологин культура, кхузаманан Иранан, Иракан, иштта Юккъерачу Азин латтанаш тIехь, шен хенахь кхиана а йолуш. Цуьнан кхиар хила тарало 18 эзар шарал хьалха а, делахь а, 18-8 эзар шераша юкъалоцу заманчохь кхиана лору иза Iилмано. «Барадостан культура» хуьйцуш, цунах эволюци йиначарех хила а тарало и «Зарзи» культура. И цIе кхоллар а нисделла, и схьаделларш диначу меттигера хьехан цIарах (кхузаманан, Иракера Курдистан). И культура кхиийнарш, таллархойн, гуладархойн дахаран васт долуш хилла. Церан таллар хилла сеш, акха варраш, акха гезарий. Церан меттамотт хиллачахь карийна, караIамийначу жIаьлех диснарг а, Iад, пхенаш а. Моттарехь уьш хилла, тIаьхьо цу меттехь (Иран, Ирак) кхоллалура йолчу культуран хьалхара дай.
            «Мезолит» олу «юкъара кхеранан зама», «керла кхеранан зама» аьлла вай цIе тоьхначу неолитан хенан юьхьигехь хилларг, вайна дикка довза йиш яц, яздина йозанан а, меттан а тешаллаш ца хиларна. Делахь а, архиологин Iилманна вай тIетевжича гучадаьлларг ду, ширачу оьмаран X-эзар шераш тIера, III-гIа эзар шаре кхаччалца йолу, дуьххьара хьахийна и ши зама (мезолит, неолитан юьхь) нислуш хилар, адам хьехарш чуьра ара а даьлла, шайн корта кIелабахьа кхалонаш, кхерчаш цо кхуллучу хенаца.
            Цу тIаьхьарчу хенан юкъахь хилла, «неолитан революци» аьлла историно билгалйина дахаро хийцамаш бина зама. Иза, адаман дахар а, кхетам а, керлачу новкъа баьккхина хенан мур бу. Массо а тIегIанан башхалла йолу хийцамаш нисбелла, цу ширачу оьмаран, VIII-гIа эзар шераш тIера схьа. Раж хIоттош, и зама вай юькъура ю шина декъе: «лард йилларан зама», «зуьретан зама» аьлла.

I. «Неолитан революци» олу хийцамаш (ш.оь. VIII-гIа эзар шераш тIера схьайолаелла зама).
            И «революци» хиллачул тIаьхьа, V-гIа эзар шерашка кхаччалца даьхна «ширакавказхойн» адамах, вай эра ду кхул тIаьхьа: «зуьрет охIла», йа «зуьрет-адам». ХIумма а доцчохь кхоллалуш дац зуьрет. И кхолладала, хила беза онда бух, лард.
«Неолитан революции» олучу муьран Iаткъам болчу меттигашкахь дехачу адаман дахарна, сиха, хийцамаш хилла. Адамна Iемина, караIемина ораматаш кхио, царех тIаьхьало йан, уьш чохь латтош а, шаьш Iен а гIишлош, гIаланаш йан. Адамо, иштта караIамийна дийнат, цу даьхнилелорца Iемина сурсаташ хила – жижиг, шура, тIаргIа, и.кх.дIаерш а. Сурсат Iалашдар, гIишлояр девзиначу адамна Iемина, керла коьчалш кхолла: сацкъарх пхьегIаш а, гIишлош а йан. «Неолитан муьран» адам Iемина, кхийра кечбан шарбеш, заьнгала беш. ТIулг кечбан хааро а, цу къаьсташ болчу муьрна, «неолит» аьлла цIе тиллина.
            Керла схьабеллабеллачу къинхьегаман аьттонаша, латталелорхошна билгалйаьхна керла анайистенаш. Латталелорхоша гергахь а, алсама а, шайн аьтонна баннаш кхуллу. ХьогIечух а, акхаройх а лардала дезачу адаман дахаран яккъаш яккхий хуьлуш, шоръяла йолаелла. Мелла а паргIата, тоъал сурсат долуш кхуьачу цу яккъашкахь берашдар а, уьш Iалашдар а, кхин болу аьттонаш совбевлла. Шорлуш долчу адамна тIедоьжна керла латтанаш, аренаш лахар. Цу хийцалучу дахаро керла хьал кхуллу, динца доьзнарг кхио.
