Меню сайта
Время
Съезд нихалоевцев
Статистика

Онлайн всего: 1
Гостей: 1
Пользователей: 0
Главная » 2018 » Май » 19 » С ДРЕВНОСТИ ПО НАСТОЯЩЕЕ… - 13-ГIА КИЙСАК
20:58
С ДРЕВНОСТИ ПО НАСТОЯЩЕЕ… - 13-ГIА КИЙСАК


Къилбседан Кавказехь а хьийзина, кхалхаран тулгIенаш.

            Ширачу оьмаран 3-2.5 эзар шерашна юкъахь, Къилбседа Кавказехь «майкопан культура» кхиийна «протохуррин» макроэтнос, къилбехьа дIаюьду Шумаран а, Мисаран а дозане кхаччалца, ваьррин цIарах керла юкъараллаш кхуллуш. И этнос, Хьалхарачу Ази юхадахаран бахьана ду, Iаламан хиламаша кхоьллиначу бухца доьзна. Иштта, кхин цхьа бахьана а ду и хурриташ шайн ширачу Даймахка юхаберзаран. Иза, къастийна чурхе кхуллуш (хидесарца йоьзна чурхе), Iорадоккхура ду аса.

            Цу хуррин этносах, тIаьхьо кхоллалура ду дакъош: «митанниш», «шу-бартой» (субартой), «гиксос Барт» («Gi-Ka-Hasug», «Жи-Ка – Ха-Саг»/«-хьовсург»; жалелорхой – «гиксосан Барт»), «Нахаре» («Наири», «Нах-Ари»), «праурартуойн», «праманан» этноюкъараллаш, иштта цу могIара йолу кхин ерш а. Уьш дерриш а кхоьллина бух хилла, дукхаха «хурритин», цуьнан ладаме дакъош «пранахи» (аренхой) а, «пранах» (ламарой) а долуш.

            Цул тIаьхьа, цхьана эзар шарна юкъахь, кхоччуш кхолладелла цу «хурритин» этнос юкъара га долу, «нах-адаман» дакъа. Хетарехь, цу декъан кийсаг Къилбседа Кавказе юхайоьду. Дуьххьара иза нисделла, ширачу оьмаран 1757-гIачу шарал тIаьхьа беъначу муьрехь а, «гиксосан Барт» эшаме бирзича а. ШолгIаниг – ширачу оьмаран 1300-1150-гIа шерашна юкъахь, Митаннин олалла маладеллачу муьрехь. И дIакхалхар, вай билгалдаккха деза, «яккхийчарех йолчу, пхеа кхалхаран хьалхара а, шолгIа а кхалхарца йоьзна тулгIе ю» аьлла. Уьш бу, къилбседакавказехь, нах-этносан хьалхара лард юьллура йолу, вайн шира прадай.

            Ширачу оьмаран, 17-гIачу бIешарахь хиллачух тера ду, «жима, хьалхара кхалхардар». Цу «нах-адаман» декъан кхалхаро кхоьллина, «Гинчи-Гатын-Кала» (ш.оь.1700-1400 шш) олу, юкъара лара мегара долу культура. Цу кхалхаран бахьана, дикка девзаш дац вайна. И жима кхалхар доцург, кхин а доккха диъ кхалхар дина вайн шира дайша (нахи), шен хенахь тукхамаш кхуллура долу гергара ваьрраш Къилбседа Кавказе кхачош. Рожехь «шолгIа кхалхар» дина, Митаннин онда пачхьалкх афризио-симитин халкъаша цIура ерзийча (ш.оь.1300-1200 шш). «КхозлагIаниг» - Урартун пачхьалкх симитин, индоевропейцин орамах долчу халкъаша йохийча (ш.оь.580-400 шш). «ДоьалгIаниг» - Риман империн Iаткъам, ТIехьарачу Кавказехь совбаьлча (ш.оь.I-ра бIешаран юкъ – к.оь. I-ра бIешо). «ПхоьалгIаниг» - Iарбойн, бусалба халкъо (халифат) Ирана-Кавказан а, Араратан а лаьмнашкара дахар, шена кIелахьарчо долийча (к.оь.7 бIешаран чеккхе - 8 бIешаран юьхьиг).

