Меню сайта
Время
Съезд нихалоевцев
Статистика

Онлайн всего: 1
Гостей: 1
Пользователей: 0
Главная » 2016 » Июль » 8 » "ШОВДАН КОЬРТЕРА ТАРХАШ" = кху тептаран кхоалгIа кийсак
00:35
"ШОВДАН КОЬРТЕРА ТАРХАШ" = кху тептаран кхоалгIа кийсак
          Малхо, дийнахь сарралца бохбиначу бIаьвнан пенах букъ таIийна Iачу къаночуьнан тергаме хьежаро гIелдина бIаьрган негIарш, тIеттIадийшира кIезгачу ханна. Кхунна хезаш хилла берин зевне аьзнаш хийцира, цу шираллера деъначу къора озо. И аз а, меллаша зевне доьрзуш, шираллехь дисна цхьа де карладоккхуш, цу дийне дIадигара, цунах деш беран аз. Ираеллачу ойлано мокха сурт хIоттийнера. Къаночунна гора, хIинца бераш ловзуш болу гу а, цу тIера сийна бай а. Амма, кхунна хеза берин аз дикка гергахь дара, вукха берин аматаш Iаьнарх дIаийнера.
 
DIKBERD-SILSILA.md.png

          Кхунна, гIенах гуш бу онда оькъам. Цуьнан тIапа экъа кхоьллиначу акъари тIехь, болх беш ду адамаш. Цара, тIулгах еш ю бIов. БIаьвнан йоттар, неIаран хила езачу нартоле кхаьчна айъаелла. Болх бечу дена гергахьийзаш, цуьнга цхьацца дийца гIерташ ву, кхо-диъ шо кхаьчна жима кIант. Ден тидам ша дечу гIуллакхна тIебирзина белахь а, шега, могIера хеттарш дечу кIантана, юкъ-юкъа жоьпаш ло дас а. Ченаш гулайина, цу тIе хи дуттуш поппар биначу кIанта, тIулгаш тIеттIа а дохкуш, шен болх а ца сацош, хеттарш до дега: «Да-а! Кху Войшпо, вайн цIа лардийра ду? Войшпи бIаьг ира бу? Цунна, тур ца оьшу, ца оьший? Да-а! Ва, Да-а ца оьший? Велакъежий, дас а, шен балха тIера тидам ца хадош, шена гергахь Iачу кIанте а хаттар до: «Дикберд! И Войшп, йан мукъне а хIун ю, я мичхьа го хьуна иза?» олий.
          - Ва, Да-а! Вой…, Войшп яц, чIара санна…? Ахь еш ю-кх. - А-а! Ваешап юьйци ахь?
          - ХIаъ!
          - Хьуна мичхьа го кхузахь Ваешап? Со, Нартол еш ма ву. Хьажал, кхузахь неI хира ю. Хьевзана, цуьнан лакхе ю хIара, кху буха хIиттийна гIоьнан ламеш дIабаьхча, гIалаговзанчан дозалла хира ду кхунах. Хьа боху, со «Вошп» еш ву? Вошп хьа ву хьо а, и хьоьга аьлларг а. – аьлла велавелира, дехьо тIулган экъанаш хьокхий, я йистош кегйой уьш тIекхоьхьуш бохкачу вешин берашка а хьаьжна.
          - Нанис элар, кху чIажан Войшп хира ю ахь еш ерг.
          - А-а, хIинца кхийти со, бух, мичара орам болуш бу. ХIа-хIа, хIара бIов-гIала хира ю. Ткъа Ваешапан тIули, и хьалла схьачучу гу тIехь хIоттае бохуш, шайн дайша лелийнарг, аса леладойла луучу хьан ненан Ирсбеки туьйра ду, хьоьга сан корта лебойтург?

          И жима Дикберд вара, хIинццалца, бай тIехь ловзачу берин терго еш Iийна воккхастаг. Меллаша хьалагIаьттина, къилбехьарачу, хIинца а малх тIера дIашаршаза болчу агIонгахь, бIаьвнан пенаца лаьттачу гIантана тIеволавелира къано. Ша караэцна кхакха, меллаша цу тIулган гIанта тIебуьллуш, Iин тергаме оьцуш охьахиара иза. КIант вара, цу чIажехула цIаван везаш.
          Дикберд, «хой» олучу ваьрран стаг ву. Доьзткъе пхиъ-ялх шо хьалха, кху метте схьакхелхиначех бара цуьнан дай, дуьненан хийцамаша, цу хийцимин Iаткъамо шайн махкара меттахбахарна кхуза кхачийна. Кхуьнан шира дай Iийна и ага а, тахана хIара веха мохк а, доккхачуьнга диллича цхьа мохк бу, моцах дуьйна «Дай-Iа-хи» олуш хилла болу.
          Буоранун хин (Евфрат) хьастехь а, «Чорох» олучу хино кхоьллиначу атагIехь а, историн генара йоцчу хенахь, кху латта тIехь онда нах-хуррин пачхьалкх яра «Дай-Iа-хи» цIарца ехаш. И пачхьалкх йохначул тIаьхьа, «грекаша», историна бухадуьтура ду шайн тешалла, цу махках олуш «Таохи». Амма шаьш нах-ваьрраша, цу махкан цIарна чубиллинарг «Тхо-Iа-хи», я «тхо Iа мохк» олу кхетам бара. И цIе ю, тахана а, Дикбердан заманхоша цуьнан йоккхург. Иза бу иштта, лакхахь ма-хьаххора, историна, «Диауэхи»
1  цIарца бевзу мохк, кхин а шуьйра а, боккха а хилла болу. 
          Доьзткъай пхийтта шо хьалха, Дикберд дуьненчу вала кхин пхи шо а долуш, эрмалойн паччахь Тигран-ШолгIаниг (95-55 шш паччахьаллехь хила волу) паччахь хIутту шен махкахь. Цул хьалха, масех шарахь, Парфан паччахьан цIенна, ленакаравелларг хилла ву иза. Цо шена маршо оьцу, малхбалехьара мохк а лой. Иштта, иза резахиллачух тера ду, малхбузехьа, Парфина хьогIе болчу махка гIорта, керла меттиг схьалоцуш (гIазкх., «экспансии»). Цуьнан аьтто хилла, шайн маршо ларош долу хурри-нах ораман ваьррех, ханна бартахой беш пайда эца а. Цу хьолан аьттонца, хье ца луш Тигран паччахьалле вогIу. Цо, малхбузехьа кхарстар до, ш.оь. 95-гIачу шарахь, «Софена» олу мохк дIалоцуш. Билгалдан деза цхьаъ, иза, пхибIе доьзткъа шо хьалха, эрмалоша, цу махкара, шайн машаре экспанси йолийна хилар урартуойн махка. Ткъа хIинца, Тигранас сатуьйсу Евфратал дехьара мохк, Понтан Митридат волчу Евпаторс дIалоцу. Цуьнан йоI, Клеопатра ялайо Тигранас, иштта шен стунден бартахо хуьлуш.
          Персехь кхоллабеллачу гIучIах пайда оьций, цу Тигранас, ша сатийсина атагIа дIалоцу 88-85 шараш юкъахь. Цхьаннах бозуш хилла боцу, Таохин (Дай-Iа-хи) мохк гIотту. Делахь а, цуьнан бахархойн ницкъ ца тоьу, империн ницкъех пайдаоьцаш лелачу Тигранна дуьхьала латта. Оцу хенахь нисло, Дикбердан диъ шо кхаьчна а долуш, цуьнан дай, къилбера, кху неврера кIоште схьакхалхар.
          Ткъа Парфица машар биначу Тигранас, церан, малхбузехьара мехкашдIалецарца йоьзна Iалашо, кхочушян гIурту и паччахь. Сийрин неврехьара цхьа дакъа дIалаьцна ца Iаш, цул тIаьхьа Килики а, Финики а гIурту иза, Каппадокин масех гIала дIа а лоцуш. 70-гIачу шарахь, деа шаро лаьцначу муьрехь, Iаткъаме паччахь хуьлий лаьтта иза, Хьалхарачу Азин цхьана декъа тIехь. Кхузаманан, Iилманан тIегIа шайн карахь йолу лоббица барт карийначу эрмалоша, цу масех шаро лаьцначу муьрах, «Великая Армения» олий, харц тешалла кхуллу. Иштта цIе йоккхуш, хилла бац и мохк цкъаа.
