Меню сайта
Время
Съезд нихалоевцев
Статистика

Онлайн всего: 1
Гостей: 1
Пользователей: 0
Главная » 2018 » Май » 22 » С ДРЕВНОСТИ ПО НАСТОЯЩЕЕ… - 9-ГIА КИЙСАК
22:45
С ДРЕВНОСТИ ПО НАСТОЯЩЕЕ… - 9-ГIА КИЙСАК
Хидестачу муьрна гергахь а, тIаьхьо а нисделла кхалхарш.
 
            20-гIачу агIо тIехь хьахийнехь а, вай кхин цкъа а хьахора ю «Обейдан культура», изза йолу «Убайд» («Iу-ба – й-да»; /ш.оь. VI-гIа эзар шаран чеккхе, 4-гIа эзар шаран юьхь/. Месопотамин къилбе, невре, Невр Сийри, Жимачу Азин къилб-малхбале), иштта кхин ерш а. «Убайд» цIаро гойту маьIна ду: «Iу-ба – й-да» (гIазкх., «есть смотритель – есть владелец») аьлла. Дуьххьара, и цивилизаци карийначу гуо цIарах («Эль-Убайд») цIе туьллуш, шумарел хьалха даьхначу адамех а, ала магийна «убайдаш» (Iубайд), «обейдаш» метта.
Цул совнаха, цигахь кхиана культураш ю: «Джемдет-Наср культура» (ш.оь. 4500-4200 ш.оь. шш. Месопотами); «Урук культура» (ш.оь. 4.5-эзар шерашна гергахь. Месопотами). Ткъа «Халафан» культура (ш.оь. V-эзар шераш. Сийри, Къилбседа Месопотами), сан хьесапехь, «Убайдан кульураца» генетикан зIе йолуш ю.
            «Нохь-пайхамаран оьмарера, «хIорд бестарца (гIазкх., «потоп») йоьзна сан хьесапан версии» аьлла аса йовзийтаначу чурхено билгалдо, хIаллакбина Месопотамин нухьиташ боцурш а, дуккху а, кхин йолу адамин юкъараллаш (Индин ахгIайренан а, Африка континентан адам а, ишт.кх.ерш а.) хIаллакйина хилар шеко а йоцуш. «Шина хин юккъера» (гIазкх., «Двуречье») цивилизацин бух кхоьллинарш шумарш ларахь а, хьалхе ерш кхин адмаш хилла – протошумарш. «Прото» олу дешхьалхе маьIна долуш ю: «хьалхара»/«юьххьера», «уггар хьалхера» аьлла. Хетарехь, цIенна цу шумаройн маттахь лоьш а, хилла боцучух тера бу уьш. Цкъачунна вай буьйцарш бу, «Убайдан культура» кхиийнарш. Цул совнаха, хидестарца боьзна хилам а, цIеххьана хилла бац. Цу хиламан юхьигний, чеккхенни юкъа, дукха хан йоьллачух тера ду. «Убайд культуран» доккхаха долу дакъа меттах а даьлла Сийрин а, Кавказан а кIоште кхача, дукха хан йайъа езара ю. Хидестар хиллачул тIаьхьа, и дакъи бен хилла дац Терк, Мари, Кумме санна йолчу гIаланашкахь, дехийлаш юхакхолла хьакъ долу адам.
            Симитин орамах болу африканаш а, европеидаш а хилла, хидестар чекхдаьллачул тIаьхьа, жигаралла гойтура йолучарех. Масала, Клёсовс а, кхечара а дуьйцург вай бакъдеш делахь, Мисар махкахь хьалхе ерш пирIунаш а, «европеидаш» а хилла (церан шира дакъа, цу Европе а кхаьчна хила тарало Малхбалера). Цу бух тIехь кхоллаелла, «индоевропейцин» къона раса, и хидестар хуьлачу муьрехь бен евзина йац Хьалхарачу Азина.
            Аравин хIордан» хин бухара, «тIепинган доьхка» (гIазкх.аьлч., «вулканический пояс») хиллачух тера ду, даима сагатдеш «Аравин хIордан» бердайистошца даьхначу адамин. Делахь а, нуьхьалан адамна (къаьсттина генахь баьхначарна), хила кечбеллачу бохаман дазо, дагахьдоцуш доккха а, буьрса а хилла (хьажа, 71-гIа агIо тIера, 8-гIачу кепе). Цуьнан юккъерачу гоно чулоцу диаметр («пеш» самаялла юкъ, цу кIоштан хьалхара го), хетарехь, 800-1000 км хилла.
            Протоиндин гIаланашкахь шира даьIахкаш толлуш болчу антропологашна карийначу тешаллаша, дуьххьара, кхуллу иштта ойла: «кхузахь баьхнарш бу, «даккхийчу расан» кхаа тайпана адамаш – европеоидаш, негроидаш, монголоидаш хилла олий. Кхин а лерина биначу талламо, церан ойла хуьйцу уьш хилар къобалдеш протоиндийцаш, царна юкъахь долуш Iаламата кIезга дакъа монголоидаш а. Делахь а, цу меттехь карийна дукхачу туьтин билгалонаш, кхечу расан уьш хилар билгалдаьлла. Индийцин антропологаш болу П.Гупта, П.Датт, X.Басугас дийцарехь, церан жамIа иштта ду: «…карийна даьIахкаш ю европеидан. Царех дукхаха ерш, хараппан адамин а ю» - уьш хила мега «протодравид-протоиндийцаш». Делахь а, сан хьесапехь уьш бац, хидестале цигахь баьхна автохтонаш. «Хараппан зуьрет» кхиана зама хиларна ш.оь., 2300-1700-гIа шерашна юкъахь. Хараппан адамаш тIехь тидам хIунда сацийна цара? Дера сацийна, кхин а хенан кIорге гIорта, историн лоббино шайна дехкарна. Иза суна тера хета, нахчашна, 16-гIа бIешарал кIорге кхевдина таллам бан ма-дехккара, нисдиначух тера масала.
            Иштта, цу муьрехь юхадирзина хила тарало, Сийрин, Каппадокин, Кавказан мехкашкарчу лаьмнашкахь кIелхьарадаьлла Убайд-ораман адам. Иштта, [Терк – Мари – Кумме – Аьрдане – Ас-Сур – Аррапха] зило билгалдинчу дехийлан дазоне кхача, шайн хиллачу гIаланашкахь, и дехийлаш юхакхолла, гIора долуш хилла шираллера и адам. Цундела гIиллакхаш, васташ, цIераш, уьш кхоьллина мотт, цу меттин аларш цхьатера долуш а, кхетош а хилла, цу этночкъорнин къорзалло тIех новкъарло йоцуш, аьлла хета суна. Йуьтур вай «Убайдан оьмар», и оьмар мехалла хетачу кхин Iилманчашна (йанне а, хьашто йац бохург дац сан иза), вайна ладаме дерг ду, «нах-ораман» юкъаралла кхуллуш, дакъа лоцура долу историн хьал.
