Меню сайта
Время
Съезд нихалоевцев
Статистика

Онлайн всего: 1
Гостей: 1
Пользователей: 0
Главная » 2018 » Май » 25 » С ДРЕВНОСТИ ПО НАСТОЯЩЕЕ… - 5-ГIА КИЙСАК
16:42
С ДРЕВНОСТИ ПО НАСТОЯЩЕЕ… - 5-ГIА КИЙСАК
.
            Цу Кавказан йистера, Загросс лаьмнашкахула, «Дияла» хи тIекхаччалца охьа а еъна, «Тигр» хин гечоне йоьссина хила еза прашумаран и макротоба а. И адам меттахадакхха хIоьттина бахьана, лакхахь ма-аллара, хила тарало Iаламан хиламашца, хийцамашца доьзна.
            «Анатолехь» даьхна «хатта» халкъ хийцадаларан бахьана а, цу Iаламан хиламашца дуоза деза моьтту суна. Дуьххьара и макрохалкъ (хатта) хилла ши дакъа долуш: аренхой – «хатта»; ламарой – «каска». Билгалдаьллачех ду, кхузаманан «абхазо-адыган» халкъаш (малхбузен къилбседакавказхой) кхоллина прадай, и «каскаш» хилар. Аренхой хилла «хатташ», юьхь йоцуш дIабоху тIедеъначу расо шех тардар (ассимиляци) бахьана долуш. Царех хуьлу чIаьнкъадирзина халкъ «хетти».
            «Нухьалан мур» («хидестале хилла мур», гIазкх. маьIна, «допотопный период»), кIезгачу барамехь, ш.оь. 4700-3000 шераша чулаьцна оьмар ю. Иза чекхйолу, ширачу оьмаран 3000 (± 50-100 шш) шерашна гергахь, исторехь, «всемирный потоп» аьлла билгалдаьлла хидестар хилча. Цу хидестаро хIаллакдо, атагIой хилла «нухьалан (нухьиташ) халкъ» а, церан дехийлаш а.
            Цу махкахь тIаьхьие кхион а, латтана, Iаламна бина Iаткъам меттабан а эшна цхьа хан. Цу хенан мур хила беза, хетарехь долчу, ширачу оьмаран 3000-2900 (± 50-100 шо) шерашна юкъахь.
            Нухьал-шумаран динца йоьзначу оьмарна бевзина муьраш бу: «Алалун оьмар» (ХIал-Эла /цхьаъ Дела/ лору мур) 4700-3800 ш.оь.шш; «Анан оьмар» 3800-2900 ш.оь.шш; «Энлилан оьмар» 2900-2000/1900 ш.оь.шш.
            Ш.оь. 4700-3000 шераша кхоьллиначу хенан гура юкъахь билгалйаьлла зама вай лара еза, цхьана, нухьалан халкъаца зIе йолуш. Шумаран халкъан оьмаран хан ю, хетарехь 2900-2000/1900 ш.оь.шерашна юкъахь. Цу, цхьа генетически орам болчу шина халкъо (нухьал-элламан праадам) кхиийначех ю «Обейдан культура» («Эль-Обейд»; Убейд; ш.оь. VI-гIа эзар шаран чеккхе, 4-гIа эзар шаран юьхь), иштта «Джемдет-Наср» а, «Урук» а культураш.
            б). Дукхаделин текъам-дин тIеэцначу Къилб Месопотамехь, цуьнца цхьатерра, юкъадолу (ш.оь. 34-33-гIа бIешерашкахь) йозанан аматаш. Церан бух тIехь, тIаьхьо, шумарша зайл-йоза кхиийна. И йоза, еттанчу экъанаш тIедаккхар бахьана долуш, кхузаманан адаман аьтто баьлла и ширалла йовза.
            в). Ширачу оьмаран V-IV эзар шерашкахь, Къилбседа Кавказе дIадахна «кавказ-загроссхойн дакъа» - прахурриташ. «Майкопан культура» (ш.оь. IV-гIа эзар шераш чекхдовлуш, III-гIа эзар шераш юккъедовлачу муьрехь) кхоьллина долу и ваьрраш, «Iаьржа хIорда» йистехула, «ТIехьарачу Кавказе» а, Хьалхарачу Азе а юхадоьрзу прашумаройх дасделла лаьмнаш а, Нухьал халкъах йисна «Шина хин юкъ» (гIазкх. маьIна, «Междуречье») а дIалаца. Иштта цаьрца цхьана ала мегара долуш, Балканера протохеттин ваьрраш а (уьш, цу муьрехь бац, цхьаа юкъ йолуш хатташца), Анатоли догIу.
Хидестаро Iаткъам бина, гIелдина бухара автохтонан ваьррашна, Невр Месопотамехь а, Сийри-Анатолехь а, мелла а тардар до индоевропейцин расо – протохетти. Ткъа ламанхой болу «праурарташ», «гутти», «луллаба», «касситаш» даима баьхна бу лаьмнашкахь, и «элламхой» санна. Церан дахарна, хидестаро Iаткъам бинехь а, боллу ламарой хIаллакбина бохург, теша йиш йоцург ду. И чурхе, тIаьхьо дийцаре юьллура ю вай.
            г). «Хатташна» («ха-тIе»; гIазкх. маьIна, «стража на /горе/»), «индоевропейцин» (лувийцин , неситин , палайцин ) хIуьно ассимиляци йича, хилла чIаьнкъа къам (хетти) иза делахь а, шайн культураца, ламасташца, васташца «хаттах», «хурритех» дисанарг шайца алсамо хиларна, гергара бу ала йиш йолуш хилла ду и «хеттин» чIаьнкъа халкъ. «Каскаш» олу ламанхой, лакхахь ма-аллара, цIена бисна «хатташ» («ха-тIе»; гIазкх. маьIна, «стража на /горе/») бу, «ширакавказхойх» болу автохтонаш. Билгалдаьлла, «абхазо-адыган» халкъаш (малхбузен къилбседакавказхой) кхуллура долу, прадай уьш хилар а.