          Толамаш бохуш воьдачу Тигранца доьзначунна, ханна, юкъагIерташ ца хиллачу Римана, оьшуш хилла дац, цу кIоштахь цуьнан чагIвалар. Жимачу Азехь ша схьадаьхначу мехкашна кхерам хилар кхеттачу Римо, цкъа хьалха Митридат Евпатор эша а вой, ведча, иза тIеэцначу Тигранна дуьхьала тIом болабо, сихха, цуьнан пачхьенна го биначу Лукуллас. Тигранкерт схьаяккхиначу цу тIеманбаьччас, иза талоре юьллу. Эрмалойн пачхье йоьжначул тIаьхьа, сиха, дIакъаьста цо тIелийцина хилла мехкаш а. Цуьнан Iуналлехь биснарг хуьлу, эрмалойн этнос дукха дехаш болу жима мохк. Амма, Помпей коьртехь волу керла гIо Римера кхаьчча, Тигранас, сиха машар лоху цу Римаца. Иза нисделира, Митридат веллачу 66-гIачу ш.оь. шарахь. Эрмалоша империи кхолла дагахь тIелийцина мехкашца цхьаьна, и эрмалойн мохк Римана бухабоьду, цу меттигна шайн цIарах Iуналла дар, цуьнан паччахьашна тIе а дожош. Царех, шайн лаамехь боцу, пачхьалкхан дукъ тIеэцнарш (гIазкх., «вассал») бо цу Римо.
          Ширачу оьмаран II-гIа эзар шарашкара дуьйна, Къилб-Малхбален «IаьржахIордайистера» дIа малхбалехьа а, къилб-малхбалехьа долу мехкаш, паччахьаллаш хилла, хурри-нах ораман адамо кхоьллина а, церан ваьрраш дехаш а. Митанни импери йоьхча, хуррин халкъо цу паччахьаллах йисна кескаш дIахьо, урартуой бехачу малхбалехьара кIоште а (Урарту), иштта невр-малхбалерачу «Дай-Iа-хи» олу махка а. Урартуойн махкара паччахьалла, импери ю ала хьоле дерззалца, хуррин коьрта юкъ хуьлий лаьтта и «Дай-Iа-хи». Цара къобалвийриг хилла, шайн шира дайшкара схьа, коьртаниг волу цIу-дела «Тейшеб» («ТIо-йа-Ша-ба). Цуьнан лулахь хилларг бу «халда-халибан» мохк «Халдийа», иштта «ХIал-Да» цIуна хастам бечу нехан ага а. Иштта, цу шина халкъана лулахь дехаш хилла, кхин долу ваьрраш а: «моссиникаш» (массо-некъи), «дрилаш» («дар-или»), церан тIаьхьенаш лара мегара долу «санариш» (Са-На-ари, я «-аре»), хIордахой-талорхой болу «чанахиш» (ча-нахи), аренца беха «тибаренаш» (тIе-ба-арена), «фаз\с\ианаш», «скифинаш», «макронаш», я изза болу «махалонаш», царел, массарелла неврехьа беха «колхиш» (кул-хи, кIол-хи), ишт.кх. долу ваьрраш а, цу ваьррин мехкаш а. Уьш массо а, нах-ораман ваьрраш хилла дац. Царна юкъахь хилла ду, хаттан орамах долу ваьрраш а, Жимачу Азин малхбузехьара, къилб-малхбузехьара даьхкина шира ваьрраш а. Масала, «моссиникаш» (массо-некъи) олу этнотоба кхоллаелла бух а бу масех. Цундела уьш, барт болуш бац. Царна юкъара цхьацца долу ваьрраш, церан цхьадолу ламасташ хьесапе эцча, вай ала йиш йолуш дац, уьш кавказхошца гергарло долуш ду. Церан цхьадолу гIиллакхаш, акхалла йолуш ду, кхин а нийса аьлча, хьайбанин васт долуш.
          Ткъа цу кIоштахь дехаш хилла царех доцурш а. Масала: «Халибан тайп, уггаре а майрачех дара, церан махкахула тIехбовлачу «эллинех» леташ, куьйган тIом бора цара … мостагI бIаьрга гича иллеш а, хелхарш а дора цара» - бохург яздина Ксенофонтас. Шира историкаша, цигахь дехачу массо а ваьррел «уггаре а майра ваьр», «массарелла бIахьалалла йолу ваьр» олурш бу, «хурри-урартуойн» орамах болу и халда-халибаш а, дрили-санариш а, иштта хой а. И «санаарин» ваьр а ду, шираллехь, цхьа эзар ахэзар шо хьалха Мисар махкара аратеттиначу, «жи-ка-хасуган» (гиксос) тIаьхьенех кхолладелла.
          IаьржахIордан йистенашкахь кхолладелла хилла грекин лаьцнамехкаш. Дуьххьара, уьш машаре некъашца кхуза кхаьчнехь а, тIаьхьо царех хьогIе лулахой хуьлу. И хьалхара лаьцнамехкаш кхолладелла зама, ширачу оьмаран VIII-гIа бIешаре дIагIуртуш шираллера ю. Ткъа VIII-VI-гIа ш.оь. бIешарашкахь, цу хIордан йистошца кхоллало ондийра лаьцнамехкаш (гIазкх., «полис»): Трапезунд, Керасунт, Фасис (кхузам. Поти), Диоскурида (кхузам. Сухуми), тIаьхьо — Питиунт (кхузам. Пицунда), ишт.кх.е. а. Дуьххьара, уьш (грекаш) совцу меттигаш хилла, ондий долчу дехийлашна гергахь. Жим-жимма, махлелош тIеоьхучара стоммадеш, шордеш хилла и дехийлаш. Меттигера ваьррашца цхьаьна, цу лаьцнамехкех, тIаьххьаре а дукха адам деха, махбаран юькъ хуьлуш хилла. Цу грекаша, кху махкахь йоцу хIуманаш чу а кхоьхьуш, кху махкара дIакхоьхьуш хилла хьун, вёта, цу вётах дина кIадеш, аьчках бина гIирсаш, кхин тайпа хIуманаш, цIукарчий, дашо, иштта лай а. И тайпа хайр кхуллуш лелош берг, механа беза боцу, лайн къинхьегам хилла. Мичара болуш хилла и леш? ТIемаш бечара йийсар вина мостагI, шайна тоъал бахамехь балхана а буьтий, бисна лай, лаьцнамехкашкахь бухкуш хилла цу бухарчу автохтонаша. Ткъа грекаша, хийрамехкашка дIакхуьйлуш хилла уьш, цигахь, беззачу мехах бохка. Меттигерачу сийдиначу чкъоьро и лен къинхьегам боцург а, бахархойн къинхьегамах а пайдаоьцуш хилла бохург ду, историно, кхузамане кховдийнарг. Уьш, дукхаха берш хилла къебелла бахархой, маьрша хиллехь а. Иза нисделла, цкъа цхьаъ хилла юкъаралла йоха йолаелча, цхьаболу цуьнан декъашхой а, къебала болабелча. И тайпа болу бахархой, атта оьгуш хилла цхьаннин олаллин кIела. Царех, ахдазар долу бахархой хуьлуш хилла тIаьххьаре а, цу хьал а, сий а долчу юкъараллин декъан. Делахь а, шира юкъараллин уьйраш хилла цхьаалла латтош а, тIех Iаткъаме доцу дахар лелош а.
          «IаьржахIордйистехь» (гIазкх., «Причерноморье») деха ваьрраш хилла, «юкъаралла-тайпанан» дIахIоттам болуш. И тайпа юкъараллин коьртехь хилла «тхьамда», я баьчча, иштта «Ваьрран Кхеташо» а. И кхеташо, коьрталлин меже хилла, шена чубогIуш хьекъалалла долу къаной а, уггаре лараме болу къонахой а болуш. Цу кхеташоно луьстуш хилла, массеран а дакъа долу башхаллин хаттарш (тIеман а, машаран а хаттарш; Iадатан бакъо, цу юкъара элементаш; ламасташца, дахарца нисло галаморзахаллаш, ишт.кх.дIа а.).
