Меню сайта
Время
Съезд нихалоевцев
Статистика

Онлайн всего: 1
Гостей: 1
Пользователей: 0
Главная » 2018 » Май » 22 » С ДРЕВНОСТИ ПО НАСТОЯЩЕЕ… - 10-ГIА КИЙСАК
22:26
С ДРЕВНОСТИ ПО НАСТОЯЩЕЕ… - 10-ГIА КИЙСАК
            Талламан объект йолу Латтан географин чкъуьйриг, кхузаманан географин «теллина Iилма» (наука), гуттар а хийцалуш ду, арара хуьлачу (космосан, геологин Iаткъамаш) а, иштта чоьхьара а хIуьтту хьелаш (факторш) бахьана долуш.
            Цу хийцамин дуьхан кхетам хила, хаар ду, географин формехь болу материн лелам, уггар хьалха боьзна хилар, вариацех - хIаваэхь йолу йовхонан а, тIуналлин а, вовшашца долу дазар. Вуьшта аьлча, климатан флуктуацешца, цуьнца нийсса, - иштта цуьнца йоьзна ю, уггар юкъарло йоцу процессаш, чухоаме хийцар долу объекташ гидротIехуленаш (гидросфера – хиш, хIордаш, Iаьмнаш, кх.ерш а.), криотIехуленаш (криосферы - шалаьмнаш, лайн чкъор, даима лаьтта гIура, ишт.кх.дIа а). Ца ган хала бац, цу тайпана болу хийцамаш, цара юхатуху (отражает) хIоттаман юхадIахIоттар, тIуьнало, го бахарца йоьзна глобальни къеп а. Амма, юкъахь йолу био-тIехуленан (биосфера), йа лито-тIехуленан (литосфера) зIенаш бахьана долуш, цу юхадIахIоттаро (шеца йолуш хаддаза амал, амма, хийцалучу кест-кесталлица, лестарца /амплитудица/) Iаткъам бо тIиэн (рельеф) кепана, иштта дийна хIуманин юкъарлонашна а.
            Цул совнаха, вайна иштта хаьа, Латтан экъанаш лелаш юьйла (теллина Iилмано ма-бохху), цхьанхьа - вовшашна генайолуш, вукхазхьа, гергайогIуш, №2 йолчу кепа тIехь ма-гайттара. Хетарехь, цу леларо тектоника йолчу кIошташкахь гулайо буламалла /дуладалар, тIахъаьлла йолу лелина маьIданаш ирх тотту диллар деш айъадаларца-лахдаларца (трансгресси-регрессешца) Дуьненан Iапказан сиз. Гуттар а, цуьнан дар нисло тектоникан процессашца, лелхарца, лаьттанан тIехуленна, тIейолу цкъацца цIийелла маьIда, вуьшта аьлча, маьIданан ницкъ. Латта тIехула гучайаьлла ца Iаш, Iапказан хин бухара арагIорта тарало лелина маьIда. Цо дохар до маьIданан нийсаллина, хи тIехь кхолла тарало «тIехйоккха хин тулгIеца» (цунами) боьзна хилам а, латта тIехь дуьне дегорца кхоллало бохам а, доллу дийна синош балане лоцуш. Хетарехь, иза нисделла «хидестар» хиллачу деношкахь, «Аравин хIорда» бухахь самайаьллачу тIепинго, я тIепингаша (гIазкх., «вулканизм»). ХIунда хета суна бехке, и вулканизм? «Арави хIордан» бух бу бIенаш, эзарнаш тIепингаш йолуш, Индин ахгIайренан малхбузера бердашкара, малхбузехьа йолчу Африкан бердашка кхаччалца, тIепингин конусаша кхоьллина харш долуш.
            Нохь-пайхамаран заманчохь хидестар хилла меттиг, архиологин схьаделларша а, туьйранаша (мифаш) лорург Месопотами ю, билгалйаьккхина йоцуш ма-йарра, бакъйолу меттиг, бахьанаш. Сан версица, «Месопотамин хидестаран» эпицентр хилла, «Оманан чуIанонна» дуьххьала болу, «Аравин хIорданан» бух (аса, №2 йолчу карти тIехь гойту, можа бесан кхосаберг). Цу кIоштахь, аса лакхахь ма-хьаххора, хIордан бух, харш кхоьллина бу хин бухара лаьмнаша. Лаьттан стоммалла, цхьаццанхьа Iаламата кIезга хиларна, цу меттигашкахь нийссала латториг «хин богIам» (гIазкх., «водяной столб») бу.