            д). Цхьана, «ХIал-Элана» (ист. «Алалу», изза «ХIал-Да» - ламаройн вариантехь) хастам бечу «нухьалан» халкъана девзу, Цунах, накъост туху «цIу-дин», цIулла. Иза, цу махка деанарш, бухарчу халкъана марздинарш бу, Африкан гIайре тIера кху махка оьхуш, хIордаца махлелорхой хилла, «африо-симитин расан» векалш. Царна, шайн Iаткъам болу, къаьстина махбаран-экономикан яккъаш оьшуш хиларна, цхьа васт, цхьа дин, цхьа низам долу и мохк, и халкъ декъар, коьрта Iалашо хилла церан. Кхузара схьа оьмар йолуш ю, «Декъа – олалла де» олу, африо-симитин ойлано кхоьллина, цIенна церан орам болу и формула. «ХIал-Элана» накъостий беш, цу махкахь, суьртан хьесапехь, адамо цIу-дели кхуллу: «Ан», «Ки», «Энкида», «Нинкурсаг» и.кх.дIа а. Цу «ХIал- Элас» (цу заманчохь, АллахIан йоккху цIе иштта хилла), Нухьа-пайхамар вогIийту и галадаьлла «нухьитан халкъ» иймане дало. Шех накъостий тоьхна, уллера захалонаш деш лартIера даьлла, «нухьитан халкъ» хIаллакдо Дала.
            ж). Цу оьмаран 3100-2900 (± 50-100 шо) шерашкахь, Кавказ лаьмнашкара деъначу адамо – «ширакавказхоша», «Шумар» аьлча евзура йолу, хьалхара, пачхьалкхан амат кхуллу.
            «Шумаран мур». Цу муьро чулоцу хан, сан екъна ю ялх декъе:
            хьалхараниг - хьаьвхьера, нухьалех басбеллачу махка, Тигр хица, къилбехьа кхелхинчу халкъо, «бохаман тIаьхьие, цхьалхайоккху мур», йа «дахаран яккъаш юхакхуллу/юхаденйо мур» (3100-2900 ш.оь.шш. /± 50-100 шо);
            шозлагIаниг - «шумаройн лехам – ойла, дин, бахам, Iедал, йоза» (2900-2750 ш.оь.шш./± 50-100 шш/ лаьцна юкъ);
            кхозлагIаниг - «юьххьерапаччахьаллин (гIазкх. маьIна, «раннединастический период») хенан, хьалхара мур», (2750—2615 ш.оь.шш. юкъ);
            йоьалгIаниг - «юьххьерапаччахьаллин (гIазкх. маьIна, «раннединастический период») хенан, шолгIа мур», (2615—2500 ш.оь.шш. лаьцна юкъ);
            пхоьалгIаниг - «юьххьерапаччахьаллин (гIазкх. маьIна, «раннединастический период») хенан, кхозлагIа мур» а, (2500—2315 ш.оь.шш. лаьцна юкъ), симитин ваьрраш довзар а. Цу муьрехь, Къилб Месопотамина девзу африо-симитин макродаьзалан юккъера «аккадойн» («а-къа-дай»; гIазкх.м. «/они/есть отцы греха») ваьрраш а, массо тIегIехь церан хилла Iаткъам а;
            ялхалгIаниг - «чеккхенан, чIаьнкъаллин мур» (2315-1900 ш.оь.шш. лаьцна юкъ). Нухьал-шумаройн йоза а, ша «шумаран культура» а, кхоччуш шайн долайоккху симиташа цу муьран чеккхенехь.
            Кхечу кIошташка даьржа кхиана и цIу-динан лазар, кхоччуш дIа ца даккхаделлачух тера ду Хьалхарачу Азин дегIа тIера, цу хидестаро, «нухьитан халкъ» хIаллакхдинехь а. Шумарша, шайн коьрта, «хIаваан делах», «Энлиль» олуш хилла. Цуьнан бахьана хила тарало, хидестаро лашкадаьккхина латта дакъадан хIаваъ, цу хIавао кхуллу мехаш эшарна.
            з). Аравин ахгIайрена тIе сехьадолу «африо-симитин» даьлла лела ваьрраш, мел дукха хан лерича а, ш.оь. 28-27-гIа бIешерашкахь. Цу халкъо (прааккадаш) керла ницкъ лой, юха а даьржа цу Хьалхарачу Азин, къаьсттина, къилбехьарачу агIонгахь «цIулла» олу и ун, кхуллуш тIаьхьо, кхаа эзаре дIакхоччуш хира волу цIуй. И бахьана долуш, цу цIуйн цIарах, адамо шаьш шайна хIаллакдан доладо. «Ша-шех дажар» (гIазкх. маьIна, «самопожирание»), керлачу аматан таIзар хилла, цу АллахIан иза.
                    «Гинчи-Гатын-Кале» культура (ш.оь.1700-1400 шш. Нахч-ДегIаста).
                    «Каякента-Харачойн» культура (ш.оь.1300-900 шш. Нахч-ДегIаста).
                    «Триалетан культура» (2200-1500 ш.оь.шш. ТIехьара Кавказ).
                    «Колхидан а, Колхидо-Кобанан культура» (ш.оь.13-7 бIешераш; ш.оь.1200-400 шш. Малхбузера Гуьржеха, Нахчоьнан лаьмнин юкъ а, малхбузе а). 
                    «Дурдзукети» («дур-д-зу-ка-ти»; «Дур-дукъ-тIе»; ш.оь. 5-гIа бIешо – 2-гIачу бIешаран юьхь. Гуьржехан лаьмнаш. Къилбседа Кавказан лаьмнин юкъ. Нахчичоь). 
                    «Ал-Банан культура» (Шира-ал-Бан) , (ш.оь.300-гIа шо - к.оь. 396-гIа шо. ТIехьара Кавказ, Нахч-ДегIаста).
                    «Ван/свиеда/-Алан-Асан барт» (ш.оь. II-гIа бIешераш – к.оь. I-ра бIешаран чеккхе. Къилбседа Кавказ. Донан кIошта. Протоскандинаваш).
                    «Аланан оьмар, культура» (ш.оь. 65 – к.оь. 1239 шш; Iаьржа хIордан йист а, «Меотин культура» а юкъара яккхича юьсу, Каспи хIорде кхаччалца йолу Къилбседа Кавказ) кхиаран мур, кхаа декъе бекъана бу сан:
          а). Аран-Ван-Аланан хьалхара дахар (ш.оь. 65-гIа шо – к.оь. IV-гIа бIешо. ТIехьара Кавказ. Къилбседа Кавказ).