          Кавказхойн, цу ламаройн кегийра юкъараллин, вовшашца тIемаш бар нислуш а хилла, юкъара кхерам тIехIоьттича цхьаалла гайтахь а. «IаьржахIордйистенан», къилб-малхбалехьа дехачу ваьрраша, Персица латтийначу инзаре къийсамехь а, маршо яккхина хилла цара, Iожалла гIолехьа хеташ лен дахаралла. Иза нисделла, ш.оь. V-гIа бIешаран шолгIачу декъехь. Мукъадевлла ваьрраш хилла макронаш, моссиникаш, тибаренаш, халдаш, халибаш, хой, ишт.кх.дI. а. Иштта, цу Iаткъамна бухара ялла хилла Колхидан пачхьалкх а.
          Амма, ширачу оьмаран I-ра бIешараш юккъедоьлхачу муьрехь, кху маьрша кIоштан кхечеран санна ницкъ ца тоьу, Помпей коьртехь волу, маса тIетаьIна «эчиган легионаш» совцо. Уьш массо а (Колхида, Картли, Армении, Таохин мохк), Риман бухайоьлху къовсамехь ца лараелла. Делахь а, алсама цу Кавказехь шайн Iаткъам хилийта, Риман, цу мехкашца доттагIалла лело дезна, IаьржахIордайистенан кIошташкахь болу церан Iаткъам алсама а болуш. Цу муьрал хьалха, цу яхначу шираллин хенахь, цкъаа, гуьржех долу халкъо Iуналла деш хилла яц хIордйистенан и кIошташ. Цу мехкан дай хилларш бу кулхиш а, кхин долу ваьрраш а, шайна юкъахь жигаралла ерш, нах-хурри ораман ваьрраш а долуш. Цундела, «Таохин мохк» бовза, вай доладала деза Чорохи (Чхьар-хи) хин атагIара.
          Историн агIонашка кхевддиначара, вай кхин цкъа а, доцца хьахора ду, кху «Тхо-Iа-хи» олучу махкара жилIаламах, географин меттиган тIехуленан (гIазкх., «ландшафт») амат, куц, хатI гойтуш долчу суьртех дерг. Тахана цу Чорохи, я «Чхьар-хино» бо некъ бу дохалла долуш, Турцин дазо тIехь 412 км а, 26 км Гуьржехан махкахула а. «Араратан лаьмнашкара» (кхузам., «Армянин нагорье») арадолу цу хин атагIа кхоьллинарг бу, цунна аьрру агIонца болу «Малхбале-Понтан (Каскин лам, я Пархар) лам» а, шолгIачу агIонца лаьтта кхузамано «Месджит» олу дукъ а. Бакъду, шен хьастера арадаьлла и Чхьар-хи, цу дукъаца къилб-малхбузехьа охьа а доьдий, и дукъ чекхдолучохь цIеххьана хьевзий, юха неврехьа хьаладоьду. Понтан ломара, «Кюкюрти» (К-ю-корт) олу куран (бохь) когашка кхачале, «Шевшетан дукъ» дуьхьала нисделлачу меттехь аьрру агIора а доьрзий, «Iаьржа хIордана» чудужу и хи. Таохин махкахь, шина тайпана хиш ду «Месхетин», «Суранан» (Лихски) лаьмнин даккъаша кхоьллина дазо бахьана долуш. Кавказера массо а хиш «Iаьржа хIордана», я «Каспи хIордана» чуэгош, хидоькъе хилла дIахIоттийна, цу шина ломо и кIошта. Церан когашкахула охьадоьду Кура хи а, йоллу Кавказехула чекхдолуш ду, шен хьаста Таохин махкахь а долуш. Кхин цунна генадоцуш, хьасташ долуш ду Евфрат, Тигр, Аракс хиш а.
          Таохин мохк а, хIумма къаьсташ хилла бац шен вастаца, ламастаца Митаннин, Сийрин, Къилбседа Месопотамин, я Кавказан лаьмнашкахь хиллачу кегийра а, даккхийра а долчу мехкин дахарах. Цу махкахь леллачу бакъоно, юкъаралла, шина декъе екъна хилла «маьрша адам», «лай» аьлла. Цу махкахь хилла юьртабахаман къинхьегам, жилIаламца (гIазкх., «климат»), я географин хьолаца (гIазкх., «фактор») нисбина хилла. Хиш лела атагIаш готта а, лаьмнин гунаш долуш а хиларна, дукхачохь церан аьтто ца хилла, шуьйрра, хидуьллу къепаш кхолла. Делахь а, цу махкахь хилла бу, латталелоран, даьхнилелоран, иштта корматаллин гIуллакхаш кхион аьттонаш. Латталелор дукха меженаш (гIазкх., «отрасль») йолуш хилла, географин рельефе хьаьжжина - ялталелор, бошмашлелор, кемсашлелор, кIумалан, вётанан ораматаш кхиор а долуш. Иштта, дийнатлелор а, дикка кхиамаш болуш хилла цу махкахь къаьсттина ламанхойн. Лаьмнин лахенашкахь доккха дийнат а лелош, лаьмнашкахь лелош дерг хилла, дукхаха кегийра дийнат (уьстагI, газа, маша до бежнаш, ишт.джIаьла-Iу а.) а. Говраш кхиоран гIуллакх а, лекхарчу тIегIанехь хилла цу ваьррин. Цул совнаха, цу махкахь ламанхойн а, аренхойн а кхиаме хилла, накхармозий лелоран гIуллакх. Иштта, кхиамаш болуш хилла корматаллаш ю: дечигпхьеран, тIулгапхьерин, дато-дешин пхьеран, куьпчийн, машабозаран, кIадийдаран, цIестапхьеран, бес-бесара эчиг «дийриган» гIуллакхаш. И тIаьххьараниг, къаьсттина тIегIа (гIазкх., «роль») йолуш хилла «Арарат лаьмнин», Диуаэхин (протокулхин) мехкашкахь. Цу лаьмнашкара яржина ю, дуьненан дахарна революци йина йолу, цу гIуллакхан тулгIе. Иза ю, эчиглалоран корматалла.

 
KAZNA.md.png

          Хьалхарачу Азихь «эчиган оьмар» кхиийнарг, «хатта-хурри-урартуойн» ораман халкъаш хилла, коьртехь дерш, «халибан» («хьали-ба», я «хьоле-ба») ваьрраш а долуш. ГIели, даш долуш болчу «урартахошна» а, шен хенахь цIаста латтийнарг, хIара, «Диауэхи» («Дай-Iа-хи») мохк хилла. Царна Iемина хилла, варкъах исбаьхьа хIуманаш ян. Цу махкахь, шираллера дуьйна девзаш хилла ду эчиган тайпанаш: «эчиг», «стигалан эчиг» (гIазкх., «метеорит»), «Iаьржа эчиг», «дика эчиг» (болат), «кхерчан эчиг». Цу эчигца болх беш болчу пхьерех, «эчигдийриг» олуш хилла. Эчигах йо хIуманаш, балозна гонахьа кеп а йой, цхьацца, ша-тайпа исбаьхьа хIуманаш еш хилла, лаьлла эчиг цу кепаш чу а дуттуш. Къаьсттина и мохк кхиаме хилла, Iаьржа эчиг кечдан хаарца.
          Куьпчийн гIуллакхехь а еш хилла, Iаьржа заьнгале кхийригаш хуьйцуш, цIен сацкъаран кхийрах йина хаза пхьегIаш. Цу пхьераша иштта болх беш хилла варкъаца, дашоца, детица, куьзганца, деза тIулгашца.
          Къаьсттина башхалле хилла, кIадийдаран гIуллакх а. Колхидан кIоштахь деш хилла дуткъа кIадий, генарчу мехкашкахь ладаме, лекха мах болуш а хилла. И кIадий деш хилла, дохьарца (гIазкх., «ткацкий станок»).