            Бакъхьа хаттар хIутту: «Мичхьа ду цу бохаман тешаллаш?» олий. «Персин чуIанон» неврехь карийна гIум тасар доцург бен, дуй кхин аларш, дийцарш, шаьш тера долуш «Немрут», «Сюпхан» олу тIепингашна гонахьа кхолладеллачарех («Делин къовсам» олу дийцаран зама, 12 эзар шо хьалха, Урарту махкахь нисъелла ю)? И ши тIепинг Iеттийча цара кхоьллин, Iаламата лекха а, стомма а кIуьран ши богIам, генара хьаьжича, стигал шена тIехь латточу, шина гIорторгах тера а болуш. Ткъа «Аравийн майданахь» (бассейн), хидестийна тIепингаш хила езаш ю, цу шиннал а онда, битаме. Амма, тешаллаш дац цкъачунна билгалдевлла. Уьш, леха дезаш дац Месопотамехь, сан хьесапехь, уьш дайна Индин Iапказан хIордаш, чуIанош чохь.
            Бакъдерг гайта вай гIертахь, и бакъдерг исбаьхьа дIацIандина адаман кхетамера, эссера, йазйан царна (Иблисан накъосташна) товш йолу истории, кехатан шира агIо дIакарчош цIеначу агIонга. Йолалуш ю и агIо дуьнентIехь долу дийна синош дерриш а леш, шайн зударшца дийна виснарг виъ эпоним бен воцуш, царна коьртехь волуш эпоним волу да – Нох. Цуьнан кIентех уггаре кхетамениг а, тIаьхьие дIакхеха хьакъ вверг а, «Сим» цIе йолу кIант ву боху. Хьалхарачу агIонна тIера бакъдерг къайладаккха гIерташ, иза цара бехдина. Делахь а, серлоне и кехат лаьцча, юкъ-юкъа бакъдерг къаьсташ ду, церан аьш-паш гучабаххал. Цу хаттарна гонахьа беш а, бойтуш а бац, талламан болх.
            Уггар хьалха, билгалйаккха аьтто болуш ду хидестар хилла хан, толлуш, хила таралучу эпицентарна гонахьара кIошташ. Кароррий-те вайна тахана Месопотамехь, вайна довзийтиначулла совдаьлла тешаллаш? Уьш лаха деза Аравин хIордан а, Индин Iапказан а акваторешкахь, хIунда аьлча, и тешаллаш дIасхьадаржар уггар хьалха доьзна хилар, цу хенара тIехьажорца а, лакхара мехин чехкаллица а. И тешаллаш кхача таралуш хилла Антарктиде а. Ткъа цу заманчохь хьоькху мехаш хила тарало лекхалаьмнашкара: Загроссера, Гималайера (Эмодус), Тибетера цу хIордан, Iапказан шортонашка. Иштта, радиоуглеродан, йа кхин тайпа некъаца билгалдаьккхича, хин бухара чкъоьрнин хан, билгалдала таралора маца Iеттийна калдера*, йа харш кхоьллина маьIда цу «Оманан чуIаненгахь». Иштта, цхьацца тешаллаш дисна хила таралора Гималай, йа Тибет лаьмнин лакхенашкахь а. Латта тIехь дерг-ам толлура дара адамо, муха хила беза и таллам хин кIоргенан IаIарш толлуш цу хибухарчу архипелаган кийрахь?
            ХIинца, и дан аьтто бу. Хин кIоргенан IаIарш цу кIорге долу хIордаш, Iапказаш чохь толлуш ду, леррина йолчу турба-грунтоносашца, хин-кеманан майданаш (палуба) тIера Iапказан бухе кхочуш йолу. Чоь еса йолу и турбанаш, буру санна хьовзош ю и IаIарш хьалаэца хин-кеманан майданаш (палуба) тIе. Оцу турби чуьра, масситта метр еха (цкъацца, иттанаш метр) йолу IаIаран аса хьалайоккху. Цу асанца билгалдаккха йиш йолуш ду, тIаьхьа-хьалха йолу IаIаран рогIалла. Уггар лекхара асан чкъор кхолладелла кхузаманан муьрехь (лаха мел волу а, и IаIарш шира ду). Цу тайпа бинчу балхо, аьтто баьккхура бара, пхи эзар шо хьалха, Аравин хIорда чохь кхолладелла сурт меттахIотто.
            Хидестар? И хилам хилла хетарехь 5100-5000 (±100) шо хьалха, вуьшта аьлча, ширачу оьмаран 3000 шарна гонахьа (Амма, Септуагинтан хронологица хьаьжича, и хидестар нисделла 3183-гIачу ш.оь.шарахь). Амма, цу терахьца со ийзаволийтург ду, паспортан санна йолу цуьнан нийсалла. Шен масштабаца а, ницкъаллица а и бохам нисбала тарало, «Эгейан хIорда» тIехь самайаьллачу, «Санторине» олучу иттех тIепинге. Цуьндела аса, шун тидаме диллина меттиган карта (ландшафт), вайна атта хилийта кхета, хидестарца къайле йолчу, хаам барх (кхеташшехь, йа ца хаарца).