          б). «Аланан юккъера дахар» (к.оь.IV-VIII-гIа бIешераш. Къилбседа Кавказ).
          в). «Аланин пачхьалкх», чаккхе (к.оь. 9-гIа бIешаран чеккхе - 1239-гIа шш. Къилбседа Кавказ).

         2-гIа жамI:  Кавказ-Загросс лаьмнин къепехь дебна адам (иза ду, «ширакавказхойн раса») дIасхьадаьржаш, ширадахаран культураш («Халафан», «Убайдан», «Урукан»*, «Лайлатепен», «Майкопан»*, «Самарран»*, «Хассунан»*, «Шулавери-Шому», «Кура-Араксан»*, «Миноян»*) кхуллуш Кавказехь, Къилбседа Кавказехь, Хьалхарачу Азехь, хьалхара зуьрет дуьненчохь кхоьллиначех ю, «ширакавказхойн» и онда этнотоба. «Хидестаран муьрал» хьалха деъначу масех бIешарна юкъахь, Нухьан халкъаца, юкъаметтигаш яхкина хилла, хIордаца махлелорхой болчу африо-симитин халкъан векалшца. «ХIал-Эла» (ист. «Алалу») олу, цхьаъ бен Дела воцучу «ширакавказхошна», цIу-дин (язычество) довзийтинарш а бу, и африо-симиташ. Вовшахкхетта ша-тайпа махбаран юкъараллаш (полисаш) яхкархьама, цхьа васт долу адам а, церан и васт а декъана цу африо-симиташа. Делахь а, гIашлелар долу «африо-симитин» этнотобанаш, хьалхараазин халкъана кхоччуш евзина зама ю, мел дукха а ширачу оьмаран, 27-24-гIачу бIешераш тIера схьайолу хан.
 
@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@
 
«Намо сапиенсах» лаьцна ойла.
            Кхузаманан дуьненан Iилманан дай болчу а, керла кхоллалуш долчу хьалкъин хьалханчаш болчу а лоббисташа къобалдина, кхуллуш ду даима аьшпийн туьйранаш, бакъбоцчу бух тIехь кхоьллина истореш, харцахдаьхна тешаллаш, уьш ду бохуш «бакъдерш». Къаьсттина, кху тIаьхьарчу 300-500 шераш юкъахь, шайн жигаралла совъяккхина цара. Къепе далийна, глобализовать а дина адам ледар. Дуьххьара дуьйна аьшпех бух кхоьллина, бакъдерг харцхьадаьккхина, гуш лаьтташшехь харц доладаьхна цу «лоббистин мурдаша» кхечу халкъин, культурин сийлахьа-даккхий хIуманаш а. Адам кхоьллина а, адам кхолладелла а ага, цара дIанисдина Африкера Эфиопин лаьмнашкахь, цигара схьадаьлча санна нисдеш, хьалхара адаман тайпа, «Хамо сапиенс» (хьекъале адам) аьлла.
            Вай тидаме ца оьцу, Адам кхоьллина боху «Инжил мурдин» хан а (Адам кхоьллина, лакхара доза цара лоруш ду 5300 шо), цуьнан тIаьхьие (Намо сапиенсаш) кхоллаелла боху хенаш а. Дуьне кхоьллина хан а, цара дийцарехь лакхара, лахара доза долуш ю. Масала: 5969-3761 шераш юккъера дазо. (Антиохан Феофилас боху, дуьне кхоьллина 5969 шо хьалха, ткъа жуьгташа 3761 (иудейаша) шаре охьаяккхина и хан. 5872 шо ду, Инжилан 70 тидархоша, йа 70 гочдархоша хIоттийна терахь. Вайна хаьа, иза бакъ доцийла. Делахь а, ялх дийнахь Ша дуьне кхоьллина АллахIас бахарна, вайн гIийла кхетамо, Адам-пайхамаран хан а, 5969 шаре хьалайига тарало. И тIаьххьараниг (Адаман хан), нийса йюьй? Йанне а йац!!!
Дуьненан Iилмана вай тIетевжича гучадолург ду, кху тIаьхьарчу бIешарахь доьазза (40, 60, 100, 160 эзар шераш) хийцина хилар, шаьш, вай тешо кхоьллина цу «Хамо сапиенсан» хан.
            Материалистин а, Дарвинан а философиш кхоьллина ю, дуьненан адам, рогIерачу кхераме гIуллакхаш (авантюра) юкъакхосса, шаьш куьйгалла а деш. Тахана цара кечбеш бу, «демократин дахарна» бух кхуллура болу, «Инжило» къобалбеш бу боху юккъера кхетам - хийцар. ГIазкхашха «божье сын» олу цу тIера (Инжил) и кхетам а, хийца лерина цара «божьи дети» аьлла. Вайна дика девзу, ши эзар шо хьалха керста дин кхуллуш, «Iиса пайхамар, Делан кIант ву» аьлла, цара галадаьккхина адаман цхьа дакъа. Кхоъ эзар шо хьалха, цара адаме кховдабо «тхо, Дала хаьржиначех ду» боху кхетам а. Цулла, жимма хьалха цара дIакхайкхадо: Ибрахим пайхамар хилар шайх а, Ур-ГIалара а олий. Цуьнан дахаран оьмар шираеш, «Хьалхара, аморреян династин» оьмаре дIахьо цара, хьалхара цивилизаци къагийнарш, къагийначех шаьш хила. Цара дийцарехь, Адамний, Ибрахимний юкъахь ткъа да бен хилла вац. Цо чулоцу хан ю (20 х 35 шо=700 шо) 700 шо. Бакъ дуй иза? Данне а, аьттехьа а дац! Герз доцу бIаьргана а гуш ду, Инжилан цхьадолу ламаст хилар, цIенна кхолларан амал йолуш. КъурIанан деза аяташа (3-гIа суран, 71-гIа, 78-гIа аяташ), иза иштта хилар билгалдеш а ду.
Хетарехь, вай тергаме эцца Iен йиш йолуш дац, Инжилан цхьацца йолу компиляциш (бух таллаза, кхечо бина таллам шен цIарах дIаязбар, йа цу кепара болх), вай иштта хьекъале маьIна до ойланийн некъ а бу, тергамехь хила безаш. Амма, бакъ доллуш цхьаъ ду чIагIдан, иза, адам кхиарца йоьзна хронологи харцхьаяккхина хилар а, цуьнца цхьатерра, дерригдуьненан истори а.