            Вай ма-хьаххора, адаман дахаран исторехь хьалхара зуьретан а, паччахьаллалин а кхерч кхоллало Хьалхарачу Азихь хьекъар долчу Тигр, Евфрат хин атагIашкахь. Цу атагIашкахь кхолладелла халкъ, нийса хира ду: цу атагIашкахь даха хиъна ламанхой хилла адамаш, дуьххьаралера юкъараллин адамел а кхетам, Iадат, ламаст лекха, кхиаме долуш хилла аьлча. Церан тешар а, динан къепе дерзош юкъ кхуллий, цхьаъ бен воцчу Далла хастам беш хилла уьш. Шайн Делан цара йоккху цIе хилла, историно вайна йовзийтина «Халалуо», йа «Алалуо» олу цIе. Цунах лаьцна, кхечхьа хьехора ду вай.

II. «Хьалхарчу Зуьретна», лард йиллар («лард йилларан зама»).
            Яккъин, шахьаран, культуран цхьацца йолу цIераш сан ийна ю кхузаманан а, ширазаманан а цIерашца. Делахь а, историн Iилмано билгал ма-яххара, йитна ю сан уьш, дукхаха ерш.
«Ширакавказхоша» кхиийна историн яккъаш, культураш хилла:
            Онда яккъаш, туьшаш:
                    Ист. «Чатал-Хююк» (ш.оь. 7250-6750-гIа шераш), жимаазихь кхиана дехийла хилла иза «Шу-эден-на-Ки-Дуг» олу. Кхузаманан цIе, «Чатал-Гуюк» олий а йоккху цуьнан. Цу цIеран шолгIа дешдакъа «Гуюк», йа «Хююк», нах-маттахь «Гу-юкъ» (гIазкх. маьIна, «центр возвышенности»), йа «хе юкъ» (страж+центр) аьлла маьIна хила таралуш а ду.
                    «Хиджилар» (5400-5250 ш.оь.шш).
                    «Суберде» («Шу-Берд», «Шу-ба-ари-да»),
            Онда дехийлаш, гIаланаш:
            Кавказехь:
                    Шенгавит (ш.оь.III эзар шш),
            Жимачу Азехь:
                    Бурушхатум (Бара-ша-Хатта), изза «Парусханда» («Па-ари-са хан-да», йа «-хин-да»; гIазкхашха, «долинная гора есть душа, он есть властелин реки, стража»);
                    Каниш, изза Неса (кхузаманан Кюль-Тепе; /ш.оь. IV-гIа эзар шш – I-ра эзар шш юьхь. Нахичеванан АР., иштта Арменехь йолу Эчмиадзин гIалана гергахь. ш.оь. III эзар шш/);
                    Таруиша, изза Троя (III-эзар шш – ш.оь.1260/50 шш).
Кхин расо кхоьллина, дехийлаш а хилла цу кIоштах. Царех цхьацца ерш прахаттан, пракаскин ваьрраша кхоьллина хила а тарало дуьххьара, индоевропейцин раса Анатоли кхачале. Уьш ю:
                    Хаттуса (ш.оь. 17-13 бIешераш. Турция);
                    Куссара (ш.оь. 1800-1740 шш);
                    Тарс (ш.оь. VI-эзар шш – к.оь. 3-4 бIешо).
            Палестинехь:
                    Тир (IV-эзар шш),
                    Сидон (IV-эзар шш),
                    Библ (IV-II-эзар шш), и.кх.дIа;
            Цигара дехийлан яккъаш, дуьххьара, «ширакавказхойх» болчу минойцаша а, лаьттахула баьхкиначу протохурритин адамо кхоьллина ю. Цу кIоштахь, симитин орамах долу, даьлла лела ваьрраша охьахевшина дахар тIе а оьцуш, Минойан зуьрет хIаллак хиллачул тIаьхьа, шайга хьалхе дIаоьцу цара. Иза нисло, Мисаран пирIунаша, историна бевзу «гиксосаш» («Gi-Ka-Hasug», «Жи-Ка – Ха-Саг»; жалелорхой – «гиксосан Барт») шайн махкара аратеттиначул тIаьхьа.
            Сийрихь:
                    Угарит (VII-эзар шш),
                    Тель-Халаф (V-эзар шш);
                    Кархемис, изза Каркамиш («Кар-хи-мэ-са»; гIазкхашха, «крепость, река-душа закона»; / ш.оь. IV-III-эзар шш – к.оь. I-ра бIешо/.) и.кх.дIа;
            Месопотамехь:
                    Джармо (ш.оь.VII эзар шш),
                    Тель-Сотто (VII-эзар шш),
                    Шуруппак (ш.оь.V-III эзар шш),
                    А-с-сур (хьалхара мур, IV-эзар шш – 1295ш.оь.шш; шолгIа мур, 1295-614-гIа ш.оь.шо).
И гIала дуьххьара кхоьллинарш бу ширакавказхой. Амма, ш.оь. 1295 шарахь дуьйна, цу гIалан хьалхе, кхоччуш шега дIаэцна олалле деанчу ассирийцан халкъан элиша, уьш къобалбича Вавилоно, Мисарас (Египет);
                    Сузы (Шуш-гIала / ш.оь. IV эзар шш – к.оь.10-гIа бIешо).