            Вайна го №8, №9 терахьца билгалйаьхна кепаша гойтург, тIапингаша кхоьллина лаьмнин зIе хилар, кIоргга, пурх лелхарш долуш лаьттан чкъораца, цу «Аравин хIордан» бухахь. Вайна иштта го, дустаралле диллича дуткъа, деха (цхьа эзар км. хиллал), тIепинган конусаша кхоьллина ши могIа болу, «Оманан чуIане», пхьарс кховдийча санна долу харш. И харш тIегIурташ ду, берд кхоьллиначу «Макранан лаьмнин дукъана». Билггал цигахь ю, аса, можа кхосабергаца, сирла-цIен хIазарца билгалйина, хила тарало цу глобальни бохаман эпицентр (Iаламан нцкъан юкъ). ХIунда аьлча, «Персийн чуIанехь» гуш дац, тIепинг кхоллайала, йа кхоллаелла ала томехьа хьелаш. Ткъа вайна бахьана ца ло ойла йан, сийначу хIазаро, и меттиг лара рогIерачу бохаман эпицентр (Дала, ларадойла вайн дуьне, цу Iазапах)? Месопотамина, луларчу кIоштахь, хин бухахь тIепингин (вулканизм) Iаткъам гучабалар, хетарехь, цIеххьана хилла бац, цу Месопотамин тогIенехь (чутаIе). Иза, хуьл-хуьлуш хилла бохам бу. ХIунда аьлча, КъурIанан 11-гIачу, «ХIуд» цIе йолчу суратехь (36, 37, 38, 40 аяташ)
Дала бахарна:
36. Нухье /Дала/ хьийхира: «... ,
37. /хIорда/ Кема де Тхан бIаьр хьалха, Тхан хьехарца. «... ,
38. Цо кема дора, /ткъа/ цуьнан къомах /болу/ элий цунна юххехула чекх мел бовлу цуьнах /цабешаш/ боьлура ...».
40. Тхан омру деача, пеш кхихкича, Оха элира: «Ахьа хьуо цу /кеман/ чохь массо шина кепарчух /сте-боьрша/ шиъ а, хьан доьзал а, /царех/ шена тIехь /Дела/ дош хьалха даьлларг воцург, ша /Делах/ тешнарг а». Цуьнца /Делах/ ца тийшира кIеззиг /нах/ бен».
И аяташ аса кху чурхе юкъадалор бахьана ду, тIех оьшуш уьш хилар, бакъдерг Iорадаккха, нийсачу новкъа адам даккха.
            Мичхьа хилла цу бохаман эптцентр? Суна моьтту, тешна а ву, аса сирла-цIен хIазарца билгалйиначу меттехь иза нисделла аьлла. Уггар дукха, цу эпицентрера, Нухьан халкъ даьхначу дехийлашка кхочу юкъ, шен геналлица, 1200-1300 чакхарми бен ца хилар.
            Хин бухара онда йолчу тIепингин Iуьргара аракхуьссург (тIепинган чан, кхин ерш а), хетарехь, дуьххьарчу муьрехь Месопотаме кхочуш ца хиллачух тера ду, хин стомалло шена бухахь, цуьнан жигаралла цIураерзорна. Цундела, Нухьан сакххилар совдаьллачух тера ду, къаьсттина Дала дIахьедар дича: «…/хIорда/ Кема де Тхан бIаьр хьалха… (Сура 11, аят 37)», «Тхан омру деача, пеш кхихкича,… (Сура 11, аят 40)» олу Нухь-пайхамаре Сийлахьа-Веза волчо.
Маца а, стенна а нисделла иза?
Хетарехь, хин бухахь Iетточу тIепингин онда маьIдано, кест-кестта чIогIа лелхарш деш, «тIехйаккхийра Iапказан тулгIенаш» (цунами) оьйъуш, «Аравин хIордан» бердашца а, кхечахьа а, даккхийра зенаш деш хиллачух тера ду. Тахана гуш йолу муцIаркуйнах тера йолу хедийна йистош йолу кIаг, «теллина Iилманан» дуьненахь «кальдера» (португ. «котёл») * а, КъурIано «пеш» а олу бахьана хIоьттина, Iаламата доккха, ирча бохам беш. Цу бохамо, Нухьан халкъ хIаллакдина ца Iаш, Инд хица даьхна халкъаш, дехийлаш а, кхечу меттера (Африкан Малхбалера берда йист) адамаш а, тIепаза дойъина.
            Хидестаро хIаллакдина Нохь-пайхамаран цхьа халкъ бен, цу АллахIа, Шен масалина ца хьахор, дуьйзина ду аьлла хета суна, дуьххьара, Ша цхьаъ къобалвеш хилла уммат, ШайтIан новкъа даьлла ямартло гайтарна. Гайта, кхин долчу джахIилан халкъех Ша къастош ца хилар, адамна цунах масала хилийта. Ткъа тахана, симитин лоббис и шира чурхе хьахочу муьрехь, цу бохамо хIаллакдина кхин тайпа халкъаш а дац иштта хьахош. ХIунда? Сан хьесапехь дера дац, ца хилийта Латта тIехь Адамах йисна тIаьхьиенаш, Нухьан кхаа кIентех дебна халкъаш бен.