            Бакъдерг, заа (хIуманин тешаллаш) а, цуьнан некъахо болчу ойланийн некъо (логика) а боху, хьалхара адаман дахаран хан, кIезгачу барамехь 1.75-1.8 млн шо долуш ю (Дманиси. Гуьржеха). Азыхан (Лаьмнин Карабах) схьаделларша а гойту, и барам хилар 450-250 эзар шераш чулоцуш. Иза иштта делахь, адам схьадаьлла ага Африкехь дац, Азихь ду, кхин а нисса аьлча, Кавказ-Загроссан лаьмнин къепехь. Кхин а нийсаниг хира ду аьлла хета суна, цу адаман и ага, Къилб-Кавказан кIоштахь нисдича, цуьнца цхьатерра кхуьуш хила таралахь а, кхин зуьретан кIошташ а. И тайпа хила тарало кIошташ, цкъачунна дуьненна евзуш яц, Атлантидах лаьцна дуьйцу туьйранаш ца лерича. Керла схьаделларша ширалле теттиначу хено тIедожадо континенташ екъалучу, лаьмнаш кхоллалучу оьмаре вайн ойла кховдор. Цига кхевдиначу ойлано къобалдо, лакхахь хьахийна, «хамо-сапиенсан» адам кхиош йолу ага-пхьалгIанаш масех хилла бохург.
            Сан хьесапехь, уьш хила тарало 6-7 («Кавказ-Загроссан лаьмнин къеп», «Малхбалеафриканан лаьмнаш», «Пиренейан лаьмнаш», «Балканан лаьмнин къеп», «Урал», «Сино-Тибетан лаьмнин къеп», «Америка»). И санна дерг дийца, вай хийца беза лард кхоьллина баххаш, дуьне довзарца болчу вайн кхетамехь мукъне а. Вай кхетта хила деза, «Адаман оьмарна» луш йолу 5-6 эзар шо, иза, туьйранца йоьзна хан а, тилабелла энжеде (гIазкх.аьл., «грубый») адамин кхетам а хилар. Кхузахь, данне а догIуш дац дийца, «тхо ду хьалхараниш», йа «Дала хаьржинарш» боху, цхьацца долчу этносин, расан деса хабарш. Суна хетарехь, вай кIезга тергалдан деза, готта Iалашо йолучеран и харцлер, кхоьллина гIурт. Иза лара еза, и гIурт кхоьллиначеран проблема (проблема – шуьйрачу маьIне диллича, теорица а, практикаца а доьзна чолхе хаттар ду иза талла а, кхочушдан а деза). Цу гIурта тIехь кхоьллинчу историно, доллу адаман дахарна еш ерг новкъарло ю. Вай, церан и герз тергалдан дезаш дац.
            
            ДуьнентIехь кхолладелла, кIезгачу барамехь пхиъ макрораса: «кавказо-азиатан», «африо-симитин», «монгола-китай-австалийцин» («Тийна Iапказан»/Тихоокеанский/, вуьшта аьлча, Камчатки тIера Австрале кхаччалца долу «малхбален Iад»), «американ», уггаре къона лору «индоевропейцин» а.
            «Американ раса» хила тарало, кхин цу Мисаран зуьретал къона йоцуш. Адамна хьалха лаьтта, керла къайленаш схьаеллар, къаьсттина климатан, геологин кIошташца доьзна, дуьне кхиаран Iилмаш Iамош. Кхузаманан историн тешаллаша, адаман ойланийн некъо, меттиг юьтуш яц авантюристашна, бакъдерг харцхьадаккхархошна.
            Лакхахь дийциначунна тIетевжаш вай дийра ду хьалхара жамIаш. Теша йиш юьй Инжалах? И ала мел хала делахь а, яц! ХIунда аьлча, дуьненчохь дисна ца хилар бакъдолу и Яздар. Теша йиш юьй вайн цхьацца долчу хьадисах а (ас дуьйцурш кIезгабакъдолу хьадисаш ду), цу Инжилан бух тIе тевжина диначу гочдаршна (тафсир)? Аса боху, дац! Ца хиларна кху дуьнентIехь, КъурIан а, зайл-йозанан экъанаш а йоцурш (дукха хьолехь, нийса гочъеш яцахь а), майрра тIетовжа томехьа долу, яздина тешаллаш. Шина тайпана и тешаллаш, хIинца а шен кIоргехь къайленаш а, кхин маьIнаш долуш а ду, къийсадаларшца йоьзна майда кхолла томехьа. Масала, Нухь пайхамаран кIентийн цIераш (Сим, Хам, Яфет) КъурIана тIехь хьахош яц, кIентий хьахьабахь а. И цIераш ца хилча, ала йиш юьй вайн Сим кIентан тIаьхьиенах доладелла симитин га бохург? Дац! Бакъду, кхин халкъаш кхолладелла цуьнан кIентех, амма ца кхолладелла Африкера симитин раса-м. Иштта делахь, Африка, шена юкъахь Кавказ йолу Ази а, уллера гергарло доцу кIошташ ю, кIезгачу барамехь кху ахмиллион шарахь кхолладеллачех хIетте а. Изза хан ю ца алахь а, «ширакавказхошна» уллера га ду ала йиш йолуш дац вай, индоевропейцин расан декъах а, иза делахь а, цхьана гIадан IаддаргIан га.
            Муьлхха а бакъдерг хуьлу, шиъ кхеталу дийцар долуш – динца а, дуьненан Iилмица а, и шеа, сан кхетамехь цхьа Iилма делахь а. Амма, цу цхьана бакъдолучух дина ши дакъа, цхьаьнацадар хира долуш, биллам бу шина дийцаре биллина. Вуьшта аьлча, шиъ бакъдерг ду кхоьллина: цхьаъ – динан, юьхьйоцчу ойланца а, шолгIаниг – билггалйолу хIуманца а. Ткъа вайн декхар ду, куьйга кхоьллина и дуьхь-дуьхьала латтор дайъа, ойланийн некъаца цхьаьнадогIуш нисдеш дуьххьара дуьйна, йа кху тIаьхьарчу масех миллион шарахь.