            Хидестар хилале хьалха, Къилбседа Кавказе дIадахна «кавказ-загроссхойн дакъош» ду прахурриташ, праариш, иштта цхьацца меттиган культура кхуллура йолу ваьрраш а. И тIаьххьараниш (ари), «Каспи хIорда» йистехула «Дон-Идал» (Волга, Ра) хиш юккъе арадаьлла лору аса. Иштта, царех долу дакъа, «Каспийн хIордан» къилбехула малхбалехьа а дахана, «Андроновн культура» кхуллуш дакъа лаьцначух тера а ду.
            «Майкопан культура» (ш.оь. IV-гIа эзар шераш чекхдовлуш, III-гIа эзар шераш юккъедовлачу муьрехь) кхоьллина долу и ваьрраш, шайх «хурриташ» а хилла, «Iаьржа хIордан» малхбузехьара йолчу йистехула а, Кавказан Боккхачу ломан юккъехула а, «ТIехьарачу Кавказе» а, Хьалхарачу Азе а юхадоьрзу прашумаройх дасделла лаьмнаш а, Нухьал халкъах йисна «Шина хин юкъ» (гIазкх. маьIна, «Междуречье») а дIалаца. Сан хьесапехь, царелла а хьалха юхадирзина ваьрраш хила деза, Убайд культура кхиош хиллачеран тIаьхьенаш. Цара бина некъ масех хилла аьлла а хета суна: цхьаъ – Сийрера Ханаанехьа, важа – Невран, Къилбан Месопотамеш къаьстачу агIонгахьа а. Уггар хьалха, цу къилбехьа дахнарг ду, «шумаран» этнодакъа. ШолгIа дахнарг аса лору, масала Терк, Мари, Ас-Сур гIаланаш денйинарш. Цул тIаьхьа кхарстарш диначех бу ламарой а, аренан тайпанаш шайх хилла – масала, шубарташ.
            Хидестар (потоп) хиллачул тIаьхьа кхо-диъ бIешо даьлча а, адамин дахар, кхоччуш дендалаза хила таралуш ду цу Къилб Аравехь а. Хиллехь а, шайн дахаран кхиамашца, лахара тIегIе йолуш хила беза, цу меттехь дийна бисна автохтонаш а, Африкера cехьадевлла симитин кхин ваьрраш а. Мел дукха лерича а, ширачу оьмаран 28-27-гIа бIешерашкахь бен, «Аравин ахгIайренна» девзина дац, цу «хьалхарчу миграцин» тулгIено далийна «африо-симитин» адам. Делахь а, цу ахгIайренга шаьш кхачале, цара къахьегначух тера ду, «Нил» хин атагIа дIалаца неврехьа биначу новкъахь. Иза нисделла, «ПирIунан III-гIа паччахьан цIа» (2640-2575 шш) Мисаран коьртехь долчу хенахь, болабеллачух тера бу, Африкера кхалхаран и онда болам. Иза ю, «аккадан» халкъ шех кхоллалура долу симитин этнотоба. Цу гIайренан къилб агIонгахь гучаера йолчу керла кхалхаран тулгIено импульс яллалца (хетарехь, 2450-гIа шаре кхаччалца), цу Аравин хIордан йистонца даьхна ду дебаш долу и халкъ. Цу муьрал хьалха, Шумарна, «прааккадан» халкъ девзуш хилла бохург а ду, харц бух кхоьллина, кхузаманан Iилманчаша шайн Iалашонна кечдина туьйра.
            ТIаьххьара пхи эзар шарахь, Малхбузен Европан ландшафташ тIехь хуьлу, антропогенан, чIогIа Iаткъар хаало. Цуьнца цхьаьна болало, климат шелъяларца боьзна мур а. И тайпа бахьана, меттиган тIехуленан (гIазкх. маьIна, «ландшафт») амат, куц, хатI ца хуьйцуш Iийна дац – къилбседехьара хьуьнан дазо юхадолу, къилбехьа кхоьу уьшалш совйолуш. Ткъа Кавказехь, цуьнца цхьатерра къилбехьа боьду некъ а дIакъовлало, лаьмнин когашкара кIошти бен ца юьсуш. Хьажа, № 7а йолчу кепе. «Майкопан культура» кхоьллина прахурриташ диснарг ду, къилбехьарачу хьолана тIе тидам бахийтар.
            «Хидестарца» боьзна муьрехь, ТIехьарачу Кавказера, Къилбседа Кавказе кхалхар до, «Майкопан культура» кхуллура йолчу, цхьадолу этнодакъоша (прахурри, праари, пранахи – «нах» ламарой бу, «нахи» - атагIой). Царех хира долчу аренан ваьрраша а, кхузаманан «Дон» (Танаис), «Идал» (Волга, Ра) олу хиш герга таьIачу метте кхаччалца некъ биначух тера ду. Царех хуьлу, «аренан» даьхнелелорхой болу ваьррин дакъа. Уьш хила тарало, «протоарин» кийсаг, А.А.Клёсовс «эрбинаш» олуш болу (ма-дарра бакъдерг, цкъачунна хууш дац, ца хиларна кхоччуш дуьззина тешаллаш). Цул совнаха, цу муьрехь кхалхар диначух тера ду, кхозлагIа, къилбера малхбалехьа, баккъал а «праари» шех хира болчу коьрта декъо а.
            Хетарехь цу муьрехь, праиндоевропейцин расан цхьана декъо, кхалхар диначух тера ду, Волган кIоштара кхин дIа а Малхбалехьа. Ткъа цуьнан вукха декъо (Волган эстуарий /шорделла хин хикхоче/ хуьлачу муьрехь), Балканан кIоште некъ а беш. Цул тIаьхьа, Анатолин ахгIайрене кхочу, протохеттиш шех хира йолу кийсакаш (уьш, цул хьалха хилла бац, цхьаа юкъ йолуш хатташца).
            Дукхазза, хIордан сиз айъадалар нисделла, «Iаьржачу хIордан» Iам хIоьттиначу майданахь («КерлаIаьржахIордан трансгресси») а. Цуьнан юьхьиг йолаялар нисделла, ширачу оьмаран 5-эзар шерашна гергахь, уггар лекха айъадалар, ширачу оьмаран 2-гIа эзар шераш юкъахь а долуш.