            Цул совнаха, сан кхетамо ма-хьеххара, Iаткъам ца хуьлуш дисна дац, Африкан бердашца Iуьллу юкъ-малхбален дакъа а. Иштта, и бохам хуьлачу муьрехь баккхийра кхиамаш болу, афро-симитин хIордаца долу махлелоран гIуллакх, цхьана сохьтехь аьлча санна сецна, Дильмун олучу махкахь (Бахрейнан* гIайреш) а, кхечу мехкашкахь а. «Лахара хIорда» тIехь йолу и «Дильмун» олу гIайре хилла коьрта туп-туш, транзитан новкъахь (некъ: Пунт, Шхеба, Маган, Дильмун, Эриду) йолу Месопотамина хилла ца Iаш, иштта Индин зуьретахь кхуьучу мехкан «Меллухан» (Мелаха, Мела хIуо) а. Церан, пайдехьа хилла и гIуллакх, кхин денделла дац ма-хиллара Iаткъам болуш, тIаьхьо, «Харрапан зуьрет» кхуьучу хенахь а.
            ХIун хила таралуш хилла «Аравин хIорда» чохь, ирча бохаман юьхь тIекхачале хьалха? ТIепинг «Санторина» масал тIехь, хетарехь хилла, цузаманан бохаман сурт меттахIотталура ду вайга. «Аравин хIорда» бухахь, «Оманан чуIане» йолалучу меттехь, хила тарало, самайаьлла хин бухара тIепинг (иза хила мега самайаьлла а). ТIепингашца хуьлуш долу маьIданан карсолаца, хьалагIоьртина лаьлла маьIда шелъелча, хетарехь, тIуьсо санна дIакъевлина хиллачух тера ду и готта харш. Масех иттанаш километр кIоргера хьалагIерта газаш, лелина тIус-маьIда, тIепинган бертехь гулало жигараллин тIаьххьара муьрехь, чеккхенехь. Дукха хьолахь, и тIепинг Iеттайале, онда болчу цуьнан боьхьехь, кхоллало дукха кратерш. Геологаша, царех олу «кратер-жуккарш» (гIазкх., «кратер-паразит»). Билгалдан деза кхин цхьаъ: аса хьахийна и маьIдан тIус боцург а, тIепинган Iеттор сецош хила томехьа берг, хIордан хин богIам а хила мега. Цкъа дуьххьара, тIус хуьлачу муьрех, маза болу риалитан (дукха хьолехь обсиданан) маьIда, тIепинган карсолан Iуьргара, тюбика чуьра аратотту цергин паста санна, боккхачу таIамца арайолу. Оцу хьоло, хетарехь, боккхачу бохаман хан дIасхьаозийначух тера ю. И санна дерг а хуьлу. Коьрта, йоккха тIепинг цкъацца чолхе хуьлу, вовшахлетта, тIепинган конусаш гонахьа а йолуш (вайна ма-гарра, можа кхосаберг болчу меттехь санна).
            Бохам хилале, вайна ца хаьа ма-дарра дерг, муха хилла, цу меттехь хила тарало хин бухара архипелаг (хила мега, гIайре санна, хин бухара ханна хьалакъедна /и тайпа масалаш а девзу вулканологашна/ конус а, сийна хIазаро гойту, Сомалина, 150 км гена, хIорда чохь Iуьллу гIайре санна а). Амма, цу шираллехь хиллачу бохамо кхоьллина, тIех онда «кальдера» ю, сирла-цIен хIазаро вайна гойтуш (хьажа, №2 йолчу кепе). И «кальдера» кхоллаяла, хила тарало, цу тIепингана тIехула болу бохь (гIазкх., «надстройка») чубоьжна шен Iуьрга, онда эккхар деш. И тайпа эккхар хуьлуш, цуьнан, маьIданан эмульси онда аракхуссу цуьнан камера йасъеш. Цул тIаьхьа, лаьтта бухара го чуоьгуш шорло «кальдера» а. Iилмано таллам ца бича, ма-хиллара, сурт меттахIотто йиш йац, делахь а шеко йоцуш, магийта йиш ю вайн, цу иккханачу тIепинго кхехкийна ца Iаш, Iаьнаре а дерзийна хилар хIордан хи. Цул совнаха, ченаца цхьаьна стиглара чуоьгуш хилла тIепинган бомбанаш (вовшахлетта ченан дакъош - пемза), кхуллуш инзаре къоран мархаш, соцушдоцуш кхевсина догIа.