          Махлелоран гIуллакх кхиаме хиларе терра, цигахь лелаш, меттигера «колхидки» олу дети ахча хилла, цхьана агIора адаман корта а, вукха агIора дийнатан корта а болуш. И тIаьххьараниг, дукха хьолахь бугIанан корта хуьлуш хилла. Цул совнаха, цаьрца цхьатерра лелаш хилла, эллинин паччахьех таралуш, арахецна дашо ахча а. Кхузамане кхаьчна ду, Римо Колхидехь хIоттийначу хьалхара паччахьан (гIазкх., «марионетка»), Аристархан дашо ахча (ш.оь. 52 шо). Ткъа «колхидкаш» лела зама, масех бIешо хилла, ш.оь. VI-гIа бIешара тIера. «Колхидан культуро» чулоцу кIошта, цхьана Гуьржехан латта тIехь хилла Iийна яц. Цуьнан дазо, кхин а шуьйра хиллачух тера ду, кIезгачу барамехь чулоцуш, «Диауэхи» цIарца («Таохин мохк»/«Тхо-Iа-хи») историна бевзу хIара мохк а, иштта кхин йолу кIошташ а. Уьш, кхузаманна билгалаевлла ю ишттачу цIарашца: Biani, Husalhi, Didini, Seriazi, Ultuza, Qadaini, Askalasi, Abnuluani, Haldiriulhi, Ardarakihi, Baltulhi, Kabiluhi. И цIераш кхетаман дешдекъашка екъча, гучадолу и цIераш дукхаха хилар, нах-меттаца биллам басталуш: «Bi-ani» (гIазкх. маьIна, «Есть знать»); «Hu-s-al-hi» (гIазкх. маьIна, «Семя души и русла реки»); «Ask-ala-si» («Аск-эла-сий», гIазкх. маьIна, «Аск – княжеская честь»); «Haldiri-ul-hi», («Халд-ари-Iуьл-хи», гIазкх. маьIна, «На равнине «Халди», лежащая/стоячая вода»); «Ar-dar-aki-hi» («Ar-dar-aki(акха)-hi», гIазкх. маьIна, «Это есть /была/ дикая река»); «Ba-ltul-hi» («Ва-tulla-hi», гIазкх. маьIна, «Она /есть/ побеждающая/мощная/ река»). «Ва-tulla-hi» аьлла, билгалйина географин цIе кхоллаелла, шиъ хандош тIеттIадижарца (хандош «тола /тоьлла», «одолеть», «победи/л/ть», «быть в преимущественном положении» бохург ду). «Тоьла» боху кеп а, диканиг гойтуш ю, гIазкхашха аьлча, шен маьIна «лучше» бохург а долуш. Ткъа «хи» олучу чеккхерачу дашо гойтург, гIазкхашха «вода» бохург ду; «Ka-bi-lu-hi» (гIазкх. маьIна, «Есть удачная, снеговая река»); «S-eri-azi» («Са+яра+ази»; гIазкх., «Душа есть слух»); «Abnulu-ani» («А+бан+или+ани»; гIазкх., «Он+есть+страна+русл+божественного небосклона»); «Didini» («Да+ду+эни»; гIазкх., «Владелец+есть+божество»); «Qadaini» («Кха+да+эни»; гIазкх., «Поле+владелец+божество»); «Ultuza» (?).
          Оцу хьоло кхин цкъа а тIечIагIдо, Сийрин мехкан къилбседа агIо а, «Арарат-лаьмнаш» а, «Галис» олу хин корта болу кIошта а, иштта «Чорох» хина тIекхаччалца долу латта а, «хурро-нахирин» («Нах-Ари») мотт буьйцучу ваьррин мохк хилла хилар, мел кIезга а, ширачу оьмаран II-гIа эзар шараш долалучу замангара дуьйна. Цу мехкан (диаохи-таохин) пачхье хилла, шира тешаллаша билгалйоккху гIала Зуа (Зуаина, я Зуарети).
          Керлачу оьмаран хьалхара шарана гергахь йолчу заманчохь хилларг гайта, исбаьхьаллин сурт ас хIотточу хенахь, цу заманан турпалхой бевзара бу вайна. Царех цхьацца берш, историна бевзаш болу декъашхой белахь а, вуьш, цу заманан гIиллакхашца, ламасташца, культуран аматашца васт догIуш болу, шолгIачу тIегIанера турпалхойн хира бу. Билгалла, цу цIарашца и амалаш йолуш «нах» хилла ала, чIагIдан тешаллаш дацахь а, и тайпа адамаш даьхна хилар шеко хила йиш яц вайн. Иштта, вайн шира дай ца хиллехьара, кху таханалерачу дийне дера дацара вайн этнос а, кхин болу «кавказхой» а.
Цу заманчохь хиллачу дахарца нисдеш турпалхойн васт кхолла, сан листа дезана цу хенахь хиллачу политиках, этно-географех, культурно-бахаман дахарах, динах, ламастех лаьцна яздина долу тептарш а, археологин тешаллаш а. И тешаллаш аса дуьстина «кавказхойн» къаьмнин ваддаца, кхечу дашца аьлча амалашца, гIиллакхашца, ламасташца.
          Вайн шира дайша бина дахаран некъах цхьа кийсак хьуна йовзийта, цу заманан цхьа хенан юкъ гайта, исбаьхьаллин сурт хIоттош аса леринарг ду: уггар хьалха, тахана дехачу махка вай шира дай кхача, хIоьттина историн бахьанаш довзийтар а, цхьаъ Дела къобалвеш хилла Iиса-пайхамар дуьненчу валаро, адамин дегнашка кховдина асаран зуз, Кавказе кхачар гайта а. Цкъа цхьана хенахь, «Евфрат» хица, Сийрин махкахь, цигара дIа йоллу ТIехьаракавказехь юкъ-юкъа яккъаш (Кулхи, Арцах, Гарагара, ТхоIахи, Санааре, КейIайисте, Нахараре, Нахчматтане, ишт.кх.дI.) кхоьллина, «Каспин хIорда» тIекхаччалца даьхна хилла, аларшца къаьсташ делахь а, цхьана орамах долу и «нах-ваьрраш».
          Дуьххьара, Адам кхуллучу хенара дуьйна, «Да-Эла» (Деэла) цхьаъ бен ца хилар девзина, амма херадаьллехь а, монотеизман динца догIуш долу васташ, Iадаташ, амал елла хилла вайн шира дай. Динах вай доьхча а, цу исламаца йоьзна зIенаш хедара йоцуш, Дала дика дина халкъаш ду, нах-этносан ораман адамаш. Цу вайн шира дайшна юккъера къастийна бу Цо, Сийлахь Нухь а, Шен «доттагI ву» аьлла билгалавина хилла ИбрахIим пайхамар а. Иза, АллахIас вайх бина къинхетам бу. Цул совнаха, Iиса-пайхамаран доIават девзича, и цхьаъ Дела къобалво, кхузамано «керста дин» олу «Делах тешар» тIеэцначарех ду (и дин, галадаккха долийна, Iиса пайхамар адамашна юккъера дIаваьллачул тIаьхьа деъначу кхобIешарахь), нах-ораман дукха ваьррин дакъош а, динна ваьрраш а (кахи, хевсур, пшав, тушин, санаари, мтиули, мохи, рача, сван, таохи, нахарар, арцхи, алан, шуотой, двали, ишт. кх.дIа а.). Шайн хьастехь, и ваьрраш схьадевлла бух бу «нах-орам», шен-шен, меттиган башхаллаш елахь а маттаца, ламасташца.

          «ХIай, Сийлахь АллахI! Со чIогIа ларало, сайна хууш а, ца хууш а, ас Хьох накъост тохарах. Сан дегахьехамо кхийдориг, Хьоьгара долуш санна, ас цкъацца къобалдахь а, Хьоьга гечдар доьху ас, хууш долучунна тIехь со нисвар а доьху. Боккъал а, Хьо ву-кх АллахI – цхьаъ бен воцу, къайленаш а, хиндерг а хууш волу» (кху чурхенан, къа латочух ларвала лерина авторан доIа).