            «Каспийн хIорд» кхоьллина Iам чIогIа лахбеллачул тIаьхьа, ширачу оьмаран ворхI эзар шерашкара дуьйна, долало, юха айъадала цу хIордан сиз а.
Хетарехь, и тайпа Iаламан-климатан хиламаш Къилбседехь а, Къилбахь а кхоллабелча, адамин юкъаралашка кхарстарш дойту бахьанаш а кхоллало:
- Кавказан кIоштара шина адаман тулгIено (шумарш, хурриташ) кхарстарш до, Месопотамин Невре а (хурри), Къилб Месопотаме а (шумар);
- Африкара, Хьалхарачу Ази кхарстар до африо-симитин расан декъо - аккадаша;
- Балканехула, «Анатолин ахгIайре» тIе, индоевропейцин ваьрраш догIу
- протохеттиш;
- «Кхаа Iоман кIоштара» (Ван-Севан-Урмийа) шираллехь дIабахначу «праарин» цхьа дакъа, Кавказ-Загросс кIоште юхадогIу. Уьш бу, гIарабевра болчу «прагиксосан» («Gi-Ka-Hasug», «Жи-Ка – Ха-Саг» /«-Хьовсург»; вуьшт.аьлч. Жалелорхой – «гиксосан Барт») дакъа а, Биайнилин (Ба-ийна-эли) юкъаралла кхуллара йолчу кхаа этнодекъан, цхьа дакъа а. Иштта, цу «праарин» шолгIа декъо, «Инд» хин атагIе а, кхарстарца, Iаткъам (экспанси) биначух тера ду.
            
          «Хурриташа» кхоьллина йолу «Мари» олу гIала-пачхьалкхе, 26-гIачу бIешерашкахь ша коьртехь йолчу хенахь, цхьана куьйга кIелахь паччахьалла хира долуш, и доллу «кавказхойн» бух болу халкъаш вовшахатоха гIоьртина хиллачух тера ю, юкъара, цхьа онда пачхьалкхе кхолла. Хетарехь, Сийрин аренаца доза долуш йолчу, цунна гуш хилла, къилб-малхбузера Аравин аренашкара болу кхерам. Делахь а, даима хьалхе езна а, цу Мари пачхьалкхара «субарташна» (Шу-Барт-хой) гуш болу кхерам, гуш шайна ца хиларна а, и некъ тIе ца эцна «шумарша».
          Мел кIезга лерича а, ширачу оьмаран 1680-гIачу шарахь, Хевронехь севцца хилла «гиксосаш», Мисаран махка а боьлхий, цигара «Нил» хи, хIордах кхете йолу меттиг дIа а лоций, шайн пачхье кхуллу цара, «Хау-ару» аьлла цIе а туьллуш («Аварис» - историно, грекин матте яккхина цIе). Иза нисделла, Хеврон-ГIала йиллиначул тIаьхьа ворхI шо даьлча (хетарехь, 1700-гIа шо).
          Цул тIаьхьа, «Нахарина-Митанни-Ханигальбат» ехара ю импери санна, юккъерачу барамехь 600 шарахь (ш.оь. 1750-1190/50 шераш юкъахь) хIетте а. Цуьнан пачхье хира ю, «Вашшуканни» («Вассуканна», «Ва-с-сукан-На») аьлла, исторехь цIе йисна гIала. И пачхье лаьтта меттиг а, цуьнан цIераш а моситтазза хийцалура ю, цу империн чеккхе кхечара ловзо йаьккхича.
          «Нахарина/Митаннис» уггаре а зазадаьккхина зама нисъелла ширачу оьмаран XV – XIV-гIа бIешерашна юккъехь. «Митаннин культуро» дукха а, чIогIа а Iаткъам бина Сийрина, Ханаанана, жимаазин хурриташ бехачу кIошташна, иштта, Тигр хил дехьа, невр-малхбалехьа Iоьхкачу «ширакавказхойн» культурашна а.
          Иза нислура ду, ширачу оьмаран 1190/50-гIа шо тIекхочачу муьрехь, Митанни кхоччуш йоьхча, атагIара хурритин, ломара урартуойн ваьрраш вовшахкхетале а, цара керла паччахьалла (Урарту) кхоллале а, кхин а кхо бIешо ца-кхоччуш хан йолу (1190-900 ш.оь.шш.).
 
@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@

«Доллу, историна девзачу дуьненахь хидестар»
(3100-3000 ш.оь.шш. /± 50-100/. Месопотами. Инди Iапказан, экваторан неврера кIошташ)

            Хидестарца доьзнарг вай дукха хьехийнехь а, кху жамIаш юкъахь кхин цкъа а иза хьахор, пайдехьа хира ду, «Деза Яздаршца», адаман буьйда латточу кхетамна.
            Ширачу оьмаран, 3100-3000 (± 50-100 шш) -гIа шерашна юкъахь хилла бу, «Библии» олучу тептаро а, «керстанан дуьнено» а хьахош болу «дерригдуьненчу хи хьадар», йа «хидестар» (гIазкхашха - «всемирный потоп») олу, бохамца буьйзина Iаламан хилам. И хидестар а, «меттигера» (локальни) агIо йолуш хилла. Цу хидестарх, «всемирный» аьлла «жуьгташа» кечдинарг, харц тешалла ду. Цу къайленан Iалашо ю: «Дуьххьара кхоллаеллачу зуьретах (цивилизаци) дисна хIуьппалг а дац, Нухь пайхамаран кхо кIант воцург. Керла дахар кхоьллинарг а, и кхиийнарг а, «Дала, хьекъале ду» аьлла, къастийна симитех долу тхо ду» боху коьрта маьIна (концепци) дIачIагIдан, цу мифан къайленан бухца юьйзинарг. Цу хидестаро Iаткъам бича, тIаьхьадисна дахар бахьана долуш, шен кхиамашца дикка тIаьхьа хилла долу Мисаран зуьрет, Шумаран зуьретца дIанисло, цхьатерра ду ала мегара долуш.
КъурIано а чIагIдеш дац, и «хидестар дерригдуьненан хилла ду» аьлла. Из гучадолу «ХIаллак хилла халкъаш» аьлла Харун Яхьяс яздиначу жайнан, 19-гIа агIона тIера, «хилли техьа меттигера (локальни) бохам?» аьлла хIоттийна хаттар Iорадаьккхича.