            Цу бохаман, нацкъара (периферия) кIошта хилла Месопотами. И бохам нисбеллехьара «Оманан чуIанон» малхбале а йоцуш, кхузаманан «Персийн чуIанохь», хиллачу зен барам, билгалбаккха йиш йоцуш, Iаламата боккха хира бара.
            Даима, «кальдерана» чудогIу хи, циггахь, юха сиха аракхуссуш хилла цIийдина хи хуьлий, цу камеран массо а агIонга (камера хилла, хетарехь 200-250 км диаметрахь). Нагахь санна, аракхуьссучу хин некъ, 1500 км кхаччалца дохалла долуш хиллехь, тулгIенан локхалла шен юхьигехь, Iаламата, тIех лекха хила тарало. Нагахь санна, Месопотамехь и тулгIе 2300-2500 км некъан дохалла а, айъаделлачу хин локхалла а, кхечу кIошташкахьчулла лекха хиллехь, схьагарехь, цигахь кхолладелла ша-тайпа хьелаш, аса, «эффект насоса» аьлла цIе тиллина ду. Иза бохург хIун ду? Цунах лаьцна, аса, жимма тIаьхьо хьахора ду.
            Вуьшта, муьлха латтанаш, кIошташ хилла цу Хидестаро чулаьцнарш? №1 кепо гойту карти тIехь вай го биллича, цуьнан юкъ, хетарехь йолчу «Оманан чуIаненан» дозанца йолчу «кальдера» юккъе а хIоттош, «Аравин хIордана», бохамо довзийтина доза билгалдера ду. Цу гоно чулоцура ю: йоллу Къилб Месопотами, «ЦIен хIорда» тIекаччалца малхбузера латтанаш, вуьшта аьлча, йоллу «Аравин ахгIайре», юкъайалош «Аравин гIум-аре»; Африкан континентан берда йистера малхбалера дукхаха долу, кхузаманан Сомалин (Шира Куш) латта, чулоцуш «Эфиопин лаьмнашка» кхаччалца болу мохк а. Иштта, Малхбалехь – хетарехь, «Гималай лаьмнин» («Эмодус» олу дукъ) когашка кхаччалца хи бухайахна, йоллу «Индин ахгIайре». Цу бохамо чулаьцна, йоллу «Аравин хIордан» акватори «Индин Iапказан» дозане кхаччалца, шен мекхашца дIакхочуш «Сейшелан гIайренашка», «Мальдивашка». Хина бухадахаза дисна гон (карти тIехь вай билгалбина) юккъера латта, хетарехь хилла «Кавказ-Загросс лаьмнин» къепан латта а, «Иранан акъарин» лаьмнин йисте, «Инд» хин атагIахь цIеххьана хедаш йолу кIошта, чулоцуш «Кахтиар» а, «Сулейманан лаьмнаш» а.
            И бохам бахьана долуш, коьрта хилла хIордан гIуллакхан, «Пунт» олу туш (база) а, «Аденан чуIанехь» хилла кушитин кIошта а, иштта «Индин», «Аравин ахгIайренан» латтанаш, кIезгачу барамехь, масех бIешараша лаьцна, дахар доцу зонаш хиллачух тера ду. ХIордаца лела аьтто боьхна африо-симиташ, латта тIехула кхалхарш дан болалура бу, уггаре а дукха, ш.оь. 27-гIачу бешерашкара дуьйна.
            И билгалйаьхна кIошташ, стенна тIехь билгалйевлла ма-йарра?
Кхин цкъа а схьаоьцура вай талла, Хьалхарачу Азин географин карта, вайна ша цIенна гойтуш лаьмнаш, хIордаш, цу хIордин баххаш а. Цу тIехь, «Месопотамин атагIа» хилар го вайна чутаьIе йолуш а, лаьмнин даккъаша го лаьцна кIошта йолуш а. Цхьаъ бен йоцу меттиг ю, шен тIиэ (рельеф) хIордан сизе йиллича, легIина басе йолу шера тогIи. Иза ю «Персийн чуIано», шен малхбален агIонгахь долуш «Эл-Лам» олу лаьмнин дакъа (кхузам. «Бахтиаран лаьмнаш», кхин дIаболуш «Макранан» бердан дукъ). Малхбален, къилбан, малхбузен агIонгахь «Аравин ахгIайренгахь лаьтта, готта аса хилла лекха доцу лаьмнаш. Церан аса дIайолалуш ю, мелла а лекха долчу, «Шира Маган» олучу махкахь долу, «Оманан лаьмнашкара».
            Могийтур вай, «Персийн чуIанон» къилбан кевнехь, тIепинг Iеттош бохам хилар, дукха километраша чулаьцна хIордан бух иккхина, «Аравин хIордан» бухахь маьIда гучайолуш. ХIун хира ду?