            Керла кхоллаелла «нах-этносан» юкъараллин цхьа дакъа, дуьххьара (ш.оь.1700-гIа шш) Къилбседа Кавказе юхадоьдачу муьрехь «цуьнан лаьмнашкахь а, йа цу кIеларчу акъарин аренашкахь а дехаш адам доцуш, еса меттигаш хилла уьш» олуш ду, цхьацца йолчу «гуьржийн» хроникаша. И тешалла шеконе оьцу аса, хIунда аьлча, «майкопан культура» (ш.оь.III-гIа эзар шаран шолгIа хенан дакъа) кхиийначу «хурриташа» и мохк битанехь а, цул тIаьхьа «Къилбседакавказхойн культура» (ш.оь.III-II эзар шш) кхуллара йолчу адаман чкъоро, и мохк кхин дIа а кхиийна хиларна. «Хурритин» доккхаха долу дакъа, юха Хьалхарачу Ази дIадахча, цу махкахь бухадисначу «хурри-аррин» декъо кхиийна ю «Къилбседакавказхойн культура» (гIазкхашха, «Северокавказская культура»). И кхиийнарг ю «праассан» этнотоба шех кхоллаелла «арин» тайпанаш, юкъараллаш. Делахь а, «нилха, сорса адам дехаш хилла ю цу мехкан аренаш» аьлча, нийса хира ду моьтту суна.

            «Ханнин (срубни) культуран» (II-гIа эзар шаран шолгIачу декъехь – I-ра эзар шаран юьхь) юкъара даьхнилелорхойн тайпанаш наггахьа гучадовлар бен, Дон-Идал хишца бен (праассаш) даима дахар доцуш болу ламхьалхарачу аренан и мохк, шайн шира дай («Майкопан культура» кхиийна адам) баьхначу махка юхайирзиначу тIаьхьиенаша денбо. ТIаьхьо, историн бIаьрла лар юьтуш, рогIехь цара кхуллу кхиаме йолу «Гинчи-Гатын-Кале» (ш.оь. III эзар шаран чеккхе - II эзар шаран хьалхара дакъа, иштта лоруш ду, ш.оь.1700-1400 шш. а ), «Каякента-Харачойн» (ш.оь. 1300-900 шш), «Кобанан» (ш.оь. 1200-400 шш) культураш.

            Цхьана хенахь, Хьалхарачу Азин кIошташкахь («Палестинера», «Сийрира», «Хана», «Хаттан» («ха-тIе»; гIазкх. маьIна, «стража над /чем-то/»), «Наирин» («нах-арин»), ишт.кх.) даьхна тайпанаш, тIаьхьо «симитех» а, «индоевропейцех» а дIа ца эрахьама, малхбалехьа юхатаьIна и «хуррито-хаттан» халкъаш. Цара бина некъ хилла, цкъа хьалха Къилбседа Месопотамин аренашкара лаьмнашка таьIаш, цигара дахар жигара а деш, кхуллуш керла культураш. Цул тIаьхьа, цу лаьмнашкара дахар дукъдеш дебна и адам лахдан, къилбседа агIора дIадоьду, цкъа шайн шира дайша дитана лаьмнин кийрахь а, цуьнан лахенашкахь а керла дахар дендан. Цу лаьмнин къилб агIо цхьана декъо дIа а лоцуш, дукъал дехьа даьллачу вукха адамо, керла дахар дендо Къилбседа Кавказехь, лакхахь аса билгалйиначу рожехь, дахаран культураш а кхуллуш. Ткъа «Арарат-лаьмнашкахь» бухабисначу «наирахоша», ширачу оьмаран хьалхара эзар шераш долалучу муьрехь, керла онда пачхьалкх кхуллура ю, исторехь «Урарту» аьлча евзу, амма шаьш шайна тиллина цIе «Биайнили» (Ба-ийна-эли) а йолуш. Цу керла кхоллаеллачу пачхьалкхан а, цуьнан халкъан а толам хилла, шен дуьххьара хилла «дуьхьало яран тактика» (гIазкх. маьIна, «оборонная тактика») хуьйцуш, кIезгачу барамехь елахь а, «тIелатаран тактика» тIеэцарца буьйзина. «ТIелатаран тактика» (гIазкх. маьIна, «наступательная тактика») бохург тардала мегара дац, «мехкашдIалецархо» бохучу кхетамца.

            Цундела, кхин а диъ бIешарахь, цу «симиташна», «индоевропейцашна» дуьхьала латта ницкъ кхочу церан. Къилбседан агIонга дIабахначу шайн цIий-вежаршца йолу юкъаметтигаш ходийтуш а ца хилла цара, гергарло шира ца далийта. Иза иштта ца хиллехьара, Урарту йоьхначул тIаьхьа, цига дIакхелхина «урартхойх» долчу цхьацца ваьррин (масала: ванаш, прадурдзукаш, кулхаш, гаргараш, иштта санаареш а) тIедиссар а, ахмашаре хира дацара. Цу заманчохь нисделла ду, «нах-этнасо» дина рогIера «кхозлагIа, доккха кхалхар».