            Нухь-пайхамарца кIелхьара ваьлларг, цуьнан кхо кIантий, хIусамнаний, кхо нуссий бен хилла яц» аьлла даржийна тешалла, къобалдеш дац КъурIано. ХIунда аьлча, «ХIуд» цIе йолчу суран, 40-гIа аято бахарна: «Тхан омру деача, пеш кхихкича, Оха элира: «Ахьа хьуо цу /кеман/ чохь массо шина кепарчух /сте-боьрша/ шиъ а, хьан доьзал а /царех/ шена тIехь /Дела/ дош хьалха даьлларг воцург, ша /Делах/ тешнарг а». Цуьнца /Делах/ ца тийшира кIеззиг /нах/ бен» (11-гIа Сурат «ХIуд», 40-гIа аят).
Шеко ца юьтуш, цу тешалло чIагIдийраг ду, цу хин кема тIехь Нухьан доьзал боцург, кхин а адамаш хилар.
            «Индин Iапказан» (океан) дакъа долу «Аравин хIордан» хин кIоргенехь йолу чоргIе (жёлаб), «Персин чуIанен» берте кхочуш га долуш ю. Географин Iилмано ма-дуьйццу, вайн лаьттан чкъоьран пилташ, тектоникан лелар а, сакхталла (деформаци) а йолуш ю. Уьш (чоргIенаш) хила тарло, лаьтта тIехь а, хин бухахь а. Масала, хин бухара и чоргIе иккхача (ятIча), гучабаьлла лаьттан лелина кийра (лава), цу ширазаманан хидестарца (потоп) дуьйзина долу, бохаман цхьа бахьана хила тарло. ХIунда аьлча, цу Къилб Месопотамехь ца хиларна, тIеплинг (вулкан) кхолла а томехь долу ландшафтан сурт.
            Аса аьлларг, шеко йоцу бух болуш хилар чIагIдо, 23-гIа суран, 27-гIачу аято бохучуьнан хьесап деш, тафсирашна тIетийжаш гIазкхаша гочдиначу КъурIанан вай маьIна дича: «хитухарг хилла хин бухара, йовхоно кхехкийна «хи», пеша («таннур» - пеш) чуьра стиглане хьалатохар доьзна ду, хин бухахь тIепинг самаялча нислочуьнца. И тайпа бахьана хила таралург ю, «Индин Iапказан» (океан) чоьхьара, йистехьара хIорд ларалуш болчу, «Аравин хIордан» кIоргенехь йолу чоргIе. И чоргIе ятIча, хIорд кхехкош, лаьттан, стигаланан уггаре а лакхене хи (догIа) хьалакхуссуш бен, кхин хила таралуш боцуш боккха, Iаламан инзаре хIилам хира бу цунах. Месопотаман бохаман дазо (хидестар) дуьстича, «Миносан зуьрет» дохош хиллачу «Санторин» олу тIепинго кхоьллиначу бохамца, иттаззашаха ала мегара долуш доккха зе дина адамна хьалхарачо.
            «Фера» олу жима гIайре тIехь самаяллачу цу тIеплинго (вулкан), Iаламат чIогIа мохк а бегош, айъанчу хIордан тулгIено, лулахь лаьттачу Крита тIера дахар хадош и кхиаме хилла зуьрет а хIаллакдина. Талламан тешаллаша дийцарехь, и тIепинг Iуьллуш хилла, Крит гIайренна 120 км неврехьа, «Дуьненанюккъерачу хIорд» чохь. И тIепинг самаялла хан лоруш ю 3370±100 шо хьалха, хетарехь долчу, ширачу оьмаран 1400 шарна гергахь (1470/50-гIа ш.оь.шш). Вайна хаьа, цу тайпана йолчу тIепанган Iеттаро, 50 чакхарма лекха стигла чан (гIазкх. маьIна, пепель) ойъила, латта тIехь бода хIоттош. Цуьнан дIасхьаяржар доьзна ду, лакхешкара мох хьекхаран агIонга а, чехкалле хьаьжжина а. Цу «Санторинан» чан цхьа эзар чакхарма гена дIасхьаяржар билгалдина талламо, и чан кхачох Африкан, Жимачу Азин, Балканан ахгIаренан бердашка. И тIепинг, хIорд кхин кIорга бу ала томехь боцчу меттехь, хичохь хилла. Лаьтта бухара лаьлла кийра бостуш Iеттон талу, дуьне кхолийна айъаелла чан, садукъдо газаш, кхехкачу хих ийча, инзаре ирча сурт кхоллалура ду цу хIорда чохь. Ястина цIера тIехь, кхехкаш тIехъIена яй санна сурт хIоттош хиларна, партугалин маттахь, «кальдера» олу и тайпа меттигах, яйн цIарца.
            Кхузаманчохь и «кальдераш» еа тобане йоькъуш ю: 1) эккхарца; 2) чуэгаро кхоьллинарш; 3) эккхар а, чуэгар а ийна дерш; 4) эрозино кхоьллинарш.
            Ткъа Месопотамехь бохам бинарг хетарехь хилла, кIезгачу барамехь, и тайпа 30 «Санторин» барам болуш. И яттIа чоргIе йоккха хиларал совнаха, хин кIоргехь а хиллачух тера ю. Деза Тептарша хьехош долу, хидестар (потоп) ду иза. «Аравин хIорда» чохь «Инд» хи цу чудужучу кIоштахь, цIен кхосабергаца аса билгалйиначу меттехь, кхолладелла хила тарало и хидестаран бахьана. Иза ю, сан хьесапехь «Эриду» гIалана, 1400-1500 км геналлехь (хьажа № 4 йолчу кепе).
            Бакъду, аят КъурIана тIехь ма-хиллара вайнехан матте гочдича, Дала бохург хIара ду: «Оха цуьнан дагчухьийхира: «ХIордкема де ахь Тхан бIаьра хьалха /Тхан Iуьналлийца/, Тхан дегхьехамца. Ткъа /уьш хIаллакбарца/ Тхан омру деана пеш /хих/ тIехъеача, оцу /кеман/ чу /тIе/ даха хIора /дийнатах сте-боьрша/ ши тайпа а, хьан доьзал а, царех шена тIехь /хIаллакварца Делан/ дош хьалхадаьлларг /сецнарг/ воцург. Ахь соьга ма беха шаьш зуламдинарш. Баккъалла а /Оха/ уьш хи бухабохуьйтур /болш/ бу» (23-гIа Сурат Альмуъминуна /Муъманах/, 27-гIа аят).