            Дала Адамах, Хьавах дебийна и адам, шен говзаллин кхетамца а, дахарца а, дуьххьара, дийнатан дахарна тIех генадаьлла доцуш хиллехь (ца лерича, цунна Iемина /Iамийна/ хIуманин цIераш), ира тIулгех, дечигах бина къинхьегаман гIирсаш а, цIе а лело цунна Iемича, кхузаманан Iилманчаша «Homo sapiens» олу, говзалла карайирзина адам хуьлу цунах. Историн дахарехь яккхийра гIулчаш йохуш, таханалерачу дийне схьакхаьчначу цу «Homo sapiensаn» оьмар, кIезгачу барамехь ахмиллион шераш тIера йолалуш хила еза. Ца еза, вайга (адаме) кхийдочу 35 а, йа 160 эзар шераш тIера йолалуш-ам.
ТIаьхьарчу хенахь дина схьаделларша гайтарехь, и оьмар, шина миллионан ширалле дIататта езий те аьлла, ойла а кхоллало. Бакъду, кхул тIаьхьа Iилманан цIарах къамел дан вай гIерташ делахь, и оьмар, кIезгачу барамехь кхобIе эзар шаре кхачо еза. Цу хенал хьалха, ладаме хиллачу дахаран тешаллаш карийна ца хиларна, «адаман ага ду» бохучу Эфиопин махкахь (Африка) а.
            Амма, «и тайпа адам дуьххьара Эфиопехь долчу лаьмнашкахь кхиана а, дуьненчохь цигара дIасхьадаьржина а ду» боху кхетам бу, «жуьгташа» тахана чIагIбан гIертош берг а, цара, дуьнене кхийдориг а. Соьга хаьттича, иза нийса дац. Иза, вайга кховдийна харц некъ бу. ХIунда? Цкъа делахь, адаман тобанаш ехаш хилла меттигаш, лаьмнашкахь хилла ю дукха хьолахь, къаьсттина, цу лаьмнин къилб агIонашкахь дахар а долуш. ТIепингаша, довха хиша (гейзераш) аьтто болу мискъал-климат (микроклимат) латтош а, кегийра акхарой, тIиэн хатте (рельефан пояс) хьаьжжина даа ораматаш долуш и лаьмнаш хиларна а, цу меттигашкахь даха хууш хилла, шен говзаллин кхетамца генадаьлла доцу шира адам. И тайпа меттигаш хилла Кавказан, Европан, Юккъерачу Азин, Хьалхарачу Азин, Эфиопин, Индо-китаян лаьмнашкахь. Эфиопин лаьмнашка диллича, гIолехьа дацахь ледара ца хилла Кавказера, Юккъерачу, йа Хьалхарачу Азин жилIалам. И жилIалам аьхана долчохь, адаман дебар а хилла дика. Алсама адам дебча, лаьмнаш дита дезаш хилла цу адаман цхьа дакъа. Цу адамна дуьсуш дерг, аренан керла мохк лахар а, цу мехкан Iаламе хьаьжжина дахар кхоллар а хилла. Цу махкахь ша дахар кхолларе хьаьжжина бен, болар а ца до цо дIасхьадаьржаш. Вай дицдан йиш яц, акхаройн васт. Иза ду, ша доладеш болчу махка тIе, кхин экха ца долийтуш, мостагIаллин амал цуьнан хиларца дуьйзина. Шира адам, иштта вайн шира дай а кхин цу акхаройн амална генабевлла боцуш, и тайпа инстинктаца (дегахьехам) доза долуш йолуш хилар, шеконе эца йиш йолуш дац вай.
            Доцца аьлча, дуьххьара, дуьне ма-дду дIасхьадаржа дезаш дерг Хьалхарачу Азира а, Кавказера а адам хилла. ХIунда? Цкъа делахь, Хьалхарачу Азира жилIалам Африкан континенте диллича ниIмате хиларна а, шолгIа делахь, 15-12 эзар шо хьалха хин кема хIун ю хууш доцу Эфиопин адам, Европе кхочуш бан беза некъ, хIорда тIехула, йа цу Кавказехула бен ца хиларна а. Цара ма-бохху хилча а, «экхан инстинкт дIаялаза долу адам» хIаллакдеш бен, цу махкахула тIехдала йиш йолуш хилла дац «Hamo sapiensан» адам. Ткъа и тайпа «глобални къийсам, вайн шира дайша латтийна» бохург, данне а доцург а, цхьаццанашна хуьлийла луург а ду. Цундела вайн, шеко йоцуш ала йиш ю, «африо-симитин» орамах долу «Hamo sapiensan» и халкъ, дерригдуьненчохь дIасхьадаьржина дац, мел кIезга а, кху тIаьхьарчу 12 эзар шаре кхаччалца хIетте а. Кхин а, и оьмар гергаозош аса эра дара, симитин халкъаш Хьалхарачу Азехь даьржина хан, мел дукха а 5-6 эзар шо бен хира яц, шира оьмарца цхьаьна. Иза гучадера ду, комплексни таллар дича архиологина а, кхин тайпа долу тешаллаш хьесапе оьцуш листича, теллича а.
Европан лаьмнашкахь кхианарг, цу Европехь дIасхьадаьржина. Кавказехь кхианарг «Ши хин юкъ» олучу Месопотамехь, Жимачу Азехь, Кавказ /Арарат/-Загроссан лаьмнашна гергахь а, тIаьхьо Къилбседа Кавказехь а дIасхьадаьржина. Индо-китаян лаьмнашкара адам «Янцзи», «Инд», церан могIара долчу даккхийра хишца, иштта Генара Малхбалехь а, Къилбседа Америкехь а даха хиана. Эфиопера дIасхьадаьржиначу адамо кхоьллинехь, «Нил хица долу зуьрет кхоьллина» ала йиш йолуш ду вай. Делахь а, шаьш «жуьгташа» иза тIе ца дуьту. И зуьрет кхоьллинарш, шаьш а доцуш «хамиташ» хиларна, хила а мега иза. Доцца аьлча, кхузаманан адам шех хуьлуш, шайн кхетам а, аматаш а хуьйцуш долу и шира адам, шайн-шайн, гIазкхашха аьлча, «ареал обитания» олучу меттигашкахь кхиана ду, Адаман кIезга йолу тIаьхьиенаш, дуьненан еа маьIIе дIасхьаяхначул тIаьхьа. Цара хаьржина дехийлан меттигаш, шеко а йоцуш лаьмнаш хилла.