          Кхин долу, сан исбаьхьаллин тептарш тIехь санна, кху тептар тIехь а, коьрт-коьрта турпалхойн силсила кхолларца доьзна ламаст ларора ду аса сан дешархо, церан вовшашца долу гергарлонаш довзийта а, цу тIехь хьо, тила ца валийта а. Делахь а, исбаьхьаллин суьрташ хIиттош аса сайн ойла мелла а маьрша йитнехь а, со гайта гIуртара волу цу заманан и дахар хира ду, лакххьо ма-хьаххора, архиологин, лингвистин, историн, философин, корматаллин, тIеман, Iаламан, хиламин, мифан баххаш толлуш а, вайн, кавказхойн ваддашна (гIазкх., «менталитет») тIетевжина а.
          Цу ширачу заманан исбаьхьаллин суьрто вайна бовзийтура бу, коьрт-коьртера турпалш: хойх волу Дикберд, БаIаш, Байбух, санаар Шот, дрил Вамп («Ва-Ма-П»; гIазкх.маьIна: «Есть божественная стена»), макрон\махалон ГIал («ГI-ал»; гIазкх.маьIна: «страж божественный»), халда-халибех волу Халдаз («Халди-аз»; гIазкх.маьIна: «голос Халди»), кулх Дула («Ду-ла»; гIазкх.маьIна: «Есть слух»), гаргар Эл-таган (Эл-таг-Ан), арцхо волу Акка (А-кха), праалан Энбал («Эн-б-ал»; гIазкх.маьIна: «Эн есть божество»), кобанхо Буриберд (Бу-аренца-берд), хуррих волу къонах Сени, Иберин паччахь Аршак-II-ниг (Ар-с-ка) а, Митридат-I-ниг а, Понтан паччахь йолу Динами, дурдуккех волу баьчча Арбаэл («Ар-ба-эл»; гIазкх.маьIна: «Ар есть божество»), иштта г\ч\анахин эла волу Анхиал («Ан-хи-ал»; гIазкх.маьIна: «Небосклон божественной воды») а.

          Ткъа хIинца, тIулг-гIентан букъах шен къена букъ гIортийна, набар тар озийна Iачу Дикбердана гуш дара, шираллера сурт: ДIабоьдуш бу гулам, кху дехийлан адамо кхоьллина. Кхузткъа шаро кху хин гечонехь гулабина кхерчаш цхьабIе цIийне хьалакхаьчна. Цу дехийлахь деха адам пхибIе сов адам ду, тIаме хIотта бIегIила къонах цхьабIе стаг а волуш. Кху юккъерачу барамехь долчу дехийле диллича, онда бIо бу иза. Дикаберд ву ваьрхошна хьалха къамел деш айъаеллачу меттехь лаьтташ. Кхузткъа шаре бен ца ваьллехь а, иза ву къанойн корта а, кху дехийлан бIан баьчча а.
          Дикбердан къамел дохош, цу адамаш юкъара схьа мохь туху, едда еъна, хьуьхьайоьлла лаьттачу вешин кIентан йоIас, Сийбис:
          - Берди! Ва, Берди! Хьуна кIант вина! – олий.
Нахана гергахь юьхьIаьржа хIоьттина Дикберд, шен къамелах вохарал совнаха, дикка лаьттира и къамел юхадоло рагI ца кхочуш, наха, кIант декъалварца доху луцанаш лахадаллалца бохуш. Боккъал а, тайпанхой самукъадаьллачех бара. Кху Дикбердан доьзалехь болчу балина, уьш а бара сагаттадечарех. Хьалхарачу кIантана, Ачина, Хабабатас тIединачу ворхI берах, цхьа йоI Азбека йоцург, ялх кIант веллера цу шиннан. Цо дина бер, батте а ца долура цхьаннан дуй бахча, я бIаьрг хилча санна. ХIумахуургаша, керла зуда ялае аьллера Дикберде, хьалхара, ши-кхо бер деллачул тIаьхьа. Хабабате болчу безамо а, ларамо а, церан и хьехам тесна битанера Дикбердас. Цкъа цхьаъ бен воцу кIант цомгуш хилча, Хабабатас лулахь дехачу дехийла а яхна, шен майрачунна, шен тайпанах йолу йоI Хазал ялийра. Цо шена дихкира, цу йоIна дуй бууш, кхул тIаьхьа майрачуьнца, безаман мотт ца бекъа. Кху ткъе кхойтта шарахь, «ТIо-йа-Ша-ба» далла а, кху Хазална а, ша делла дош ца дохийра Хабабатас, Дикбердан зуда ша елахь а. Шен йоIанна санна, Iуналла дора цо Хазална. Цул тIаьхьа, кIант Ача а товелира. ЙоI Азбекана а, тахана, дика маре нисделла. Хазалан дуьххьара йоI хилира. «Куока» аьлла, цIе тиллира цунна Хабабатас. ШолгIаниг, Гарс цIе тиллина кIант вара хилларг. Цул тIаьхьа йинарг, йоI Полла яра. ТIеман кхарстарехь ворхI шо даьллачул тIаьхьа, хьаьрчина яра, тахана ткъе диъ шо долу Полла. Цкъа, берах а йолуш, догIа деъначу дийнахь бердах чушершаш охьакхеттачу Хазалас, делла бер дира хенал хьалха. Цу бахьано галабаьккхиначу кийро, бер хьарчарца доьзна ирсах яккхира Хазал.
Ачина зуда ялийча, Хабабатан дагна даьтта хьокхуш санна нисделира, кIантана вина кхо кIант: Элсий, Борша, Дарта. Цу кхаа кIентан, тахана, кхуьуш ву ялх кIента кIант.
Хазалан йоккхаха йолу йоI Куока а ю, шен доьзал а болуш марехь. Гарс цIе йолчу кIентан а ву, кхуьуш ши кIант – Байбух, Байболат. Гарсан йиша Полла, маре яхаза йоIстаг ю. Иза, хаза ю.
          - Берди, ва Берди! Суна кхаъ! Гарсана кIант вина – аьлла, гIаннабарх воккхуш декначу зевне озо, Дикбердан бIаьранегIарш тохадалийтира. Цо, меллаша бIаьргаш диллира. Цуьнан бIаьра дуьхьала лаьтташ дара, чIажан исбаьхьа сурт. И Iачу меттера, лаха чохь хино харш хуьйцуш кхоллина Iам бара, маьлхан зIенарша шех куьзга деш къагийна. Яхначу хенан цхьана гурахь, кхеран дехийлана цхьа-ши чакхарма лакхахь нислуш, ихначу догIанаша лашкабаьккхина буьхо хецар дина, токхам хуьлуш чушершиначу, Iинан онда бердо, хин дахар хийцинера и чIаж шорлучу меттехь. И бахьана долуш, юха и чIаж гатталучу меттехь Iам бан томехьа меттиг кхоьллинера Iаламо. Дехийлан бахархоша, цу кхоллабеллачу Iоманна лакхахь, лахахь ваьлнаш деш, хи чудан а, арадала а меттигаш кечйира. Цунна гонахьа тоделлачу Iаламо елла исбаьхьалла йоцуш, цу Iомо, динна шарахь даа рицкъ латтадора бахархошна. Кхиазхоша доьрчий хIиттадой, оьшшучулла чIерий лоьцура цу чуьра. Цул совнаха, кху меттигехь хин бердаца IиндагIаш латтош кхуьуш яра аьхка, хиш гамделлачу муьрехь, шийла хIо латтон ножан хьуьн а, куьйга йина стоьмин беш а. Кху гонахьара хьаннаш, аренаш, схьагуш долу «Пархар лаьмнин даккъаш» а, архьа-зезаган (сирень) басахь (лили басахь) дай дохк кхоллалой хуьлура, хаза де деъначу муьрехь. Кхузарчу бахархошна ер дихкина, цу Iоман сирлачу хи тIехула, гIийла нека деш яра шуру кIай масс йолу, мелла а караIемина гIургIаз. Нахах дIайоьлла, тIех къахкар доцуш яра иза. ХIинца, цIеххьана тата доккхуш охьадоьжначу дитто къахкийна гIургIаз, шен шуьйра деха тIемаш ластош хи тIехула йодуш санна цкъа айъаелла, гIийла тIам ластош, Iоманна го а тесна, стиглахь гучу, йистинчу мархехьа нека дира цо, наггахьа, резайоцуш санна зевне аз а хазош.