            «Дерригдуьненчохь хидестар хилла дац» бохург бакъ хилар чIагIдеш, иштта, дукха тешаллаш ду дуьненна девзуш. И хидестар хиллачул тIаьхьа, мел дукха а бIешо далале цу хино хIаллакдина дахар юха меттахIоттадо Кавказан, Загроссан лаьмнашкара, тIаьхьо, «Шумар» (Шу-Мара, гIазкхашха - «Межа маров»; Сан-Аре, Санаар, гIазкхашха - «угол долины») эра долчу махка, охьадаьллачу адамо.
            Инжило а, кхечу тешаллаша дуьйцу туьйранах вай тешаш делахь, Нухьан къовллег тIехь хилла йиъ зуда, Нухь, цуьнан кхо кIант а, иштта 80/86 «кIелхьарабаьхначарех пайхамарш» а. Хидистиначул тIаьхьа беъначу бIешаран муьрехь, вай царех цхьаа ца волийту. Вай иштта магадо, цу тIера зударша хIора шарахь шишша бер дар а – боьрша, сте. Цара биначу йоIарша а, шайн кхойтта шо кхаьчча, нанош санна шишша бер до бIешаре кхочуш цу доьзалан оьмар. Вай иштта ца хуьлийту зударшна божарин къоьлла. БIешарахь, и доьзал стаммалура бу 2432 стаге кхочуш. Царна тIетоха, ницкъаллехь болу дуьхьарлера 91 боьрша а. Уьш массо а хира ву 2523 адам. Цу адаме кхоллалура юьй цхьана бIешарахь ткъайха гIала-гIап Евфрат-Тигр атагIашкахь? Хин таIзарх кIелхьарадаьллачу цу кIезгачу адаме, юхаметта хIоттаяла-м мега, масех гIала.
            И адам, шайна даа рицкъ лаха дезаш ду, бераш кхио дезаш бу, зударийн пхьоралла цхьана юкъана лардан дезаш а бу, кхин дерш ца дийцича а. Важа дерг, цахилладолчун ойланаш (утопи) ю.

           8-гIа жамI: «Дерригдуьненчохь хидестар хилла дац. И хидестар а, «локальни» (меттигера) агIо йолуш хилла» (масала, 70 агIо тIера 5-гIа таблицано, беса басарца гойту зил). Дуьненчуьра доллу адам а хIаллакьхилла дац, цхьа нухьалан халкъ а, царна текъам-дин марздина, Африкера, «хIордахойн зуьрет» а бен доцург. Иштта, хIаллак хиллачарех хила тарало, «Индин ахгIайре» тIера адам а.
Сан хьесапехь, и хидестар хилла, 3100-3000 ш.оь. (± 50-100 шо) шерашна гергахь.

 
@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@@

Нохь-пайхамаран оьмарера, «хIорд бестарца» (гIазкх., «потоп») йоьзна сан хьесапан верси.

«Со тешна ву, «Дерригдуьненан истори» олу Iилмано, гIазкхащха «потоп» олу хаттар, дуьххьара дуьйна, леррина кхоьллинчу «аьш-паш» тIетовжийна хиларх, юьтуш леррина меттиг кхечу версешна а, хетаршна а». С. Асламбеков
           
            Со кхоччуш кхетча, ткъа со кхетта шовзткъе итт шо сан дуьзча, «Дуьненан историн» кIадий дуьйцина хилар аьшпех а, хетарехь а долчу хIуманех, тIех тидаме ца оьцуш архиологин а, Iаламан а, географин а, иштта кхин тайпа тешаллаш. Аса сацам бира, ма-хуьллу цIена тешаллаш луьттуш, «хидестарца» (гIазкх., «потоп») доьзначу хенан хьосте кхача. Вуьшта аьлча, Нохь-пайхамар ваьхначу муьре кховда сан лаам ирбинарг дара, хетарехь долу, дуьххьара хилла зайл-йоза (косаберган йоза - кхийра тешаллаш). Сан дешархо, ас хьуна хьалха хиттора ду, массарна девзу хаттарш а, лура ду, цхьаа шеко хила йиш йоцу жоьпаш а.
            Динехь болучарна (жуьгтийн, Буддан,керистан, бусулбан, ишт.кх. а) а, боцучу делазхошна а, динца доьзна гундарна (гундар /неол./, /ду/ – мировоззрение) хало а ца еш, чолхе йоцчу философин ойланца цхьалхе хаттарш а деш, цхьалхе жоьпаш дала хьовсура ду вай, шайца ойланан некъ (логика) а болуш. 
            Аса гуладина, цхьана хенахь сайга тийлина хаттарш а, айса, хетарехь царна делла жоьпаш а. ХIинца, хьуна тIехь ду-кх сан дешархо со бакъвар а, харц вар а, иштта хьайн нийса хета жамI дар а.
- Дуй, дуьненан шар /гIалар/?
            - Ду. Вай цу тIехь дехаш а ду.
- Дуй цу шаран (латта) адмах а, цуьнан хьекъалх а, лаамах а доьзна доцу, амма, цхьана законе хьаьжжина хилар?
            - Ду, масала магнетизм, хIорд тIебалар (прилив) а, чубожар (отлив) а, шеран тайп-тайпана заманаш, латта (мохк) дегор, дайх диснарг (наследственность), иштта цу могIара дерш а.
- Дийна дуьне (Iалам), йа синойн дех диснарг (наследственность) вай хьехош делахь, хIета ду-кх, дийна йоцчу хIуманин дуьне а?
            - «Иштта ду» аьлла, со тешна ву.
- Иштта делахь, кхето дезий иза дийна а, дийна доцу дуьне а Iаткъам болуш хилар, вайх доьзна доцу законин, уьш хилар а цу законашца дехаш? Диц ма-делахь, со вац хьоьга хоьттуш: «ХIара дуьне а, и законаш а Хьа кхоьллина?» бохург.
            - Бакъду. Иштта да а ду иза!
- Мила ву кху шар тIехь, дийна дуьненна Iаткъам бийриг (доминировать)?
            - Адмаш.
- Дийна дуьненахь мила, йа хIу ю уггаре хьекъале а, кхетаме а?
            - Адам.
- Дуй, кхин тайпа хьекъал, хIара доллу хIума кхолла томехьа?
            - Адамин доккхаха долчу декъо къобалдо, хIара хьан бIаьргана гург а, ца гург а кхоьллинарг «Сийлахьа-Везаниг» хилар, вуьшта аьлча Дела. Ткъа жимаха долчу адаман декъо лору хIара дерриг а шашах кхолладалар кегарех, гIуртах (хаос).