            ХIорд кхехкара бу цу кIоштахь хIоттош жоьжахате, къаьсттина къилбан юххехь (Оманан чуIане). Нагахь санна и Iаткъар цхьана, йа иттех дийне даьлла ца Iаш, батте, кхин дукха а дахлахь, «Персийн чуIанон» гергахь кхоллалура ю онда насос, кхехкачу йай чуьра цхьана агIонга аратоьттуш цIийдина хи, шена чуузуш хIордан, йа Iапказан (Индин Iапказ) хи.
            Ма-дарра аьлча, цу кIоштан географин хьелаша бакъо ло вайна, гIазкхашха аьлча, «эффект насос» олу кхетам юкъабаккха а, цу насосо цхьана агIонгахьа хи озарца бечу болхах лаьцна дийца а. Изза хьал хIуттара ду «Инд» хин атагIахь а, цхьаъ бен башхалла йоцуш – «Индин ахгIайре къайлайаьккхина хи, чехкка юхадоьрзура ду «Аравин хIордан» бассейне, ткъа Месопотамехь тIедаьлла хи чуIенара ду 3-4 бассейнашна – «Дуьненанюккъера хIордана» чу, цигара «Атлантикан Iапказе», иштта «Iаьржачу» а, «Каспийн» а хIордаш чу а.
          «Оманан чуIанохь» кхоллаелла «Эл-Ламан (Загросс), «Оманан лаьмнин» (хIордан сизал 1450 метр лекха) лекха бердаш юкъахь «Iаламан насос», хетарехь хилла, «Месопотаман чутаьIена» даима «пеша» чуьра хи аратуьттуш. И хи, цхьа лакхе эцначул тIаьхьа чуIаьнна ду, шена чуIана, и тайпа меттиг йаьлча. И хи, «Индин ахгIайре» тIера санна, «пеша» чу юха хIунда ца дирзина? Ца дирзина, ша-тайпа башхалла йолуш, «Ормуздан чекхIано» хиларна.
            «Пешан йай» дIабайча, йа шен болх цо лахбича, меллаша, «Месопотамин чутаьIела» йолучура хи, «Аравин хIорда» чу юхадирзина, шена тIаьхьа дуьтуш дукха Iаьмнаш, гIамарш, хатташ. И бахьана долуш, хетарехь цхьа хан эшна, цигарчу латтана дакъадала а. Хетарехь, иштта хила а хилла иза, девлла лела адамаш сихделла ца хиларна къилбехьара латта дендан. Уьш гIерташ хилла, Къилб Месопотамин неврехьа.
            Мичхьа чуIана меттиг карийна, дистиначу цу месопотамин хина? Дуьххьара, хин харшаш чухула (Евфрат а, Тигр а) айъалуш хьаладахна и хи, цхьана локхалле ша кхаьчча, хетарехь уггар хьалха, «Мукиш махкахь» охьадогIуш хиллачу, шира «Оронт» хин хорше кхочура ду. Цигара, «Кипр» олучу гIайренна дуьхьала йолчу меттехь, «Дерригдуьненан хIордан» бассейнана чудужара ду. Цунна чудожа, карон тарало кхин меттигаш а.
            Хаъал айъаделла, даима къилбехьара тIетуьттуш долу хи кхуьура дац, хеццана чекхдала готта йолчу, «Гибрилтаран чекхIанехула» «Атлантикан Iапказа» чу. Цуьндела, «Дерригдуьненан хIорда» чохь совдаьлла хи кхочура ду «Гелеспонтан» а, «Iаьржа хIордаца» йолу «Босфора» чекхIаношкахула цу хIорда чу а, иштта, «Маныч-Керчан чекхIанахула» «Каспийн хIорда» чу а. Билггал цу хенахь айъаделла, хIордан сиз, цу хьахийначу Iаьмнаш чохь.
           
            Муьлха амат долуш а, муха дина а хилла, Нохь-пайхамарас и хIордан кема?
            Аса, юха а далора ду КъурIанан аяташ, жоп дала, цул тIаьхьа кхолладала таралучу, кху чурхица цхьаьна долчу кхин хаттаршна. Официал йолчу Iилмано дуьйцург, догIуш ца хилар адаман ойланан некъаца (логика). Иштта, цу хин-кемана тIехь хиллачаьрца доьзнарг а хьахош, со Iорадаккха хьожура ву, Нухьан тIаьхьиенашца доьзна хила там берг а.
            Лакхахь ма-хьаххора, КъурIанан 11-гIачу суратан аяташа (37, 40 аяташ) вайга боху: (37 аят). /хIорда/ Кема де Тхан бIаьр хьалха, Тхан хьехарца. «... , (40 аят). «…Оха элира: «Ахьа хьуо цу /кеман/ чохь массо шина кепарчух /сте-боьрша – авт. дийнат/ шиъ а, хьан доьзал а, /царех/ шена тIехь /Дела/ дош хьалха даьлларг воцург, ша /Делах/ тешнарг а». Цуьнца /Делах/ ца тийшира кIеззиг /нах/ бен.