            ХIун бахьана хилла цара и лаьмнаш харжар? Уггаре а хьалха кхерамазалла, шолгIа, даа рицкъ хиларна. Цу ширачу заманан лаьмнаш, къаьсттина цуьнан экваторехьа йолу агIонашкара маьIданаш хьоле хилла, шайн басешкахь кхуьуш хьаннаш а, цу хьаннашкахь дукха акхарой а, олхазарш а долуш. Адамана дахар кхолла, аьхана мохк хилла и тайпа меттигаш. Лекхачу лаьмнашкахь черчий, лу, хьех, хьехаран лоьмаш, иштта кхин долу кегийра акхарой хилла. Ломахь таллар дан а, шен кхерамазалла ларо а атта ду, лахенгара еса аренашкахьчулла. Дуьненчохь адам кIезга хиларна, ламнашкара талларо хуьлийту рицкъ а, даарца доьзна хьашташ кхочушдан тоамехь хилла. Делахь а, адам дебаш ду. Дебначу адаман декъана тIедужуш ду, шайна, кхечу меттехь керла дехийла кхоллар.
            И шайн лаьмнаш дуьтуш, уьш дIасхьадала доладелла хан, боккхачу барамехь цхьа бIе эзар шерашна гергахь бен а хилла яц. Делахь а, цхьа юьхьиг йоцуш, Дала кхоьллина дуьненан цхьаа хIума хила йиш йоцун дела, шех адам хира долу Адам-пайхамар а, дебна цуьнан тIаьхьиенаш а, цхьана меттера дIасхьайовлар, барам боцу генара хаттар ду.
            Делахь а, КъурIанан масех сура а, церан аяташ а дало лаьа суна, лакхахь айса хьахийначу гипотизано билгалйоккху хан а, зама а мел дукха, цхьа-ши миллион шо хан йолу геналла бен ца хилар билгалдоккхуш. Цул хьалха хилла хенан мур, Iорабаккхар тIехь со охIла вац. Мелла а, сайн кхетаме хьаьжжина жамI дан гIуртара-м ву со, КъурIанан тешалашна тIетевжина.
            КъурIанан шолгIа суран, 117-гIачу аято боху: «Иза ву, тамашена стигланаш а, лáттá а кхоьллинарг …» (2-гIа сурат Альбакъара /Етт/, 117-гIа аят).
ДоьалгIачу суран, хьалхарачу аято боху: «ХIай /нáх/ адамаш!* Кхéра шайн Дéлах, Шá шу цхьана /Áдаман/ дéгIах кхоьллинчу, цунах /цуьнан пIенданах/ цуьнан зуда /Хьава/ кхоьллинчу, цаьршиннах дуккхá бóжарий а, зударий а /кхоьллина уьш дуьнé мел ду/ бáржийначу...» (Аннисáъ /Зударий/ олу 4-гIа сура, 1-ра аят). 7-гIа суратан, 168-гIачу аято боху: «Оха, уьш бийкъара, лаьтта тIехь умматаш (юкъараллаш) деш. Царех бара дика берш, царех бара уьш боцурш а. …» (7-гIа сурат, 168-гIа аят).
10-гIа суратан, 19-гIачу аято боху: «Адамаш дацара цхьа умматти бен (юкъаралла), уьш декъаделира (барт боьхна). Хьан Делера дош хьалхадаьлла ца хиллехьара, царна юкъахь кхел йийра ма яра, уьш бекъабеллачу хIуманна тIехь» (10-гIа сурат, 19-гIа аят).
            Лулара Африкан, Индин литосферан ши пилта, «ЦIенхIордан» рифта йолчохь, меллаша дIасхьайоьдуш ю боху, шарачохь, цхьа-ши сантиметра генайолуш. И бахьана долуш, цу хIордан куьзга доккха хуьлуш, гонахьара латтанаш хин буха дахна. Цхьана хенахь, кхузаманан «Баб-эль-Мандебан» хидоькъе йолчохь хилла латтан тIехуле, цу ширачу заманчохь хин буха дахначух тера ду, «Аденан чуIанохула» «Индин Iапказан» хи цу палеоIоманна чухьодуш. Тахана, цу «ЦIен хIордан» шоралла 200-350 км тIехйолуш яц. «Баб-эль-Мандебан» хидоькъехь а ю 26.6 км готта.
            Iилманчаш дийцарехь, цхьа миллион шара юккъехь Африкан, Аравин бердаш дIасхьадевра ду 50-70 км («ЦIен хIордан» шоралла хира ю къилбседехьа 165 а йолуш, къилбехьа 500 сов км). Нагахь санна, Iилманчин и хьесап нийса делахь, 4.7 эзар шо хьалха и хидоькъе мелла а готта хилла, цуьнан гомхалла йолу дакъа, хетарехь, Крымера «Сиваш» олу меттиг санна а йолуш. Цу меттигехула, Хьалхара Азин латта тIе сехьадаьлла ду, ала йиш ю вайн и африо-семитин расан орамах долу адам. Амма, лоббист-Iилманчин туьйранин баххаш тIе а ца тийжаш, симиташ сехьабевлла хан, бурамаш юкъадевллачу хенаца вай нисъяхь, иза бакъдерг хира ду. Ткъа иза, маца хила тарало? Шеко а йоцуш, Месопотамехь хидестар хиллачул тIаьхьа. Цу хенал хьалха хила таралора иза, цу хидестаро хIаллак ца динехьара хин кеманаш, и кеманаш лело говзалла йолу адам, хи тIехь леларца доьзна Iилма хIаллак ца хиллехьара. Цундела, цхьаа къамел хила йиш яц, IV-гIачу эзар ш.оь.шерашкахь, Хьалхара Азина, симитин лаьттахула лела адам девзина бохучунна гонахьа. «ЦIен хIордан», малхбалерачу бердаца долу лаьмнин дукъ доцург, йоллу Аравин ахгIайре, хин бухаяхна хила а тарало, цуьнан аренгара шера латта тIехь гIум тосуш.