- Мила ву бакъ?
            - Къастор, хьоьгахь дуьту аса сан дешархо.
- Хьо реза вуй, уггаре а лакхарчу тIегIанехь лаьттарг адам хилар?
            - Ву!
- Уггаре а лакхарчу тIегIанехь лаьттарг адам делахь, цо а, лахара тIегIанера дийна сино санна, шен дахар цхьана муьрера долийна-кх, цхьа бахьана кхолладелла, йа цхьаннан лаамца. Нийса дуй иза?
            - …?
- Иза, адам дебаш дуй?
            - Ду.
- Иза, дIасхьакхалхар долуш дуй?
            - Ду, цхьаа шеко йоцуш.
- Буй кхин тайпа ницкъ адаман лаамах, йа адамех боьзна боцуш?
            - Бу! И тайпа ницкъ хаало цкъацца.
- Дийна доцчу дуьненан хIума хийцалуш дуй?
            - Ду, шеца долчу законашка хьаьжжина а, иштта арахьара хуьлачу Iаткъамца а.
- Хьа кхоьллина адам?
            - Адамин доккхаха долу дакъа тешна ду, и адам кхоьллинарг Сийлахьа-Воккханиг хиларх. Иштта, адамин жимачу декъо лору и адам кхолладалар маймалех тера долчу дийна синойх нисделла (Дарвинан туьйра). Иштта бу: «адам кхолладалар нисделла, кхечу дуьненаш тIехь» бохурш а.
- Вай къобалдой, кхузаманан дуьненан (континенташ) цхьана хенахь цхьана дозуш, цхьаъ латта, йа цхьа экъа хилла хилар?
            - До. Аятан могIанашкахь тераниг хиларна а, «теллина Iилмано» (наука) и бакъдеш хиларна а.
- Вайна девзу, кхузаманан «теллина Iилма» (наука) хьа кхоьллина?
            - Адамо!
- И адам гIалатдала таралуш дуй, и мел чIогIа хьекъале делахь а, цхьана хIуманан теш хиллехь а?
            - «Къегаш дерг, массо а дац дашо» олуш ду вайн. Хьуна хезнарг а, хила тарало бакъдоцург. Дерриг хаалург а, дегIана девзург а, бух бац бакъдолучуьнан. Амма вайна гуш делахь, хезаш делахь, дегIана хаалуш а, девзуш а делахь, цул совнвха, вайн дегахьехамо нийса хилар къобалдеш а делахь, иза, майрра лара мегара ду бакъдерг. Делахь а, шекона тIера дIаволало.
- ХIун башхалла ю шина кхетамна юкъахь: цхьаъ – гIазкхашха аьлча, «знания» (нах.м.: хаар, кхетам, Iилма); шолгIаниг – «наука» (нах.м.: Iилма)? Чулацам цхьаъ бац, цу шина кхетаман?
            - Суна цхьаа, боьлле дац цу шина кхетамна юкъахь. Делахь а и шолгIаниг дукхаха тера хета суна, цхьана кастан титулх, къобалйина Iедалан элито. Иза иштта делахь, «знани» хьалхара ю, «наука» шолгIа тIегIанера ю и цIе кхоллаяларца. Хан тIекхаьчна моьтту суна, нахч/нохчийн лугIаташна ревизи йан. Аса, керла кхетам юкъабоккху, «наука» дош нах-матте дерзош. Масала, сан кхетамехь «наука» «теллина Iилма» ду.
- Нагахь санна вай къобалдеш делахь, цхьа экъа хилла дуьненан латта декъаделла хилар, вай къобалдой цу латта тIехь дIасхьадевлла даьхна адамаш а декъаделла хилар?
            - До, кхин дуьйцила а йоцуш.
- Хетий хьуна, дуьненан хьалхара дахар, адамна хало йолуш хилла хиларх?
            - Хета. Адамин хьалхара, шира дахар, хало лан езаш хила, тарадаларна.
- ХIунда хилла и дахар, цу шираллехь хала? Суна хетарехь, даима, адам дийна диса къахьега дезаш хиларна, цу шираллин акха Iаламна хьалха. Хьо резавуй сан жоьпана?
            - Ву, цхьана юкъана.
- Ахь дицмаделахь, вайшиммо барт бина хилар, тIетийжара дац аьлла динца доьзна гундарна (гундар /неол./, /ду/ – мировоззрение) а, философин ойлана а?
            - Дика ду, со реза ву.
- Цу акха Iаламна хьалха, шена тIе хало хIоьттича, хIун деш хилла адамо, аттачу шен дахар даккха?
            - Суна хетарехь хьекъалца, юкъара къинхьегамца болх беш хилла.
- Мичхьа хилла атта цу халонна, кхерамна дуьхьало йан а, дийна виса а цу шира, акха дуьненахь? Суна моттарехь: йаа хIума лаха атта долучохь; цхьана кхалона кIела корта бахьа меттиг йолучохь; шен дахаран кхерамазалла ларо атто болчохь. Реза вуй хьо, сан хаттаршна а, жоьпашна а?
            - Ву.
- Ткъа буй цу шира, акха Iаламехь гIолехьа меттиг лаьмнаш доцург? Лаьмнаша, хьан дукхаха долу хьашташ кхочушдан аьтто бо?
            - Бац! Цигахь ду даар – тайп-тайпана ораматаш, дийнаташ – кегийра, кIезга йолчу тобанашна, даккхийра – онда тобанашна. Цигахь ду теза хиш-шовданаш. Цигахь бу корта хьулбан аьттонаш – хьехаш, Iаннаш, тIеохкаделла аьшнаш, терхеш. Ахьа дIахIоттабе тIехь шаддарчий долу гIуркх, тIевала лекхачу тархана, цхьаа ча, йа нал хьуна тIекхочура йац. Цу тIера, хьуо ларо атта хира ду, даар лаха а ду атта. Иштта, айхьа цхьаммо таллар дан а тарало.
- Адамо, йа доьзало маца буьту шен лаамехь, ша доьлла меттиг? Аса, жоп лура ду хьуна хьалхара: доьзал дебна иза шорбелча. Шорбелла доьзалш, тIаьххьаре а къеста болало, цуьнан декъашхой генабовлуш дайн кхерчана. Делахь а, доккханиг кхочушдан, хьалха санна, уьш ханна вовшахабеттало юкъара гIуллакхна. Даар, вуьшта аьлча «рицкъ» а гуладо цхьаьна, йа къаьстина бечу балхаца, кхуллуш къинхьегаман гIирсаш, ортхалаш, хьехамца доьзна хIума дагадоийтуш сурсат совдаха ишттачу некъашца – талларца, ораматаш лахьорца, латталелорца, дийнат караIаморца. Нийса лоьй со?