            КъурIано вайна ца ло Товрат а, Инжал а тIехь санна дIасхьадаржийна тешаллаш.
Цуьндела вайна тIедужу, Инжилан хаамашна тIетовжар. КIелхьара даха массо а тайпа Латтан дийнат, Сийлахьа-Везачо омра до (тIедиллар до), шишша (боьрша-сте) дийнат Iалашдар, суна моттарехь, хидестар дIадаьлча уьш дебо. Ша-шаха хаттар кхоллало: «Муьлха, хIордан кема дина Нохь-пайхамарс?» аьлла. Цуьндела вай лорура ю, цу кеманан чоьнин майда (гIазкх. «жилая площадь»). Инжило дийцарехь, цуьнан хилла, кхо гIат долу чоьнаш. ХIора чоьнан дустарш, иштта хилла: дохалла кхобIе гола а, шуьйралла 50 гола а йолуш. «Гола», цу ширачу Малхбузе Азихь 45 см, йа 0,45 метр еха хилла. «Урартун гола», цу дустарелла, жимми бен лахара хилла йац. ХIета, вайн дустаршкахь, цу кеманан гIатташ иштта нисло: дохалла - 300 х 0.45 = 135 м2; шоралла: 50 х 0.45 = 22,5 м2; гIаттан майда: 135 м2 х 22.5 м2 = 3040 м2.
Нохь-пайхамаран хин кеманан, кхаа гIаттан майда: 3040 х 3 = 9120 м2 метар хилла.
            ХIордан кеманна тIехь, кIелхьара доккхачу хIора шина, декха дийнатна (гIазкх., «млекопитающие») кхьчна меттиг (9120 м2 : 3500), юккъерачу барамехь 2,6 м2 кхочуш хилла, цу юкъахь йолуш пийлаш а, цу могIара долу ондачех дийнаташ а. Цул совнаха, и декха дийнат доцург а, цу хин-кемано кIелхьарадаккха дезаш хилла, кхин тайпа дийна синош: олхазарш – 13000 тайпа; текхаргаш – 3500 тайпа; хи-лаьттан дийнаташ – 1400 тайпа; гезгаш – 16000 тайпа; сагалматаш – 360000 тайпа. Цул совнаха, 40 дийнахь-буса, кIезгачу барамехь лерина, даа рицкъ хила дезаш хилла, цу кеманна тIедоьттина. Оцу ханна, цу тIехь хила дезаш хилла, молу, теза хи а. ХIунда аьлча, хIордан бассейнашка кхаьчна Iапказан дуьра хи, хетарехь, мала мегаш хиллачух тера дац.
            Со, зоотехник хиларе терра, аса лорура дара, цу ханна оьшучулла барамо нисдо хи а, дуу сурсаташ а. Амма иза, оьшу моьттуш вац со.
            Ша-шаха хаттар кхоллало: «Оьшарий техьа, доллу дуьненан дийна синош шишша долуш цу кеманна тIехь гуладан, хилча и бохам локальни а, ханна а?. Цу бохаман, йа Iазапан Iалашо йоьзна хилча, Далла лоьш, делазхойн дахар тIеэцна долчу Нухьан халкъана таIзар дан, тIейогIура йолчу тIаьхенашна хьехаме масала хилийта?». Цу тIе и хIордан кема, суна хетарехь дина ца хилла дехха хитIехь лела а, йа цу тIехь дахар кхолла а. Бакъдерг хуург, цхьа Дела ву.
            ХIун боху вайн ойланан некъо (логико)?
«Сийлахьа-Везачунна» хууш ма-хиллица, мел дукха дахлура ду, хидестарца доьзна бохаман хьал. «…«Ахьа хьуо цу /кеман/ чохь массо шина кепарчух /сте-боьрша/ шиъ а /авт. «дийнат, дийна синош»/, хьан доьзал а, /авт. 8 адам/ …, ша /Делах/ тешнарг /авт. хетарехь, 80/86 адам/ а …» (40 аят).
            Цу тешаллах аса, сайн кхетаме хьаьжжина жамIан ойла кхоьллина, цу дийнатан хьокъехь а, цу кеманна тIехь нисделлачу адамашца (пранах орамах долу) йоьзна а. Лакхахь ма-хьаххора, декха дийнат схьаэцар бахьана хила таралуш ду, дуу сурсаташна (шура, жижиг, хIоьаш, ишт.кх. а) лерина а, караIамийначу даьхнин хIу Iалашдан а, уьш деборца. Вуьш дерш, сан хьесапехь туьйранаш ду, «Хамо сапиенсах», «Мисаран лайн лоллах», «Вавилонан йийсар», кхузаманан «хазаран коганатах» а, «халакостах» а лаьцначух тера долу. Цу адмаша кхоьллина, Нухьан кIентех (Сим, Хам, Йафет) лаьцна туьйра а, аьтто боккхуш маза таса шира зуьреташ кхоьллина долчу, «ширакавказхойн расица». Цул совнаха, церан Iалашо ю бехказйаккха, Месопотами а, йоллу Хьалхарачу Ази а хилла аккадан, амморейан, иштта арамеин экспансеш. Уьш хилла, «хидестар» хилла масех бIешо даьлча, «Баб эль Мандебан чекхIанехула» (амма ца хилла Синай, Ханаана/Леванта олучу мехкашкахула) кхаа, йоккха тулгIешца. Дуьххьара, и кхалхарш хуьлуш хилла машаре некъан васт долуш, тIаьхьа, шаьш ницкъалле баьхкича, къиза хьогIалла гойтуш хилла цара. Иза, кхин чурхе ю.