          «Варраш! И олхазар кхерий-ка цара!» олуш кхоллаеллачу ойлано, кхоччуш самаваьккхира Дикберд. Ах, хи чудоьжначу дитто кхоьллина тулгIеш, хIинца а кхоччуш тийна яцара. И стомма, аххадийна наж, селхана сарахь Iарж а елла, кхечу диттех цуьнан генаш тасадаларна, леша, кханенна аьлла битанера. Iуьйрана, и лай кхечу, сихачу балхе хьовсорна, цкъачунна аьлла битанера тахана, и чуоллабелла наж. Дечиг пхьеро леринера, цунах «мара» олу хин кема дан, ах хара болу цуьнан кийра бахьана долуш.
          Аьхкенан караяха кечлуш йолчу бIаьстено, гIора доийту хIо латтадора кху дехийлахь. Цу Iоман куьзган йистошкахь шайн тIемаш къегош, маса хьийзара йилбазговраш. Дикбердана гена йоцуш, тIулгах биначу сокхамкха (гIазкх., тропа в горах) тIехь леташ доллура туьйш доцу ши хьоза. Геналле бIаьрг бетта ваьллачу Дикбердан са гар дика дацахь а, чIажан геналлехь цунна гира, хьалха хилла доцу цхьа томмагIа. Иза, сиха доккха хиларо, зер долчу Дикберде, хьесапо бохура: «Дошлой хила тарало уьш. ТоммагIа, тIех доккха а, сиха а стоммалуш ду. Гарсаца, оццулла дошлой бацара. Къепалан а, иштта маса некъбар ца хуьлу, дехийлана гергахь хIетте а».
          - Геланча! Байбух! – аьлла кхайкхира цо, шен берин берашка,
          - Дуьло, баккхийчаьрга сема хила ала. Ткъа шух цхьаъ, говрахь дуьхьала а гIой, и тIедогIурш, хIун тайпа адамаш ду хьажа. Геннара тидам бай, сиха жоп да.
          Гарсах тесна лаьтта, орцана лерина говр тIе а хиъна, чIажан лакхехьа лоллуш, шен расха дин чахчийра Геланчас. Арру агIора кхоллабелла Iам а болуш, аьтту агIонга таьIначу «Чхьар-хино» масех хин харш кхоьллинера, лакхахь хьахийна, токхам хиллачул тIаьхьа. И хиш шуьйра делахь а, гомха дара, цхьаццанхьа говран голошка а кхочура доцуш. Цу чIажан аьтту агIонца бара иштта, къепалан некъ а. Хиш дестачу муьрехь, и некъ цхьаццанхьа буьрса дуьхьало хуьлий дIахIуттура. Бакъду, кху дехийлана гергахь, цу чIажан шоралло, цу хин буьрсалла лахйора.
          Геланчан юхаверзар хьеделлера. Байбухас орца даьккхиначу дехийлахь, жигаралла а айъаеллера. Зударий, бераш орце довла кечделлера. Божарий, шайн гIагIанаш тIедухуш, герзашца гIодаяккъаш къовлуш бохкура, кхиазхоша гIо а деш. Говраш а яра резайоцуш терсаш, шайн багайоьхкана гаьллаш а Iуьйшуш. КIента кIант Элсий коьртехь а волуш, иттех вахархо, Дикберд волчу тIевеара.
          - Воккха Дада! ХIун хилла? Хьоьгара, ду аьлла орца дохьуш веъначу кIентан дийца хIума дац. Ахьа хIун олу? – аьлла хаттар шега дича, мелла а резавоцуш жоп делира къаночо.
          - Орца дац даьккхинарг, сема хила бохург ду шуьга кхачийнарг. Орца даккхал бахьана даьлча, вайлла лакхахь долчу дехийлашкара, геланча веъна хира вара кхуза. Делахь а, кхузамано вайна дукха масалаш гайтина, хьогIечеран тешнабехк, ца-моьттачара хуьлуш хиларх лаьцна. Аса вахийтина Геланча а, хьевелла сан. И вайна тIебогIурш, хIун адам ду теша?
          - Цу метте хьажа, таллам бан воьдуш ву БакIуж а, Турка а, кхин масех жимха а. Са ма-гаттаде. Гарс хила а мегий иза-м. Мехкан Гуламе вахначу цо, хьеший хила а мегий вайна балош берш, - олуш, къаночуьнан са тедан гIоьртира Эльсий.
          - Хьеший? Иштта, хила а тарало. Хьеший а, мостагIий а, эца ма-беззара, тIеэца беза, - элира къаночо. Оцу хенахь, кхузара дIавоьдачу пхеа дошлочунна дуьхьала догIу амат дайча, кхолладелла сурт хьогIе дац аьлла тешначу Элсийс, кхоссар йира:
          - Цу ахьа вахийтаначуьнан говр тIера амат, доккха ца хиларо боху, цу вайн талламхошна дуьхьала веънарг, хьан кIента кIант Геланча ву. Иза иштта делахь, тховса, той даар тIедоьжначух тера а ду вайна.
Хье ца луш схьакхаьчначу Геланчас, геннара дуьйна мохь туьйхира:
          - Гарс ву, хьешашца цIавогIуш! – аьлла,
          - Цуьнца, ахбIе дошло ву, вайниш боцуш! – элира цо, къаночунна ша дуьхьала хIоьттича.
Са паргIата даьллачу Дикбердас, доцца буьйр дира гонахьа лаьттачаьрга:
          - Хьеший, тIеэца кечло! – олуш.

          Терса говраш, детта маьхьарий, самукъане аьзнаш дара, бIаьвнан шолгIачу гIатти чохь Iачу Дикбердан лере кхочурш. Шегара хьалхе, кIанте Элсийга дIаелчахьана, юкъарчу гIуллакхаш юкъагIертар лахделлера цуьнан. Делахь а, хIара нацкъара ваьллехь а, зер долчу кхунах, хIинца а дагабовлура, кху дехийлана коьртехь берш а, боцурш а. ХIинца а, семалла яза долчу леро схьалецира, лахахь еллаеллачу неIаран цIовзар. Дукхачеран хуьлуш боцу, аьчкан кIажош хIиттийна, дукха хан яцара цу неIарна пхьеро. Дикбердас, леррина хьоналла ца хьакхийтинера цхьана кIажана, неI йиллича, хаархьама. Шен карахь йолу, шаьлтан дитт ирдон аьлха юьстаха а йиллина, шеца даима хилла болатан бакъ накъост, батте виллира цо. Когин йозалло, ламега дохийтачу татанех, хьалагIертарг кхоъ вуйла хиъначу Дикбердас, шен къена дегI гIаттийра. Цунна девзира Гарсан когин тата а, иза кхеттера, цуьнца шена тIевогIург, хьаша хиларх а. КхозлагIаниг, жимхалла лелош волу БаIаш вуйла а кхеттера иза.
          - Берди! Хьеший тIеоьций ахьа? – элира, шена хьалха хьаша а волийтуш чуваьллачу Гарсас.
          - Вайн дайша, хьаша тIе ца оьцу кхерч, кхераме лаьрра бу даима. Хьаша, беркат ду. Кхузза, серло йолчу баьрче довла, суна, шайн юьхьсибаташ а гойтуш – элира къаночо, цхьа-ши гIулч дуьхьала а волалуш.
          - Де дика хуьлда хьан Берди! – олуш, неIарехьа ваьлла, дIахIоьттира кIента, кIантан кIант, баккхийчеран муьлхха а хьашташ кхочушдан кийча а волуш.
Жимачу стагах бIаьрг ма-кхитти, дог-ойла тоелира Дикбердан а. Цунна, хьоме вара БаIаш.
Оцу юкъана, хьаша вистхилира.