           12-гIа жамI:  Хьалхарачу Азира Къилбседа Кавказе, «нах-орам» болчу адамо пхиъ даккхийчех кхалхарш дина ( I/. ш.оь.1700-1400 шш; II/. ш.оь.1300-1200 шш; III/. ш.оь.580-400 шш; IV/. ш.оь.I-ра бIешаран юкъ – к.оь. I-ра бIешо; V/. к.оь. 7 бIешаран чеккхе - 8 бIешаран юьхьиг. ), кхуллуш керла архиологин культураш (мелла а «Къилбседакавказхойн», «Гинчи-Гатын-Кала», «Каякента-Харачойн», «Колхидан», «Кобанан», «Шира, ал-банан», «Ал-анан») а, политика-бахаман яккъаш а.

@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@

Iехано лулара керт яккхахь, цуьнан мекхаш, хьан керта а кхочура ду.
          Урарту паччахьалин малх дIабузучу муьрехь, цуьнан латта тIедеъначу хийра халкъах кхоллало, цуьнан тIаьхьие а, культура а дIаоьцура йолу эрмалойн юкъаралла. Иза а нисделла, мидиша, тIаьхьо гIажарша шайн верасаллина кIелалацаро, мелла а шайчух тера орам болу и этнотоба. Дуьненчуьра Iилманчашна юккъехь шайн лобби йолу эрмалой бахьана долуш, Урартун тIаьхьиенан дай хIуьттуш ю Армени. Амма иза харцо а ю, аьшпениг а ду, бакъдолучунна, адаман хила езачу оьздангаллина вай тIетийжаш делахь. Урартун тIаьхьие дIаэца хьакъ берш бу, уггаре а хьалха нах-меттан тайпанаш а, иштта гуьржийн халкъ а. Урартун тIаьхьиенан дай хила гIерта эрмалой, «Араратан (Эрмалойн) акъаре» а, йоллу Кавказехь а хийраораман (тIееъна), «индоевропейцин расан» юкъаралла ю, «малхбален муски» олуш хилла йолу. «Йоккха Армени» аьлла, туьйра кхоьллина эрмалоша. Иза, хилла дац, йа и тайпа Армени а хилла яц. Иза санна дерг ала йиш ю азербайджанашка а. Уьш а бу, «Кавказан Ал-Банан» тIаьхьиенна а, «Йоккхачу Армених» бухадисна дакъошна тIехь а, дай хIитта гIерташ.
            Мелла а, «симитех» хIо хьакхалуш «эрмалой» хиларна, «арменоидная раса» аьлла и къам къастош, цуьнан лаамберг хьалаайъа гIерта тахана цхьаболу Iилманчаш. Мичара, муха кхаьчна и къам, тахана шаьш дехачу махка? Шира Кавказаца а, йа Хьалхарачу Азица а генеологин орам болуш дуй техьа и къам? Аса боху, данне а дац!
            «Хатта» («ха-тIе»; гIазкх. маьIна, «стража над /чем-то/») халкъан доккхаха долу дакъа, тIедаьхкиначу «индоевропейцин» тайпанаша, шайн дукхаллица дIаэр деш, иза чIаьнкъа дерзочу заманчохь нисделла ду, «протоэрмалойн» хьалхара тайп кхолладалар. Цу къоман цIий кхоьллинарг ду, «Балканан ахгIайре» тIера деана, тахана билгалдан дуьненчохь бисина орам боцу «фракин» халккъий, «симиташший», иштта, шен хенахь «хаттан» халкъ чIаьнкъа дина долу, «индоевропейцех» хилла долу цхьацца ваьррашший.
            Евзуш ю иштта, кхин цхьа гипотеза. Цо дийцарехь, Жимачу Азин къилб агIора, «Арартан лаьмнашна» гергахь дехаш хилла, Балканера деана и этнодакъа. Ассирин паччахьо цкъа йийсар дина хилла боху иза, «жуьгташца» цхьаьна. Цу заманчохь нисделла хила деза, «наирахошна» юкъахь кегийра гIайренаш кхуллуш, и тайп даха хиана хан. Масала: «Хурри» бехаш хиллачу Хайаса-ГIалахь («Ха-йа-са», йа «Хой-Асса») бехаш хилла болу и эрмалой…» бохуш, тешалла ду вайна девзаш. Хетарехь, Ассирин паччахьаша цхьана гIалара, вукха гIала шаьш йийсар дина адам кхуьйлуш, цу кепара и тайпанаш, халкъаш вовшахаэдеш лелийначу политикан жамI ду аьлла хета суна, и «праэрмалойн» тайп, Урартун мехкан дазонехь даха