            - Сан ойлано, хьо бакъ во.
- Дааран тIаьхьалонаш къиййала йоьлча, хенан хIоттам дерригдуьнентIехь хийцадала доладелча, арахьара кхерам совбала боьлча, адамо хIун до? Цо лоху кIелхьаравала меттиг. Бакъдуй иза?
            - ХIаъ.
- Латта къийдала доьлча, хьаннаш нилхйала йоьлча, хенан хIоттам аьтто беш ца хилча Iаламан, йа йижаначара тIепинг (вулкан) самайаьлча, хIун до адамо?
            - Лоху цхьаьна, керла дехийла кхолла меттиг.
- Ткъа, хьогIе а, ницкъаллехь а волу хийраниг билгалваьлча цуьнан мостагIалла совдала доьлча, хIун до адамо?
            - Адамо лоху, цунах ларвала томехьа болу некъ. И некъ ца карийча, йа ницкъ ца кхаьчча, ишттачу хьолехь цо меттиг хуьйцу.
- И тIелетта хийраниг бале ваьлча, хIун до адамо?
            - Цкъа хьалха, шен кхерч ларабан гIурту иза дуьхьало еш. Ницкъ ца тоьъча, юха а волий, керла кхерч кхуллу цо, ларо аьтто болчу меттехь. Нагахь санна иза лолле кхаьчнехь, даима, маршоне гIерта иза.
- Хийра-Iазапчо (гIазкх., «чужак-поработитель») хIун некъ бо, ца воьш ша витна и автохтон, ницкъалгIа, шен лаамна буха вало?
            - Iазапхочунна, цу автохтонах болу пайда го. Цундела цо, когашна буржалш а, куьйгашна гIоьмаш а тухий, дIадоккху цуьнгара шех бIоболар, стогалла, хуьлийтуш, йа беш цунах, шен лаамехь боцу къинхьегаман ницкъ, вуьшта аьлча лай. Иза тарало оханна бужучу стух, къепалан дийнатах, тIехуу говрах, цунах хуьлу хайр кхуллург – куьпчи, дечиг, йа эчиг-пхьар, тIулга-пхьар, кIадидархо, гIишлошйархо, ишт.кх.дIа а.
- ДIакъасталун доцу адаман дух-ам дац те, цуьнан и дералла, мостагIалла и адам дуьненчу а далале чудиллина?
            - Дац! Иза, тIеэцнарг ду, чудиллинарг дац аьлла хета суна.
- Хиллий ткъа адам, дуьххьара дуьйна ша санна долчу адамца, дералла йолуш? Аса лору, и тайпа амал йолуш адам хилла хилар. Масалина вайн дало йиш ю, Инжило буьйцу, Адаман кIентийн дахарш (Авель /Абел, А вел; «Иза велла»), иштта Каин а (Къа-бина, Къабел; Къа-белла, «Къа дина»).
            - Делахь а со тешна ву, хьалхарачу дахарехь хилла ца хилар дералла, мостагIалла. Делахь а, аса могийтуш ду сутараллин, кураллин зIыйдигаш цхьацца болучеран хилар, инстинкто кхоьллина бух болуш. И инстинкт (дегахьехам) а хуьлу, адам, йа дийнат дуьненчу а далале кхоллаелла а, иштта тIеэцна а.
Масала, беро ненан накха лоху, иза иштта ларало, цкъа ша дагийначу цIеран алунах, цунна хазахетахь а хьежа, алуно кхерстадечу меттанашка.
- Хьаххийнчуьра, хиллий ткъа адам сутара?
            - Суна хета, хиллачух тера. Доцуш, йа тоъалла доцуш даар, хи нисделча, адаман карзахйолу сутараллин элементаш, муьлххачу акха дуьненан дийнатан санна. Эзар шаррин, бIешаррин дохаллехь баккхийра а, кегийра а доьзалаш цхьана шунехь бежаш хилла. Кхетамза а, гайшигалла а долу, шуьнехь цхьаьна Iаш долчу беро, доккхаха долу дакъа шена дита хьовсу. И бахьана долуш, девне а долу и бераш. Адамаш, цхьатера ма-даций шайн амалшца. Йоккхачу юкъараллин дахарехь а, суна хетарехь, цу тайпана хьал а кхоллало. Цхьаболучарна тоам хуьлу кIезгачух, кхин берш (сутара), «Iаьржачу денна» олий, тIаьхьало йан гIурту. Суна хетарехь, дуьненчохь хилла йац юкъаралла и кхачамбацарш доцуш.
- Дуьненна тIехь хилли техьа цхьа прамотт, йа хилла иза дукха варианташ йолуш (меттанаш)?
            - Аса лору, адаман агана гергарчу хенахь, цхьаъ, юкъара мотт хилла хилар. Амма иза, хенан йохаллехь бекъабелла континентан, локальни варианташка. Хьетарехь, адаман тобанаш дIасхьайовларца и прамотт а талха болабелла (керла дешнаш юкъадовларца), шех хуьлуш тайп-тайпана, уьш кхаьчначу меттигашка хьаьжжина аларш. Дуьххьара, макрометтанаш дукха ца хилла: кавказо-азиатан (Кавказо-Загросс), африо-симитин (йоллу Африка), индоевропейцин (Европа, Азин дакъа), монгол-китай-австалийн («Тийна Iапказан» майда, йа Индокитай), иштта Америка континентан меттанаш. Вайна, хьашто йолуш бу, царех кхо мотт (кIела сиз хьаькхнарш). Уьш, кхоччуш кхоллабелла, «Неолитан революци» хуьлачу муьрна гергахь, вуьшта аьлча, 10-12 эзар шераш хьалха. Цу хаттаран хьалхарачу декъана цхьаммо а лура дац дацаре жоп, бакъду, шолгIачу декъехь хила таралуш ю дискусси. ХIунда? Динан догмаш (хийцадала йиш йоцуш тIеэцна бакъдерг), хIинца а чIогIа ю адаман кхетамехь (цхьана агIора, и дика а ду).
- Цундела аса хоьтту: маца, мичхьа гучаваьлла хьалхараадам – Адам?