          - Сийдолу Дикберд! Сан вашас а, ваьрхоша а, маршаллин кост доийту хьоьга. Цу Сийлахьа болчу энин Iуналла а, шапаIат а ма-эшадойла хьан цIенна. Сан цIе, Сени ю. Эзар шо дохалла долчу цIийнан, нах-хурри ву со. Суна тиллина цIе а, Ассуран хиллачу цу буьрсачу паччахьна, Тиглатпаласарна дуьхьала тIом латтийначу Сенин паччахьан безамна тиллина ю, сан тайпанхоша! – олуш, цхьа гIулч тIеволавелира хьаша къаночунна.
Дукха дийцарш хезанера кхунна, кху Дикбердах лаьцна жимачохь дуьйна. Туьйранашкахь вийцина, кхуьнан ойланин турпал, хIинца, шена хьалха хиларх тешаш вацара иза. Цуьнан кийрахь долучух кхетта, хьалха ши куьг кховдийра, иза мараволла лериначу Дикбердас. Къаночулла, цхьа корта лекха волу хьаша, цулла лахвала гIуртуш, дикка охьатаьIара къаночуьнга ша мараволлийта.
          - Хьан ден да а, цуьнан да а вовза, аьтто биначех ву со, цу лараме болчу «эниша». Муха ю, церан могашаллаш? Дийна буй уьш? 65 шо хьалха, хьан да а, со а кегий нах долчу муьрехь, хьан ден да, тхолла, 20-25 шо воккха вара, делахь а кегийчарелла тIаьхьавуьсуш вацара иза хьуьнаршца. Цу шарахь, ал-Банхошна тIехIоьттина, Гней Помпей коьртехь волчу римхойх леташ дара тхо. Цу тIамехь хьан ден дена лоьра чов йира. Иза, цу тIеман аренгара нацкъара воккхуш, Iаламата чIогIа къахьега дийзира хьан ден а, сан а. Цул тIаьхьа, кхин гина бац суна уьш, вовшенна вай, кхин генахь дехаш дацахь а. Муха кхолладелла церан дахар? Дийцал суна царех лаций.
          - Сан ден да, со винчу шарахь, Иберина тIе, Мирван-ШолгIаниг коьртехь волу Парфан сурах леташ, вийна олу. Цу шарахь, Иберин хилла паччахь Бартоман Фарнаваз, эшийначух тера ду цу парфаша. Цуьнан гIанта хиънарг, «Мирван ву» олуш ду, тептарин биллам бевзучара.
          - Иза бакъду. Суна, дика дагадогIу Арташес-ШолгIаниг паччахь хIоьттина зама. Цу хенахь, со Ал-Бан махкахь тIемало вара. Иза бара, итт шаро лаьцна мур. Шайн гIалашкахь Антонис битна бIош хIаллак а бой, вайн орамах долчу ваьррашна Iаткъам бан волавеллера и ахьа вуьйцу паччахь. Ткъа шо хьалха, иза вейта, дакъа лаьцначех ву со. Римхойн иза мостагI хилча, вайх болу нах Iехабеллера цу Арташесах. Делахь а, кху шарахь бен доьхна дац цу цIийнан олалла. Бакъду, Тигран-ВоьалгIачуьнан хилла зуда, жеро Эрато ю боху, Iедале ян гIерташ хIайт-аьлла хьийзаш. Аса, юкъахваьккхи хьо, дийцал.
          - Ткъа сан да Ка-Эла, кхо шо хьалха дIаваьлла, дехийла юкъаеъначу чах леташ. ЦIийнан деза дукъ дIакхоьхьург, сан воккхаха волу ваша Соз ву. Ткъа со, тахана церан талламхо ву, неврера дахар довза а, некъаш талла а, керлачу дахарна бIегIийла меттиг лаха араваьккхина – элира, ткъеитт шо хира долчу Сенис.
Воккхастеган хьажа юккъе шад бара гулабелла. Вист ца хуьлуш лаьттира иза цхьана юкъана. ТIаккха, доккха са арахоьцуш корта а ластийна, Сенин букъах куьг туьйхира цо:
          - Валол, суна юххе, эцца охьахаал. Ткъа ахьа, Гарс! ХIун дуьйцу къаночунна? – олуш, шена хьалха куьг кховдийра Дикбердас, кIантана, охьахаа меттиг билгалйоккхуш.
          - Дерриг дийца воьлча, ши де а тоьура дац вайна. Доцца, коьрт-коьртаниг хьахора ду аса. Кхаа дийнахь, массо а кIошташкара гуладеллачу нах-хурри-урартуойн ваьррин векалша, Боккха Гулам дIабаьхьира, кхин цкъа а, коьрте хоржуш хьалха хилларш. Бакъду, цхьа къано юкъара ваьллера, валар бахьана долуш. Цуьнан метта, кху Сени воккхаха волу ваша, Соз хаьржи Гуламо. Хьан хьешо, цу Гуламан а, Къанойн а корта болчу Банурас, маршалла даийтара хьоьга.
Цо, хьоьга хIара къамел а даийтина: «Хьан дIадолор, адамо къобалдеш тIеэцна. Цундела, хьан доьзале а, Ка-Элан тIаьхьенашка а, и хьалхе дIаялар магийна хилар а хоийту аса. Хьан доьзалан Iалашо хила еза, «Меца-хи-тIе» (кхузам.цIе Мцхета) олу гIала лаьтта, «шира хой» беха кIошта. Бакъду, цу кIоштаца йолу цуьнан дегайовхо гIийла ю, Парновазхошна, Аршакидашна юккъера къовсам бахьана долуш. Парфан цIийнах болу, Митридат коьртехь волу тоба, тола йоккха юкъ яц кху муьрехь. Паччахь, Аршак-ШолгIаниг коьртехь волу иберин тоба, гIийла ю цкъачунна. Римхойн а, грекин а кхин Iалашо ю Колхидан махкахь. Цул совнаха, Фарновазан йоIан кIант волчу Адеркина, гIант къовса гIодеш бу, парфашна тIетевжина эрмалой а. Цу кIоштера хьоле хьаьжжина, цигара дIа «Са-На-Аре» некъ бе. И кIошта а товш ца хилахь, «Ор-гIергIа» (кхузам.цIе «Орга») олу чIаж, махбархоша дийцарехь ниIмате меттиг хила тарало». Ахшо хьалха, и Банур кху кIоште веъначу хенахь, шу шинне хиллачу къамелана тIетевжина, цхьана буса, дукха къамелаш хилира тхойшиннан а. Ткъа хIара, Сени ваха веза кIошта ю, «Со-Вани-тIе» (кхузам.цIе Сванети) олу, «нах» беха мохк. Цигара дIаваха везар тIедожахь, «Башлам» олу кур лаьтта кIошта таллар, тIедожийна кхунна Боккхачу Гуламо. Цигарчу махкин йоккху цIе ю боху «Да-ва-али», «Кий-йисте-тIе».
Цу Гуламехь дакъалоцуш бара «Арц-хи», «Гаргара-йа» олучу мехкашкара баьхкина нах-ораман векалш а. Цара дийцарехь, цу махкашкара ваьрраш, шаьш хьанна тIетовжа деза ца хууш, ойла керчаш ду. Рим а, Понтан грекаш а, Ахеменидан гIажарий а, Парфаш а, иштта эрмалой а, «Тагорман ЦIа» а, цара къобалдеш дац. Цара къобалйийриг «И-ба-Ари-йа» а, «Ал-Бани-йа» а, кхузара хьал довззалца «Диауэхи» а, «Кулхи» а яра. Цу хиллачу дегайовхох дог даьллачу царна дуьсург, неврехьа болчу «Боккхачу Ломан» дукъ хадийна, Къилбседехьа дахар ду. Уьш лууш бац, цхьаннан лаамах бозуш хила. Цара хьахийра, иштта йолу ойла а: «Цу неврехьа, нах-ораман ваьрраша, хIунда ца кхуллу юкъара паччахьалла?» аьлла. Цара къедорехь, и тайпа паччахьалла кхолла ойла йолуш бу, ари-орамах болу «Ал-Бан» махкара «арранаш» а. Нагахь санна, иза цара кхочушдахь, «гаргараш» а бу, изза некъ бан кийча. Арцхин цхьадолу ваьрраш а, цу новкъа гIура долуш ду. Кулхи махкара веъначу векало а дийцира, шайн ваьрхой меттахбевлла хIара масех шо ду бохург. Амма церан дIакхалхар, цхьаа низам доцуш долучух тера ду.