Шорделлачу празуьретан ваьрраша, халкъаша, онда культураш кхиийна, Кавказехь а, Хьалхарачу Азехь а:
                    «Хассунан культура» (VII-VI-эзар шш. Къилбседа Месопотами);
                    «Шулавери-Шому культура» (хетарехь 6000-4000 ш.оь.шш. ТIехьара Кавказ, «Араратан акъари»)
                    «Эллам» (Эла-Лам), (ш.оь.III эзар шш – 6-гIа ш.оь. бIешаран юкъ.)
                    «Обейдан культура», изза «Эль-Обейд» (Убейд/Iу-ба-дай/; /ш.оь. VI-гIа эзар шаран чеккхе, 4-гIа эзар шаран юьхь/. Къилбседа Сийри, Месопотами, Жимачу Азин къилб-малхбале);
                     «Ярмук» культура (ш.оь.VI-V эзар шш. Иордани)
                     «Халафан» культура (V-эзар шераш. Сийри, Къилбседа Месопотами)
                     «Джемдет-Наср» культура (4500-4200 ш.оь. шш. Месопотами);
                     «Урук» культура» (ш.оь. 4.5-эзар шерашна гергахь. Месопотами).
                     «Самарран культура» (ш.оь.IV эзар шш. Палестина).
                    «Кура-Араксан культура» (IV-гIа эзар шаран юьхьиг – III-гIа эзар шаран чеккхе; сан верси - ш.оь. 4000-2200 шш. ТIехьара Кавказ).
И культура екъалуш ю, шина тайпана долчу дакъошка: «ХIордйистенан, Кура-Араксан культура», «Ламанхойн юкъан, Кура-Араксан культура» аьлла.
                    «Лайлатепен культура» (ш.оь. IV-эзар шераш, чеккхе – III-эзар шаран шолгIа дакъа. ТIехьара Кавказ).
                    «Майкопан культура» (ш.оь. IV-эзар шераш чеккхе – III-эзар шаран шолгIа дакъа; Къилбседа Кавказан малхбузен а, юккъерачу а кIоштахь зIийдиг хоьцу цо).
                    «Къилбседакавказан культура» (ш.оь. III эзар шаран чеккхе - II эзар шаран юьхь).
                    «Миноян культура» (ш.оь.III эзар шш – 1425-гIа шо. Крит гIайре).

III. «Ширакавказхой» зуьретан юьхьехь».
            а). «Эль-Убайд», «Джемдет-Наср», «Урук» олу культураш кхиийначу адмаша бух куллу, «хьалхара зуьрет» (цивилизаци) кхиора долчу латта тIехь. «Эллам», «Шумар» (ист. «Шумер») олуш, историна евзачу яккъашкахь деха адам хилла, и зуьрет кхоьллинарш. Уьш бу «кавказ-загроссхой», йа кхин а нисса аьлча «ширакавказхойн», Нухь-пайхамар шех схьавера волу раса. Цу пайхамаран адамах вай йоккхура йолу цIе ю, «нухьалш» (гIазкх., «нухит») аьлла.
Цу «нухьалша», шираллехь кхиийна бу, дехийлан меттигашца къаьсташ хилла ши мохк: ламанан «Эллам» (Эла-лам; /ш.оь.III эзар шш – 6-гIа ш.оь.бIешаран юкъ) а – ламарой болу «элламаш»; атагIойн, йа аренхойн «Сеннаар» (Сан-нана-аре, йа «сонера аре»; гIазкхашха, «угол, мать-долины» /ш.оь. V-гIа эзар шш – 1900 ш.оь.шо) а. Цу латта тIехь, хидестаро, Сеннааран «нухьалш» хIаллакбиначул тIаьхьа, кхоллалура ду «Шумар» (Шу-Мар) олу зуьрет а, хьалхара паччахьалла (ш.оь. 3.0/2.9-гIа эзар шш. - 1940 ш.оь.шш.) а. Сан хьесапехь, цуьнан халкъ хилла, «ширакавказхойн расах» долу зуьретан-адам - «прашумарш».
Делахь а, билгалйаккха лаьа кхин цхьа аргумент: А.А.Клёсовс дуьйцург мелла а вай къобалдеш делахь, вайна хьалха хIутту ши гипотеза – цхьаъ, шумарш дукхаха хилар «эрбинаш» (гаплогруппа R1b), шолгIа – уьш (шумарш) хилла бац «эрбинаш», уьш муьлш хилла ма-дарра хууш дац. Аса, къобалйо и шолгIа вариант, цо, аьтто беш хиларна кхолла кхозлагIа гипотеза – шумарш бу, кавказ-загроссан къепан, неврера автохтонаш («ширакавказхой»). Ма-дарра бакъдерг, цкъачунна хууш дац ца хиларна тешаллаш. Делахь а дегайовхо ю, и Iилма хиларна даима кхуьуш.