            Коьртачу чурхенна, нацкъара гIертара вац со. Билгалйинехь а аса, хидестаран хан герггарчу хьесапехь (ширачу оьмаран 3000-гIа шаран, терахьна гонахьа /± масех шо/), суна цунах кхоччуш тоам ца хуьлу, яллехь а билгал меттиг, юкъарчу хьесапехь хила тарало чехкалла, некъ беш йайъана хан. Дуьххьара, ловзабаьллачу хIордан аьрхалло, хин кемане йаккхийра йаккъаш йохуш некъ байтинехь а, шолгIачу, хIорд тоьчу муьрехь и кема, меллаша, хино техкош лелийначух тера ду, Кавказ-Загроссан лаьмнин бердашца долу, Тигр хин хорша тIехула нислош.
            Дуьххьара, Нохь-пайхамаран тоба кхерстарца боьзна некъ, билгалбоккхура бу вай, ши тIадам хIоттош: тIехаар (гIазкх., «исход»), охьадоссар (гIазкх., «сошествие») – «Персийн чуIано» (меттиг А), кхузамано, «аль Джуди» олу акъари (меттиг Б). Билгалдаккха деза кхин цхьаъ а, иза, цу ширачу заманчохь Тигр («Аренца-хи»), Ефрат («Буранун») хиш хилла хилар, шайн-шай чудожар долуш «Персийн чуIанонна».
            Билгалйаккха, юккъера некадаран чехкалла, вай йоькъура ю 900 км дохалла долу юкъ («А» тIера, «Б» тIекхаччалца), хин кемано некадарца чулаьцна, Инжилан ханна – 40 де-буьйса (900 км : 40 де = 22,5 км/де-буьйса). Доцца аьлча, юккъера чехкалла хила мега 22,5 км.
            ХIинца вай дуьйцура ду хидестар хиллачу а, хин кема некадан доладеллачу а хенан муьрах лаьцна. Кхин тешаллаш ца хиларна, дерш а, вайна оьшучу меттехь талхийна ца хиларе дегайовхо йолуш, вай кхевдара ду Инжилан агIонашка. Цара боху: «…хидестаро, латта тIедехира хиш. Нохьан ялх бIешо а долуш, шолгIачу беттан вуьрхIитталгIачу дийнахь» (Бытие 6, 11). Кхузаманан, Айран шо Iарца (хенаго, рузма, гIаарси – календарь) нисдича, иза хира ду иштта: 17.02.600-гIа, Нохь-пайхамар (Нох-Нохь, Нух-Нухь, Ной) виначу шарера. Бакъду, и терахь тIетесна дац, кхин йолчу билгалошна, девзачу терахьашна, иштта кхузаманан муьрна а. Цуьндела, «Маца, дуьненчу ваьлла Нохь?» аьлла кхолладелла хаттар дац вайна башхалле дерг, вайна хаа дезарг ду: «Маца доладелла и хидестар?» бохучу хатарна жоп далар. «Хьа хийцина Нохьан халкъ? ХIу сурт кхолладелла Хьалхарачу Азихь а, Индин ахгIайренан тIехь а, иштта Африкан коненента тIехь а, и хидестар хиллачул тIаьхьа? Мичхьа охьахиъна ша Нохь а, цуьнан доьзал а, еза-бакъонца болу цуьнан некъалой а?                   
            Ган атта хилийта, аса кхоьллина карта (кеп №10), гойтуш мехкаш а, цигахь кхолладелла халкъаш а, хидестар хиллачул тIаьхьа, «ширакавказхойн» билламе аганахь даьхна тайпанаш а (тIедахказа а /автохтонаш/, тIедаьхкина а /мигранташ/).
Хьажа, 84-гIа агIонна тIера, №10-гIачу кепе.
Просмотров: 818 | Добавил: erzu | Рейтинг: 5.0/1
Всего комментариев: 0
avatar
Музыка
Календарь
«  Май 2018  »
ПнВтСрЧтПтСбВс
 123456
78910111213
14151617181920
21222324252627
28293031
Назам
Адин,Сурхон илли