          - «Халда-халибаш», «санаараш», «тIебаренаш», «масанекъий», «махалонаш» барий цу Гуламехь дакъалоцуш? – аьлла, хаттар дира къаночо.
          - Анхиал баьччан, векал ву ша бохуш, «махалонин» а, «чанахин» а цIарах къамел деш вара цхьа къонах. Бакъду, цхьаъ бен вацара иза. Иштта ша цхьаъ вара, «санаарин» цIарах веънарг а. Цо, шен махка ша юхавоьрзуш, хьошалгIа вогIура ву аьлла вайга. Иштта «тIебаренан», «масанекъин» цIарах веъна, стагга а ца хаавелира тхуна. Ткъа «халда-халибах» дерг а хьахаделира цу гуламехь. «Латта бухахь, цара керла мохк кхоьллина бохучух сиха тешара вара со, шайн махкара уьш дIабахна бохучулла. «Эчиган лам» кхача ца белча, уьш меттаха бевра бац» элира церан лулахойх волчу Анхилан векало. Делахь а, «халдаш» шина даггахь бу бохург а хьахийра цигахь.
          - Со, хьан къамелах кхетта. Сени! Хьо, мелла хьелура ву кхузахь? – аьлла диначу хаттаро, жимачу юкъана вохийра хьаша.
Гарсан вистхилар а, дуьйхира кIезггачу юкъана. Иза, зер долчу къаночуьнан, тидамера ца делира.
          - Суна тIаьхьайогIуш, тоба ю, - олуш Гарсе а хьаьжна, - Уьш тIекхаччалца, масех дийнахь хьелура ву со. – элира, мелла а, ша куьйга эцначу Сенис.
          - Дика ду делахь, шу шиъ мукъа ву сан декхарах. Гарс! Хьешин хьашташ кхочушдар, хьуна тIехь ду-кх, - ден дас аьлча, «Со, хIорш дIа а нисбина, юха чувогIура ву. Хьох дагавала везаш, кхин цхьа хаттар ду сан» аьлла, шен хьешаца, ламех чувоьссира хьалхаваьлла воьду Гарс. ХIинццалца, вист ца хуьлуш лаьттина БаIаш, куьйга эшарца шена герга кхайкхира къаночо – ден де дас.
ТIевеъна БаIаш, жимачохь санна, къаночуьнан гола мараюллуш улло охьахиара, Дикбердан бIаьргаш чу а хьожуш.
          - БаI! Ахьа хIун олу? Дуьненах а, нахах а бIаьрг туьйхан ахь? – олуш, месаш юккъе куьг дахийтина, уьш кегийра къаночо.
          - Берди! Ма доккха а хилла хIара дуьне. Иштта дукха адам гина дацара суна, пхи шо хьалха, Ача воьчу шарахь гичахьана. – элира цо, берашха, дегцIеналлица, - Хьуна, шен хеннахь, яахIума лорий кхерчахоша?
          - Мархатай яра, сан хьашташка хьожуш а, хIара чоь цIена латтош а. Вай кхин махка даха новкъадевлича, ма дагахьбаллам хира бу суна, иза гергахь йоцуш – элира къаночо, мекарлоца кIанте а хьожуш.
          - Шишболат ца вогIу вайца? – элира дагахь хIилла доцчу кIантас.
          - Шишболтан аьтто бац. Цуьнан бераш дукха хилла ца Iаш, кегийра а ду. Цуьнан доьзале некъ лалура бац. Бакъду, Мархатай соьца яийта эра ду аса цуьнга, - олуш, кIантехьа, тIера чу бIаьрг кхарстийра къаночо, - Реза вуй хьо?
          - ЧIогIа ву – аьллачул тIаьхьа, ден де де бIаьргаш чохь мекарло гина, цIийвелира жимха, цо иза муха боху а кхетта.
          - Кхана, Шишболате хьахора ду аса цунах лаьцнарг. Иза дуьхьала валахь, йоI вайн дола ца яккхича девра дац вай. Хьо кийча вуй и тайпа гIомат хьайн коча йолла? – элира, шен мекарло гучаллий кхеттачу къанос.
          - И гIомат ю-кх хьан кIантас, цу Сенина кочайолла кечйийриг – элира БаIашас, шена тIера хабар кхечунна тIедерзорхьама.
Дикбердан къамелана резахиллера иза. И гуш, къано а вара, йоI хьахийча, цуьнан къегиначу бIаьргех.
          - Кхетавел со.
          - Тхо новкъадовлале, Сенин воккхаха волчу вашас, Созас, шен кхерча кхайкхинера Гарс. Цо, ша цига воьдуш, со а вигара шеца. Соз, вайца захало таса гIерташ ву, Полла а йигна шен вешина. Иза ду, Гарсас юхавеъча хьахо леринарг. Гарс резахиларх ша кхеттачул тIаьхьа, захал дан замой бу цара тIаьхьабохкийтуш берш.
          - Ткъа хьуна, хIун аьлла хета? – хаттар дира къаночо.
          - Суна-м, дича бакъахьа хета и захало.
          - Сан йоI маре йигарал совнаха, сан кхерчахь дIадерзор тIедожадар а, дукха-м хира дац те цу хурришна. Вайн Iадаташца догIуш ма дац и санна дерг!
          - ХIун ду, догIуш ца хилча? Новкъадовлачу вайн аьтто буй, Iадаташ дара бохуш, и тайпа гIуллакх юкъахдита? Хьо хьуо вацара, йоI къанлуш лаьтта бохуш? – кIанта аьлча, къано кхийтира, кхуьнан бухасацаран бахьанах.
Ловза лериначу къанос, дуьхьало йо сурт хIоттийра.
          - Суна кхин гура йоцуш, цхьаъ бен йоцу сан йоI, хийрамахка муха йохийтура ю аса? – олуш.
          - Хьан, кхин ши йоI яц?
          - Уьш марехь ма бу! – элира дас.
          - Ткъа хIара, берамалла йолла кечъеш-ам яц хьан? – кIантас аьлча, къаночо шен делакъежна балда цергашца лецира, хьажа юккъе шад гулабеш.
          - Дика ду делахь, со реза ву-кх, цуьнан метта, суна аш кхин йоI хилийтахь.
          - И бохург хIун ду?
          - Со реза хира ву-кх, и Iадат дохо, аша кханнехь, и Мархатай сан кхерча йоссаяхь! – олуш, буьрса, кIентан бIаьргаш чухьаьжира ден де да.
Къаночуьнан хIилланах кхеттачу кIантас а йира забар:
          - Дика ду. Цу гIоматан бIегIийла доцург, ахьа, ах хьайна тIеэца деза.
          - Э-э, - олуш, пIелг ластийра къаночо,
          - Иза хьа ду, хьуна гIенаха а гура доцург.
          - Э-э, - олуш кIанта а ластийра пIелг.
Цул тIаьхьа, ше а гIадвахна велавелира, цу тIехь хилла барт дIачIагIбан санна.

ССЫЛКАШ:

Диауэхи (Дай-Iа-хи)1 -  Ширачу оьмаран XI-Х-гIа бIешараш юкъахь, вовшахакхетаран зIидигаш хеца йолало, паччахьалла кхоллалуш долу ламанхойн яккъаш. Царех ладамениг ерг хилла, хуррит-урартхойн ваьррин юкъ ларалуш пачахьаллин юкъ – «Диауэхи» («Таохин мохк», изза «Диауэхи» /«Тхо-Iа-хи», я «Дай-Iа-хи»/). Иза хилла, «Чорох» олучу хин атагIахь.
Просмотров: 2132 | Добавил: erzu | Рейтинг: 4.9/8
Всего комментариев: 0
avatar
Музыка
Календарь
«  Июль 2016  »
ПнВтСрЧтПтСбВс
    123
45678910
11121314151617
18192021222324
25262728293031
Назам
Адин,Сурхон илли