хаар. Ширачу оьмаран, 580-гIачу шарахь Мидин бIоно, «скифашца» цхьаьна, Урарту пачхьалкх йохийначул тIаьхьи бен, баха хевшина бац и «протоэрмалой», тахана вай «Армении» олучу цу махкахь. И мохк, дукха эзар шерашкахь дуьйна, вайн шира дай баьхна а, цара кхиийна а мохк бу. Урарту пачхьалкх йохийначул тIаьхьа, шина бIешарахь ГIажарин (Персин) «сотрапи» а йолуш и мохк бехачу хенахь а, цу пачхьалкхан шен хиллачу шира цIарца (Урарту), баьхна бу и мохк. Ширачу оьмаран, 415-гIа шарал тIаьхьий бен долийна дац, цу махках «Армени» ала а. И аьлларш бу, «гIажарий» - персаш.
            «Проэрмалойн» агIо ларочу Iилманчаша чIагIдо, «эрмалойн» халкъан хьалхара да, «Хайк» цIе йолу эпоним хилла бохуш. Цуьнца зIе тосу цара, и «Хайаса» олу мохк, цу эпониман цIарна кIелабалош. Иза, харц гипотеза ю аьлла хета суна. ХIунда аьлча, цу меттигехь даьхна халкъ хиларна, шен хенахь хурритин мотт бийцинехь а, тIаьхьо, цу меттан бух тIехь «иберин мотт» буьйцура болу а, «протогуьржийн» халкъ кхуллара долу а нах - «хой». Изза «хай», «хана», йа «хоны» бу уьш. И «хой», «нах-этносан» дакъа хилла хилар гучадолу, тахана а «нахчийн» тукхамашна юкъахь и цIе йолу ваьр дехаш хиларна. «Ацци-Хайаса» аьлла историн тешалаша билгалйина и цIе кхетамашка юькъуш дIасайиллача, пхи дош юкъадогIучу кхетамо кхоьллина хилар гучадолу вайна «а-цIи-ха-йа-са» (гIазкх. маьIна, «эта кровь, есть страж души») аьлла. Ткъа и «хой» баьхна мохк, «Чорох» олу хи тIера дIа малхбалехьа, «Кура» хица йолчу лахене болуш хилла бу. Доцца аьлча, 10-7-гIа бIешерашна юкъахь, масех халкъан цIий дуттуш, чIаьнкъалла тIеэцна «фракин» тайп, ширачу оьмаран 6-4-гIа бIешерашна юкъахь дебий, «урартхойн куьлтура» тIеоьций, «эрмалойн» халкъ а хуьлий дIахIутту, ширачу оьмаран 4-гIачу бIешарна тIаьхьа беанчу историн муьрехь. Йоццачу ханна, Александр Македонскина кIелабахначу цара, шайн пачхьалкх дIакхайкхайо, шайна тIехь олаллехь хилларш дIабевллачул тIаьхьа.
          Александр Македонски веллачул тIаьхьа (323 шо), цуьнан импери дакъошка екъалучу муьрехь «Арарат-лаьмнаш» а, ТIехьара Кавказ а, маьрша мехкаш хуьлий дIахIуьтту. Политикан вовшахакхетаран бух тIехь, шайн паччахьалла дIакхайкхо, аьтто болуш хилла и мехкаш. Цул тIаьхьа деанчу иттех шарахь, кхоллало «Атропатена» (321 шо), «Араратан пачхьалкх» (321, йа 312-220 шш), «Софена» (312 шо), «Жима Армени» (323 шо) олу, паччахьалла долу яккъаш а. Иштта нисделла ду, цу Персин хиллачу сатрапах, «Айраратан пачхьалкх ю» аьлла, «Ерванд-III-гIачо» «эрмалойн» паччахьалла дIакхайкхор а. Аргиштиханели-ГIала (Аргишти-хин-эли) шен пачхье йой, цуьнан цIе хуьйцу цо «Армавир» аьлла. Цул тIаьхьа, цара кхоьллина ю «Ервандашат», «Ервандакерт», «Ервандаван» олу гIаланаш. Цу пачхьалкхах, тIаьхьо «грекаша» «Жима Армени» олуш а хилла. Ширачу оьмаран, 2-гIа бIешераш юккъедоьлхачу заманчохь, «Понт» олучу пачхьалкхо лелочу политикан, Iаткъам болуш хуьлу и мохк. Ткъа и бIешо чекхдолучу муьрехь, «Понтан» паччахь волчу Митрадат Евпаторо, шен пачхьалкхах дIатуху, «Жима Армени» аьлла билгалйаьлла хилла и кIошта. Цул тIаьхьа, ширачу оьмаран 72-гIачу шарахь, цу махках Риман кIошта хуьлу, кхоъ ахбIе шарна, шен лаамехь йолчу юкъараллин а, политикан а, дахарах иза къастош.