            Цу АллахIан сураша а, церан аяташа а гойту, дуьххьара кхоьллинарш стигланаш а, латтанаш а хилар. Цул тIаьхьа, вайн латта тIехь «Адам» (А-да-Ма) цIе йолу адам а кхоьллина, шолгIа кхоьллина хилла, цунах ялла сте - «Хьа-ва». Уьш ду хьалхара адамаш. И адамаш деба доладелча, царех кхоьллина юкъаралла хилла, цхьана АллахIана (ХIал-Эла, ХIалалу, ист. «Алалу»*) хастамбар а, тешар а долуш. Цу юкъараллин барт а боьхна, уьш дуьне ма-дду дIасхьакхиссар а билгалдолу вайна, цу аяташна тIетевжина маьIна дича. Тахана къастийна дац и Адам-пайхамар кхоьллина меттиг а, цуьнан тIаьхьиенаш дебча, уьш дIасхьакхиссале, хьалхара юкъаралла яхна меттиг а. «Кхузахь хилла бу и хилам» ала йиш йолу, бакъдерг дац вайна девзаш. Бакъду, шеко-м ю вайн, «Кавказан кIошта-м ца хилла те и меттиг?» аьлла кхоллалучу ойланца юьйзина.
            Ши миллион ца-кхоччуш хан йолу адаман тюта а, кхин йолу дIаьIахкаш а ю Кавказан кIоштахь (Гуьржийн мохк) карийна. «Азыхан» хьеха чохь а карийна, кхобIе эзар шо долу адаман мочхал а, дахаран туп а. Цундела ю, и тайпа йолу ойла, вайн кхоллаяла йиш. Ткъа Инжил тIехь дуьйцучух цхьацца дерг, шеконе эца йиш а ю вайн. ХIунда аьлча, цу тIехь дукха хIуманаш, хенан йохаллица, адамо ша хийцар бахьана долуш.
            Дуьнанчохь, кхаа вешех адам дебна бохург а, шеконе оьцу аса. ХIунда? Цкъа делахь, АллахIа боху: «дуьне ма-дду, Ша дIасхьакхиссина адамин юкъараллаш».
            Дуьненчохь хидестар а, локальни агIо йолуш хилла ду. ХIаллакдинарг, Нухь-пайхIамар шех схьаваьлла, цуьнан халкъ (юкъаралла) бен дац. Бакъду, нуьхьалан халкъ доцург а, цу бохамо лаьцначух тера ду кхин а халкъаш. Масала: Индин ахгIайренан а, Африка континентан малхбален йистера адмаш а. Ткъа вукха, дуьне ма-дду дIасхьадаьлла хиллачу халкъах хIун хилла?
            Пхи эзар шо сов хьалха, хилла хидестаран хилам вай къобалбеш белахь, ши миллион шо хан йолу гуьржийн махкара тюта а, «Азыхан» хьеха чохь карийна кхобIе эзар шо долу адаман даьIахк а вайна тешаллаш а делахь, бакъдолуш вайн ала йиш ю, Везачу АллахIа, дуьненчохь деха массо а адам хIаллакдина ца хилар. «Нуьхьалан муьрехь» а, цхьа дакъи бен хIаллакдина дац. «Адам», адмаш кхоьллина, кхолладелла зама вайна евзуш а, евзура йолуш а йац.
            Инжил тIехь дуьйцу, Нухь-пайхамаран кхаа кIантах хилла боху адаман кхо га, (кхоъ адаман макрораса /доьзал/), хидестарца билгалйаьллачу хенал хьалха а, цул тIаьхьа а, шен-шен дахаран кIошта йолуш даьхна ду. Уьш ю: Африкан континент, Малхбален агIонгара «Юкъара Азии» олу кIошта, иштта «Кавказ-Арарат-Загроссан» кIошта а, шеца юьйзина Юххера Малхбале а йолуш. Цу кхаанах, тIаьххьара хьахийначу кIоштахь хилла бу, и хидестаран бохам а. Цигахь а, дерриге халкъ хIаллак ца дина АллахIас. Цул совнаха, Нухь-пайхIамаран доьзал а, иштта пайхIамарш а дийна битина, царех юхадебош церан тIаьхьиенаш. И сан тешалла бакъдеш долу, аяташ дало лаьа суна.
23-гIачу суран, 23-гIачу аято боху: «Бакъдолуш, Оха Нухь вахийтара цуьнан (шен) халкъ долчу…» (23-гIа сура, 23-гIа аят). Ткъа 32-гIачу аято а боху: «Оха вахийтира уьш болчу, царех шайх волу элча…» (23-гIа сура, 32-гIа аят). 23-гIачу суран, 31-гIачу аято а боху: «Царна тIаьххье Ша керла тIаьхьие кхоьллира» (23-гIа сура, 31-гIа аят). АллахIас ца боху: «…Ша, юкъаралла кхоьллира», Цо боху: «тIаьхьие кхоьллира». Ткъа уьш, «шумарш» бу, Нухь-пайхIамаран доьзалан тIаьхьиенах долу, йа цуьнца генетикан уллера гергарло долу кавказхойн дакъа. Ткъа вуьш ерш (тIаьхьиенаш) хила еза, «хьалхара нухьитин» хенара оьмар йолу «ширакавказхойн расан» юкъараллаш (хурриташ, нахи-хурри, ари, «хана-субарташ», элламаш, гутти, каскаш, касситаш, нах-урартуой, манаш, ишт.кх.дIа) а, цкъа, «индоевропейцин мотт» буьйцачу расах дIауьйра йолу тобанаш а (масала, «хатташ»). И некъ вайга бойтург яра империш а, цу империна бохкабеллачу Iеламчаш-Iилманчаша бакъдерг хьулдеш, вайн кхетаме харц тешалла диллар а.
            Инжил тIехь вуьйцачу «Нухь-пайхамаран кхаа кIантах», «кхаа вешех дебна ду, дуьненчуьра доллу адам» боху кхетамца, вайн ойла юьйзина хиларан бахьана ду, АллахIас, Ша диссийначу деза тептарех тешалаш бахарна. Делахь а, вайна хаа дезаш ду, кхин цхьа АллахIан дош: «ХIай китаб (Деза Яздар) охIал! Бакъдерг хIунда эдо аша харц долучуьнца? Бакъдерг шаьш хьула а деш, шаьш хууш а доллушшехь» (3-гIа сура, 71-гIа аят).