            «Нухьалшна», «элламашна» хьевхьеха (къилбседехь) Iуьллучу, историно «Эдем» олуш хиллачу махкара, баьхкина хила беза и прашумарш. Церан махкан, аганан дазо хилла, Урмийа Iомо, Каспин хIордо, Аракс хино, «гуттин», «луллабан» лаьмнашкара, Каспина йистехь, къилбехьа лаьттачу кхузаманан «Эльбрус» ломана тIекхаччалца. И кIошта хила таралуш ю, прашумаройн адам кхолладелла ага.
            Дукхазза, хIордан сиз айъадалар нисделла, «Iаьржачу хIордан» Iам хIоьттиначу майданахь («КерлаIаьржахIордан трансгресси») а. Цуьнан юьхьиг йолаялар нисделла, ширачу оьмаран 5-эзар шерашна гергахь, уггар лекха айъадалар, ширачу оьмаран 2-гIа эзар шераш юкъахь а долуш.
            «Каспийн хIорд» кхоьллина Iам чIогIа лахбеллачул тIаьхьа, ширачу оьмаран ворхI эзар шерашна гергахь, долало, юха айъадала цу хIордан сиз. ТIаьххьара пхи эзар шарахь, Малхбузен Европан ландшафташ тIехь хуьлу, антропогенан, чIогIа Iаткъар хаало. Цуьнца цхьаьна болало, климат шелъяларан мур а. И тайпа бахьана, меттиган тIехуленан (гIазкх. маьIна, «ландшафт») амат, куц, хатI ца хуьйцуш Iийна дац – къилбседехьара хьуьнан дазо юхадолу, къилбехьа кхоьу уьшалш совйолуш. Ткъа Кавказехь, цуьнца цхьатерра къилбехьа боьду некъ а дIакъовлало, лаьмнин когашкара кIошти бен ца юьсуш.
Хетарехь цу муьрехь, праиндоевропейцин расан цхьана декъо кхалхар диначух тера ду, Волган кIоштара кхин дIа а Малхбале. Ткъа вукха декъо (Волган эстуарий /шорделла хин хикхоче/ хуьлачу муьрехь), Балканан кIоште некъ а беш. Цул тIаьхьа, Анатолин ахгIайре а кхочура ю, цу декъан онда кийсакаш.
            Тидаме эца деза, Iилман тIегIанца нисдина бакъдерг а. Иза, хила таралуш дерг ду Тигр, Ефратан атагIашкахь тIеболачу хIордан майдано, Нухьан халкъе бала кховдош и хиш дестачу муьрехь, цIеххьана, хин бухара чоргIе ятIаро кхоьллина, тIех инзаре Iаткъам бина хилам (гIазкх. маьIна, «потоп») иза хилар.
            Хетарехь, и тайпа Iаламан-климатан хиламаш Къилбседехь а, Къилбахь а кхоллабелча, адамин юкъаралашка кхарстарш дойту бахьанаш а кхоллало: Кавказан кIоштара шина адаман тулгIено (шумарш, хурриташ) кхарстарш до Къилбседа Месопотами а (хурри), Къилб Месопотами а (шумар); Африкара, Хьалхарачу Ази кхарстар до африо-симитин расан декъо - аккадаша; Балканехула, «Анатолин ахгIайре» тIе, индоевропейцин ваьрраш догIу - протохеттиш; кхаа Iоман кIоштара (Ван-Севан-Урмийа) шираллехь дIабахначу «праарин» цхьа дакъа, Кавказ-Загросс кIоште юхадогIу – уьш бу, гIарабевра болчу «прагиксосан» («Gi-Ka-Hasug», «Жи-Ка – Ха-Саг»/«-хьовсург»; жалелорхой – «гиксосан Барт») дакъа а, Биайнилин (Ба-ийна-эли) юкъаралла кхуллара йолчу кхаа этнодекъан, цхьа дакъа а. Иштта, цу «праарин» шолгIа декъо, «Инд» хин атагIе а, кхарстарца Iаткъам (экспанси) биначух тера ду.
 
Просмотров: 1955 | Добавил: erzu | Рейтинг: 5.0/3
Всего комментариев: 0
avatar
Музыка
Календарь
«  Май 2018  »
ПнВтСрЧтПтСбВс
 123456
78910111213
14151617181920
21222324252627
28293031
Назам
Адин,Сурхон илли