         
13-гIа жамI: Ширачу оьмаран 6-гIа - 4-гIа бIешераш юкъахь кхиана даьлла «эрмалойн халкъ», «нах-урартахойн» махка тIедеаначарех лору этнотоба ю. Кхузаманан Арменин латта тIехь, дуьххьара, ширачу оьмаран хьалхара эзар шерашкахь баьхнарш, «нах-этносах» болу автохтонаш хилла. Урарту пачхьалкх йоьхначул тIаьхьа, дуьххьара «мидихошна», тIаккха «гIажаршна» тIетевжина хилла и «протоэрмалой». Меттигерачу Iедалан дай эрмалой хIиттийча (империна юкъахь а болуш), «нах-этносах» мелла а басбелла «урартхойн» мохк жим-жимма боккхуш, долабаьккхина бу цара. И эрмалой, «индоевропейцин» орамах долу, «кавказхошна» тIедеаначарех халкъ ду, шен оьмаран юьхьигехь, Балканехь баьхначу фракийцех схьадаьлла а долуш.

            «Малхбален /мушка/ муска» [1] - уьш бу, «мисашца» цхьаьна Балканера баьхкина (ш.оь. Х-гIа – IX-гIа бIешераш долалуш) протоэрмалой. И «малхбален мушкаш» охьахевшина латта шорте йолуш хилла, «Тигр» хин хьостехь долу лаьмнашкара, «Тавр» олучу лаьмнашка, лакхараевфратан атагIан малхбузехьа кхаччалца. Билгалдан деза, «мушки» олу термин царех аьлла ца Iаш, изза термин йолу цIе («малхбузен мушкаш») ассирийцаша, урартуоша, шира жуьгташа, «фригийцин халкъах» олуш а хилла. И цIе йолу, Евфратан атагIахь охьа ца хууш, «жимаазийн» юкъ лорачу латта тIехь даха хиъна и халкъ а, Балканера деъна хилла. Ассирийн тешаллаша дийцарехь, и «малхбален мушкаш» шайн пхиъ паччахь, йа тхьамда волуш хилла. Цундела, и этнотоба пхеа ваьррах лаьтташ хила а тарало. Хетарехь, и ваьрраш даха хевшина коьрта юкъ хила тарало, «Арацани» (кхуз., Муратсу) олу хи, «Лакхара Евфрат» (кхуз. Карасу) хина чудужучу меттехь йолу, «Алзи» пачхьалкхахь (эрм. Агдзник). Ассирийцаша, цхьатерра, «мушки» олуш хилла «малхбален мушкех» (протоэрмалой) а, «малхбузен мушкаш» болчу фригийцех а. Хеттин иероглифаш йолчу, вуьшта аьлча лувийцин яздарша уьш къастош хилла, хьалхарачарех «муска» олуш, шолгIачарех «муса» олий. Ткъа «миса» олу этнически цIе (ширагрекин аларца нисло «мюса», /грек. Mytoi/) йисна ю, цул тIаьхьа эзар шо даьлчи а, кхузаманан Болгарин латта тIехь (Балканехь). Хетарехь, тIаьхь-тIаьхьа догIуш, цу махкара даьхкиначух тера ду протоэрмалойн («малхбален мушка», «муска») а, фригийцин а ваьрраш.
 
@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@

тIаьхье ю
Просмотров: 1051 | Добавил: erzu | Рейтинг: 5.0/1
Всего комментариев: 0
avatar
Музыка
Календарь
«  Май 2018  »
ПнВтСрЧтПтСбВс
 123456
78910111213
14151617181920
21222324252627
28293031
Назам
Адин,Сурхон илли