«Боккъалла а царех ю тоба, шайн маттаца Деза Яздарш (Китаб) хуьйцуш берш, шуна моттадалийта и Яздарш бакъдерш ду. Цара баха а боху: «АллахIана гергара схьа ду». Уьш юьйцуш а бу АллахIана тIе харцо, шаьш боллушшехь хууш» (3-гIа сура, 78-гIа аят).
            Вай теша бакъдолчу тептарах (уьш хилла, Дала бахарна), амма ца теша, дуьненчохь тахана даржийначу харц тептарех. Цу юкъахь дац КъурIан. Делахь а, масаллина аьлла, аса дало тарало цу тептарш (Инжил, Забур, Товрат) тIера, теша томехь долу тешаллаш, вайна хетарг, бакъ долучуьнца дустачу, йа хаздечу меттехь.
            Кхаа вешин цIераш а йохуш, КъурIана тIехь къастийна ма дац, хидистиначул тIаьхьа дебна, дуьненчохь мел деха адам, цу вежарийн тIаьхьие ю бохург (масала – негроидаш, американой, китайцаш, кхин тайпа, дуткъий бIаьргаш долу адам). Нухь-пайхамаран хила томехь йолу тIаьхьиенаш ю «протошумаройн», «протохуррин», «протоэлламойн» халкъаш - гуттин, луллабан, касситин тайпанаш кхуллура долу, цхьанаораман генаш.
            Доцца аьлча, «Нухь-пайхамаран тIаьхьиенах хилла кхо га ду иза» бохург юхатоттуш: Дац! – олу аса «симиташ», «хамиташ» олу генаш-ам! Иштта, «кавказхой» юкъара дIакъастийча, буьсуш болу цхьаболу «яфеташ» а. Делахь а и «яфеташ», «ширакавказхой» хила таралуш бу, цхьана гIодан, IаддаргIа йолчу ган адамаш, Iаламата ширачу геналлехь дIасхьакъаьстина а долуш.
            Адам-пайхамаран хан юьцучу заманчохь, вайн чIагIдан йиш йолуш ду, «адам цхьа орам болуш ду» бохург. Амма, Нухь-пайхамаран зама хьахочу хенахь, «доллу кхузаманан адам, Нухь-пайхамаран тIаьхьие ю» бохург, иза Iаламата доккха гIалат а, бакъдоцург а ду.
            Кхузаманан Iилманчаша макродоьзалш хьахочу заманчохь, «яфетех ду» аьлла, цара хьахош долчу халкъаш юкъара цхьаболу «кавказхой», бакъдолуш Нухь-пайхамаран тIаьхьиенех бу. Генеологин Iилма зоьш, иза листа деза аьлла хета суна, цхьацца болчу макродоьзалах Iилманчин лаамехь тоьхна, цхьадолу халкъаш, шайн бакъйолчу тIегIане хIитто.
            
            3-гIа жамI: «Теллиначу Iилмано» (наука), «Hamo sapiens» олу адам дац, кхузаманан адам шех хилларг а, «маьIданан стаг» нацкъара тоттуш кху дуьненчохь, Африкера дIасхьадаьржинарг а. Иза, готтаIалашо йолу симитин лоббин туьйра ду. Адам схьадаьлла ага а, цу Африкехь дац, Азихь ду, кхин а нисса аьлча, «Кавказ-Загроссан лаьмнин къепехь». Цхьа латта, цхьаъ долу адам къастийнарг бу АллахIан лаам а, геологи-Iаламан хиламаш а. Шеко йоцуш, адам кхиарца йоьзна кхузаманан хронологи харцхьаяккхина ю, цуьнца цхьатерра, дерригдуьненан истори а.
            Кху дуьненна тIехь, адаман дахаран гаьнгали хилла кIошташ, лакхахь ма-хьаххора масех бен яц – «Кавказ-Загроссан лаьмнин къепе», «Малхбалеафрикан лаьмнаш», «Сино-Тибетан лаьмнин къепе», йа «Индокитаян», иштта, царелла тIаьхьа кхиана «Европан», «Уралан», «Юккъера Азин», «Американ» лаьмнин дахарш а. ДуьнентIехь кхолладелла, кIезгачу барамехь пхиъ макрораса: «кавказо-азиатан», «африо-симитин», «монголо-китай-австалийцин» («Тийна Iапказан»/Тихоокеанский/, вуьшта аьлча, Камчатки тIера, Австрале кхаччалца долу «малхбален Iад»), «американ», уггаре къона лору «индоевропейцин» а.
            Цу меттигашкахь кхолладелла адаман цхьацца долу гаьнгалеш, кIезгачу барамехь, цхьаъ, йа цхьаъ ах миллион шераш долуш хила еза. Вуьш дерш, деса хабарш ду. Вайна ладаме ерг ю «Кавказ-Загроссан лаьмнин къепе». Уьш лара мегара дац къастош Кавказан, Загроссан лаьмнаш а, церан кийрахь даьхна хьалхара ваьрраш ша-ша а. И ши лам, вовшех къасто йиш йоцу цхьана къепан ши тIам а, «ширакавказхойн раса» кхолладелла юкъара ага а ду. Иштта и раса лара мегара дац, тIех шираллехь кхолладеллачу, Африкера, «хамо сапиенс» ду олучу адамах (африа-симиташ) а. И раса кхоллаелла, меттигерачу коьчалан бух тIехь – праадам (Iилмано «неандерталец», тIаьхьо «кроманьонец» олу адаман бух). И тайпа «хамо сапиенсан» адам кхиийна ага-пхьалгIанаш, дуьненна тIехь, кIезгачу барамехь ялх-ворхI хилла ю. ХIунда? Вайна ца хаарна Адам-пайхамар кхоьллина хан. И хан а хиларна, хетарехь шина миллион шаре дIагIуртуш.
            Вайна ладаме ерг, царех кхоъ ю - «Кавказ-Загроссан лаьмнин къепе», «Малхбален Африкан лаьмнаш», «Европа-Уралан хьакхадаларша» кхоьллина, юкъара ю ала мегара долу къепе а.
@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@
Просмотров: 1745 | Добавил: erzu | Рейтинг: 5.0/2
Всего комментариев: 0
avatar
Музыка
Календарь
«  Май 2018  »
ПнВтСрЧтПтСбВс
 123456
78910111213
14151617181920
21222324252627
28293031
Назам
Адин,Сурхон илли