            - Суна хаьа, цхьа маьIна долу жоп хира доцийла. Делахь а со тешна ву, Адам Африкехь кхоьллина, йа кхоллавелла ца хиларх, вайна и ойла чуйолла гIерта, «керла дуьнекхолла» леринчу инженерашна ма-лаъарра. Тахана вай дийца йиш йолуш ду, Дманиси (Гуьржеха) уллерачу, шира дехийлахь карийначу дIаьIахкех адамин оьмар, 1,8 млн шо долуш ю ала. ХIета, прамотт а хила беза, изза хан йолуш цкъачунна.
- Муха хила деза вай, цхьадолчу динан догмашца? Масала, Адаман хан билгалйина ю, пхи эзар шо сов хан йолуш. Ткъа «хьекъале долчу адаман» оьмар (Хамо сапиенс) лоруш ю, 160 эзар шо хан. Адам, 155 эзар шо тIаьхьа кхоллавелла/кхоьллина хилча, хуьлий и Адам цу адамин да?
            - Мичхьа бу ойланан некъ (логика)? Да ма ду хIуманин тешаллаш (ширачеран туьтнаш, дIаьIахкаш) цунна дуьхьала дерг бакъдеш: «Азыхан хьех», «Дманиси» кIошта, иштта цу тайпана дерш а. Цу карийначу тешаллин хан тIера ах дIаяккхича а, Адаман, йа адамин оьмар майрра 900 эзар, йа цхьана миллион шаре, ширалле дIайига йиш йолуш ма ду.
- Муха хила деза ткъа, адамах тера долчу доисторин синошца?
            - Ткъа негроидан расан адамаш, шайн туьтанашца, йа кхин тайпа хIуманан коьрта билгалонаш гойту йоккхалла тIех къаьсташ ю «Банабо» олучу приматалла? «Банабо» - уггаре а адамна гергахь долу кхузаманан дийнатех дийнат ду. Цо, адамца цхьаннах догIу леларан амалш гойту, шампанзе олучу маймалочул гIолехьа. И бахьана долуш, цхьаболчу Iилманчаша тIедожадо генеологин дитт (гIазкх., «генеалогическое древо») хийцар. Цул совнаха, «бонабон» генин гулам цхьанабогIуш бу адаман генашца 98%. Банабон цIий а, цIандаза, адамна дотта мегаш хилар а къобалдо Iилманчаша. Ткъа шимпанзен цIий мегаш дац, антителах иза цIандичи бен.
            Iилманчин дуьнено, кху дуьненан адам доькъу кхаа доккха расе: кавказ-загроссан, азиато-европан, африканан а. Ткъа аса, уьш доькъара дара деа расе, тIетухуш царна шираамериканан раса. ХIинца, и доккха кхо раса (кавказ-загроссан, азиато-европан, африканан) юкъадалош ду кхузаманан хьекъале долчу адамна (Хамо сапиенс). «Теллина Iилма» (гIазкх., «наука»), тахана, хаддам болуш алалуш дац бу-бац монголоидаш, негроидаш аматхийцаделла кроманьонцаш, йа уьш бу биологин, эволюцин прцессо кхоьллина меттигера тайпанин архантропаш (тIехшираисторин адам). Цкъацца, ойла кхоллало: «Адам-ам ца вина техьа и тайпа материалах?» олий.
- Дика ду, хуьйцур вай чурхе. Хьан хьесапехь, маца юкъадевлла адамин законаш? Аса дуьйцарш ду хьуна, яздина доцу низамаш.
            - Цхьаболучара лору – паччахьаллин элементаш юкъаевлича. Кхечара, юкъараллин дIахIоттам билгалбаьлча, йа хьалхара зуьреташ кхолладелча. Ткъа аса лору, адаман хьекъална, иштта формула евзича: «Да-Нана-Доьзал». Цуьнан этногенез кхиана, доьзалан гура чохь мегна бакъонашца, тIехьажаме хиллачу дIахIоттамца. Цул тIаьхьа, билгалдаьлла хийцалун доцу тайпанан ламасташ. Цу ламасташна гонахьа кхоллаелла, массара тIеэцна йоллу, юкъараллин бакъонаш.
- Маца а, мичхьа а кхолладелла хьалхара зуьрет?
            - Месопотамехь. «Доккха хидестар» (потоп) хилале хьалха. Кхузаманан историкаша, цхьанни лобби хилла лелачу Iилманчаша и зама лору, хидестар хиллачул тIаьхьа. Месопотамехь, хидестар хилале а, шайн йоза долуш даьхна цигара автохтонан адам. Йоза, хьалхарачарех йоккху гIулч ю, муьлхачу зуьретан.
- Хиллий ткъа, «Дерригдуьненахь хидестар» (гIазкх., «Всемирный потоп»)? Тоьура дарий латта тIера хи а, хIаваан Iаьнар а, доллу латта хица къайладаккха? Мелла лекха, айъадала деза и хи латта тIехула?
            - Ца хилла! И санна дерг, хила йиш йоцург ду физикан, логикан Лаьттан законашца, Маьлхан йоллу къепехь а. Со тешара вара, Латта, дакъадала йиш йолуш ду бохачух.
- Муьлш бу, Месопотамин бакъ болу автохтонаш?
            - Кавказ-Загроссан къепехь кхиана раса! Вуьшта аьлча, аренан халкъ шех кхолладелла Нухьан халкъ а, Эл-Ламан (ист., эламаш) ламарой а. И шеа халкъ, шен хьостехь ламарой хилла. Цул совнаха, генеологин диттаца царех бу: «халафаш», «прасийри», «хурри», «ари», «шумарш», «хатташ», иштта цу шираллехь царех хилла кхин берш а (гутти, луллаба, касса, манна, шубарт, ишт.кх.б.). Уьш, цхьазаманхой а, гергара а бу классически нухьитин а, элламхойн а. Царех дукхаха болучарна девзина дац хидестарца хилла зе, хила таралахь а, и Iаткъам царех хьакхабелла.
- Цкъачунна, хеттаршна жоьпаш ло ловзар сацор ду вай. Суна моттарехь хаттарш а, жоьпаш а, иштта шун жамIаш а дара аьлла хета суна экара а, кхоорца ойла самсайоккхуш а. ХIинца, хьо кийча ву аьлла хета суна, идеологин чкъоьргаш а ца кегош, кхиндолу бакъдерш тIеэца.
 
Просмотров: 1563 | Добавил: erzu | Теги: С ДРЕВНОСТИ ПО НАСТОЯЩЕЕ… - -ГIА КИ | Рейтинг: 5.0/7
Всего комментариев: 0
avatar
Музыка
Календарь
«  Май 2018  »
ПнВтСрЧтПтСбВс
 123456
78910111213
14151617181920
21222324252627
28293031
Назам
Адин,Сурхон илли